Зазадоккху-беттан 8-чохь мел хала ду Оьрсийчохь балкхархо а хилла яха?
Хьалхо, хууш ма-хиллара, оццу репрессешна буха а кхачийна, божарша даздечу Чиллан-беттан 23-чохь Советан Iедало дохийна кхин ши къам а – нохчий, гIалгIай. Къилбаседа Кавказан сервисо дуккхаза а гIиттийна, цхьаболучарна тезетан хьелаш а лаьтташ, Оьрсийчохь дезаденош дIакхехьарх лаьцна тема.
Амма пачхьалкхахь мел дехачу къаьмнех цхьа халкъ дан гIертачу Оьрсийчоьнан Iедало пусар ца до оцу башхаллин. Делахь а цхьаболу юкъархой къера бу, пачхьалкх а хила езийла, оцу деношкахь бала хьегначу къаьмнашца цхьаьна.
Журналистна Кеворкова Надеждина хетарехь, депортаци лайначу къаьмнаша са а ца туьйсу, шайх Оьрсийчоь кхетаре – цуьнан бахархой боьлла, лаккхара охьахьийсадо омранаш кхочушдан.
Депортацин тема а ю къевлина яьлла
«Оьрсийчоьнан бахархой бац цхьаьнцца а. Хьакамаша аьллаче дIабоьлхура уьш, ницкъаша бахийтора демонстрацешка а. Депортаци лайна къаьмнаш хьаьгна а дац, суна хетарехь, шайх кхечара къинхетам барх. ХIун долу царна цунах? Компенсацеш царна кепекашца йина.
Балкхарошна шайн латтанаш юха а ца дерзийна. Репрессеш лайначарех цхьанненна а ма ца делла цхьа а хIума юха. Ша депортацин тема а ю къевлина яьлла», - элира Кеворковас.
Европерчу кегийн къаьмнийн юкъарлонан вице-президент, Оьрсийчуьрчу германхойх йолу Мартенс Ольга тешна ю, махкахдаьккхинчу къоман векална хила ма-доггIу ду тахана балкхарошца цхьаьна хилар.
Тезетца ийна дезде
Амма цкъачунна балкхарошна, къаьсттина церан зударшна, Зазадоккху-беттан 8-гIа – иза бIаьргаш хих бузу де ду, ца хуьлу цаьргахь Толаман Дийнахь, масала, хуьлу ойла.
ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Iилманчас Биттирова Тамарас шегахь шина тайпа ойла хуьлу боху.
Балкхаройн зудчунна даздаршка яла новкъарло йо дахначун мохь къоман букътIера боссанза хиларо
«70 шо даьлла, амма эс деха халкъаца. Тхан баккхийчара лайнарг оха дицдойла дац, цхьа а доьзал бац мацаллах я шелонах доьзалехь стаг валанза», - боху цо.
Биттировас боху, зударшна лаьа шайга божарийн терго хуьлийла, «амма балкхаройн зудчунна даздаршка яла новкъарло йо дахначун мохь къоман букътIера боссанза хиларо».
Махкахь бартхилар гойтуш а элира Биттировас. Ша болхбечу институтехь Зударийн де тIехIоьттича, оцу дезачу дийнал хьалха коллегаша хьахориг, балкхарой махкахбахар хуьлу, элира цо.
«Халахеташ делахь а, хила торуш а доцург хилла ГIебарта-Балкхаройчохь – стохка махкарчу хIирийн юьртахь хIоллам хIоттийна Сталинна. Стенна? Мухха а делахь а, оцу юьрто тахана, массо а махкахдаьхначу къаьмнийн а чалтачехьа ша хилар гайтина», - элира Биттировас.
Цунна хетарехь, балкхарой хенан йохалла а гIерта беза дикане, теша беза дикачух.