ТΙедогΙучу шеран Ιаьнан Олимпан ловзаршна, кхеташ ду, йоккха компромат ю дуьненан спортан барамаш шен аренашкахь тΙеоьцун йолу ерриг а Къилбаседа Кавказ. Шен Краснодар-махкан бен яц Олимпиадана кхерамзалла хилийта гарантеш. Ткъа иза а тΙех кура къамел нисло, дехьа-сехьара ловзарийн баннашка боьду ломан некъаш мел кхераме бу хΙинца а, ойла йича.
Къилбаседа Кавказ юьззина олалле ялор – иза цкъачунна хаза гΙан бен дацахь а, хΙинцале а гуш ю Кремло цу тΙе йоху гΙулчаш. Хьалхо хийцина Дагестанан куьйгалхо – Магомедов Мохьмадсаламан метта хΙоттийна Абдулатипов Рамазан. Бакъду керланиг хΙинца а чΙагΙванза ву даржехь, цунах цкъачунна ханна хΙоттийнарг бен а ца олу. Дукха а политикан тергамхойн шеко а ю иза даржехь вуьсур ву бохучух.
Стенна? Кремлан Кълбаседа Кавказера политика шерашкахь зуьйчунна го Путин Владимиран кредо ю уггаре а хьалха кавказхой ницкъаша, тоьхна, кхерийна муьтΙахь бан. Цхьана агΙонна иза мелла а далуш схьадахьаш хΙума а ду. Амма дац дуьззина чекхдолуш.
2014-чу шеран Ιаьнан Олимпиада тΙекхачале хуьйцур болучех лору политологаша ГΙалгΙайчоьнан а, ГΙебарта-Балкхаройчоьнан а куьйгалхой – Евкуров Юнус-Беккий, Каноков Арсенний. Царна бехке до уьш гΙаттамхошца-радикалисташца тΙех буьйда хилар, бехке до Нохчийчохь Кадыров Рамзан а санна, шаьш а герз карахь дуьхьалончий байъа лаьмнийн чΙажашка лелаш ца хилар.
Хинболчу хийцамийн прогноз иштта йо Москохарчу политикан талламийн Карнегин цΙарахчу центран куьйгалхойх волчу Петров Николайна.
Петров: «Олимпан ловзарш тΙекхочуш Кремлана тΙоьхула дΙа хилла а, паргΙато хуьлийла лаьа Кавказехь, тΙаьххьарчу шерашкахь лагΙъелла а йоцу терроран проблема а йижош йижаяллачул. Кхетош хила деза, Кремло регионехь паргΙато а ю, халкъаш реза а ду аьлла гайта лууш, мехах оьцуш ю и цигара паргΙато. Мах ло йолуш йолчу политикан а, къоман а элиташна. И тактика ойла йина хаьржина а хила тарло, амма цо дов эккхарна кхерам а бохьу – меттигерчу политикан элиташний, бухара башхаллаш а ца евзаш юьстахара цига дΙажечочу ницкъахошний юкъахь».
И ши куьйгалхо хийца тарло Кремло оцу бахьанийца, ткъа берраш а куьйгалхой хуьйцу хан яц оццу Олимпиадаца доьзна – хьашт дац Кремлана рогΙера кегари эккхийта, аьлла хета Карнегин центрерчу Петров Николайна.
Цунна хетарехь, Евкуров, Каноков я кхечу мехкийн куьйгалхой хийцича а хуьйцур вац Путина Нохчийчоьнан куьйгалхо, боху цо. Иштта ю цуьнан аргументаш а.
Петров: «Кадыров Рамзанах дерг аьлча, Оьрсийчохь вайн беккъа шайх хьаькамех йозуш ши режим ю. Цхьаъ –Путинаниг, шолгΙаниг - Кадыровниг. Кадыров хийцар Кремлан карахь а дац. Цундела и хΙума хьехош а дац. Кадыров шатайпа гарант ву Нохчийчуьра хилла а ца Ιаш, ерриг а Къилбаседа Кавказера хьал олаллехь латтон некъ луш. Цундела Кремлна Ιовдалчу гΙан-набаршкахь а гойла дац Кадыров нийсонца я кхечу бахьанийца хуьйцуш».
Газеташа, телевизионаша Кавказан хьаькамаш хийца болорах лаьцна иккхина гΙара яьржаш бен а яц. Амма гуш ду хьаькамаш хуьйцу аьлла хаам бинарш, оццу хьостанаша чΙагΙдарехь, ницкъаллин урхаллийн дай хилар. Меттигера мехкийн даййий, тΙебаьхкина Оьрсийчуьра эскархоййий вовшашца гамлуш дуккха а нисло Кавказехь, эскархоша халкъана тΙехь кест-кеста эрадоккхуш хиларна. Ткъа оцу къовсамехь тоьллачух тера ду ницкъахой. Хазачу дашал йоккха тоьпан гΙара тешаме накъост Кремолана хетар-м дац дуьххьара а.