ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Итт дийнахь ткъа сов стаг вийна тIематасадаларшкахь


ГIалгIайчоь -- рогIехь террорна дуьхьал операци дIахьош тIемало вийначу меттехь, 25Тов2009.
ГIалгIайчоь -- рогIехь террорна дуьхьал операци дIахьош тIемало вийначу меттехь, 25Тов2009.

Оханан бутт болабелча дуьйна схьа, хIокху дийне кхаччалц? регионехь цхьацца тIематасадаларшкахь а, низамхоша дIахьочу операцешкахь а зе хилла 28 стагна. Царех 22 вийна, ялх цхьацца чевнаш а хилла лазийна. Байинчарна юккъахь, Iедало ма-баххара, 18 тIемало хилар шеконе дуьллу нах а бу.


Оцу терахьца ву масех де хьалха Несар-гIалахь низамхоша кIело а йина вийна цхьана машена чохь хилла виъ кIанттий, цхьа зудий. Машен саца а ца еш, цара шайна дуьхьал герз диттина аьлла, цу чуьра нах байинера низамхоша. Жимма хан яьлча, и машен эккхийтинера декъешца цхьаьна, цу чохь дуккха а оьккхург хилла аьлла.

И бохам хиллачу шолгIачу дйинахь дийца долийра, оцу машена чохь байинчарш, Плиево-эвлара маьрша бахархой хилла аьлла. И даредо оцу машена чохь йийначу зудчуьн Вельхиева Зинин кIанта Вельхиев Бекхана. Маршо Радиога цо ишшта дийцира хиллачух лаьцна.

Вельхиев: "Кибарчигийн заводера цIа богIуш хилла нах бу-кх уьш. Балхахь 12 сахьт а даьккхина, шайн цIа богIуш хилла уьш. 57 шо долу сан нана а йийна цу чохь, кегий кIентий а байина цу чохь. Цхьа а бахьана а доцуш байина уьш".

Несарахь пхи стаг а вуьйш, къайлахчу сервисан белхахоша операци дIаяхьначул тIаьхьа ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека, меттигерчу ницкъаллин структурийн мелволу куьйгалхо а гулвина, церан болх емал бира. Нагахь санна цхьана хIуманна бехке ву аьлла хеташ волу стаг, боьлххушехь, ишшта дIа ца лоцу, элира цо.

Евкуров: "ДIалаца боьлхуш белахь, БТРаш а , УРАЛаш а оьций боьлху. Лехаршкахь верг дIалацар цхьа болх бу. Цурах лаьцна телевизион чохь а гойту. Ткъа, маьрша вахархо дIалоцу, цхьана хIуманна юкъахь тусавелла волу. ХIунда лоцуш ву иза, ишттачу ницкъаллийн хьелашца? Цхьа а полисхо а ца вахана цунна тIе, хIора дийнахь иза балха лелаш а ву, цIа оьхуш а ву. Иза болх беш волу меттиг а хууш ю.

Цхьа а полисхо ца вахана цьунан неIарга, цхьа а кехатан чкуьйриг а ца елла, хIара ду, важа ду, аьлла, тIекхойкхуш ву, аьлла. Ма магаде и санна хIуманаш лелор. Сацадайта иза. Машенаш сецон цхьа а бакъо яц церан. Машенийн раьгIнаш хIиттайо цара. Криминал а кхуллу цигахь. Оцу меттигах хьалха волу луург, го а боккхий дIабоьлху, кхиберш цигахь соцу".

Йийначу Вельхиева Зинин кIанта Бекхана, тезет дIа ма дирззинехь, бакъонашларъярхошка, шен нана йийнарш къастош а, царна догIу таIзар деш а тергояр дехна. Шен кхин Iалашо яц хIинцачулла тIаьхьа, элира цо.

Вельхиев: "Суна луург ду, сан нана йийнарш къастор а, уьш чубохкийтар а, цара мел дийцинарг харцдар а, дIакхайкхор а. Кхин цаьргара оьшуш хIума дац-кх тхуна".

Дукха хан ю цхьаболчу тергамхоша, Къилбаседа Кавказехь тIемалойн могIарш бузарна бух латтошъерг ницкъалийн стурктурийн бахьана доцу къизалла ю бохуш чIагIде. Нийсо ца карийча, чIир екха арабовла цхьаберш. Вельхиев Бекхан оцу уггаре а аттачу новкъахула ца воьду. Иза низамаша хьоьхучу бакъонна тIеван гIерта.
XS
SM
MD
LG