ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хе хьош волчун мохь маца хезар бу хьаькамна?


Избербашехь хIордо яьхьначу 4 нохчочух шиъ кароза ю хIинца а

Нохчийчуьра Дагестанерчу Избербаше, Борисовка олучу метте, Таркхойн хIорда тIе лийча бахначу ненах, цуьнан шина йоьIах, шина йоьIайоьIах Жимчу АтагIа, шен цIа юхаяханарг цхьа йоккха стаг Магомадова Асет бен яц. Шийла кхаъ эцна кхаьчна иза юьрта. Цуьнан ши йоI – ПетIамат а, Хьава а, церан 15 а, 17 а шераш долу йоIарий Медни а, Хеда а хе баьхьна.

Кхо де-буьйса ю Дагестанан орцан министраллан белхахоша хIорд толлу. Цкъачунна карийнарг ПетIамат, Хьава ю. Уьш дIабоьхкина. Ткъа цу шиннан ши йоI лохуш арабевлла лела нах, хIордан бердаца дIасахьийзаш бу берийн гергарнаш.

Маршо Радио зIенеелира Гакашев Мохьмадца. ЦIийнаненан тезетехь лаьттийла доцуш, кароза йолу йоI Медни а, хIинцца дIайоьллинчу стунйишин йоI Хеда а лоьху орцанхой ларбеш, хIорда йистонца хьийзаш ву иза кху сахьтехь. Цкъачунна лехамех лаьцна баккха кхаъ бац цуьнан.

Гакашев: «Орцанхой болх беш бу кхузахь. КхоалгIа де ду, карийна бац. Хитоллурш а бу кхузахь, орцанхой, ала хIума доцуш, болх беш бу, Iуьйранна схьабогIий сарралц болх бо. ХIинца а кароза ю-кх и шиъ».

Бохамаша инзарбаьхна кавказхой

Хиллачу кху бохамо хир хадийна хIинццалц и тайпа бохамаш тергалбечу массо а аьлча санна кавказхойн – хIунда аьлча, Таркхойн хIорд юкъара бу, цига воьду, аьхке бурконе йирзича, таро ерг а, хийла йоцург а.

Кхушара нах хIорда тIе дIаэхабоьлчхьана ваьхьна, хIинца и йиъ нохчо йоцург, кхо кIира хьалха кхо дагестанхо. Кху тIаьххьарчу шоьтадийнахь ваьхьна Нохчийчуьра Батукаев Акраман.

Таркхойн хIордо ваьхьина деношкахь Батукаев Акраман.
Таркхойн хIордо ваьхьина деношкахь Батукаев Акраман.

Дукха бу и тайпа кхаьънаш тIаьххьарчу шерийн статистика зийча.

Мел адам дахьа деза хIордо Дагестанан Iедал самадаккха?
Фейсбукехь, Инстаграмехь, интернетхоша кар-кара а луш, даьржина лела тахана хаттар: «Мел адам дахьа деза хIордо Дагестанан Iедал самадаккха, нах луьйчу меттигаш кхерамзалле кхачо, оцу меттигашкахь хила догIу орцанхойн хаш хитIе даха, луьйчийлашкахь хих ларвала оьшу гIирс латтабайта?»

Хьал девзачунна гарехь

Кхераме меттигаш бердашца дукха стенна ю, хIун дича лахлур дара баларш, толлуш ю кху муьрехь ХIинжа-ГIалара журналист Омарова Саида. Цуьнца проблема йийцарейира Маршо Радионо. Цо дийцарехь, ирча ду, луьйчийлаш а латтош, хьешашкара ахча доккхучу бенашкахь кхерамзаллица долу де.

Омарова: «Товбеца-беттан юьххьера Марсхьокху-бутт болабаллалц кхераме ду хIорда чохь лийча – оцу муьрехь хин-буц яьржа, цундела бухахула лела тулгIенаш совйовлу. Иштта хуьлу нахах Каспин закъалташ.

ШолгIа делахь, орцан ницкъаш ца тоьу массо а бердашна. Долара луьйчийлаш, садоIу базанаш ларъян декхаре а ма баций Iедалан орцанхой.

Товбеца-беттан юьххьера Марсхьокху-бутт болабаллалц кхераме ду хIорда чохь лийча

Долахь Базанаш латтораш бу декхаре кхерамзаллах жоп дала. Амма чIогIа ледара ду цигахь хьал. ХIора шарахь хичу оьху нах, иттаннашкахь хе хьо. Оцу лаппагIех олийла дац садоIу базанаш. Дечка ши цIаьлг а хIоттайой, олу цунах «садаIаран база».

Цхьа адам мукъане а кхеле даьлла делахьара и проблема мел йистина ю хаийта гIоьртинехьара, Iедалан цIарх тIехьожу хьукматаш меттахъевр яра, хетарехь, декхаре бийр бара цара луьйчийлийн дай, базанийн дай кхерамзалла дIахIотто, говзанчаш, орца кхачошберш балха эца.

Халахеташ делахь а, кхеле нах бевлла суна ца хааделла. Кавказехь нахана хаа а ма ца хаьий шайн бакъонаш къийса».

Наха догдоху – цара иштта яз а до социалан машанашкахь – Дагестанан куьйгалхоша Таркхойн хIорд хIинца а акха буьсуш хилар, цу тIе лийча лелачарна кхераме хилар тергоне а эцна, орцан ницкъаш совбахарал совнах, шайн лаппагIашка баьхкинарш хе баьхьина меттигаш евлла бердийн дай-бизнесхой жоьпе ийзорах. Иштта догдоху, хIордаца бизнес ечу меттигашкахь оьшшу кхерамзалла хуьлуьйту болх болабаре а.

Нохчийчохь яц лийча магош 2 меттиг бен

Цхьа Таркхойн хIорд хилла ца Iа луьйчучарна кхераме хилла. Иштта кхераме а, зуламе а ду Кавказехь даккхий хиш.

Азбиев Расул Гумсо ваьхьина ши кIира хьалха.
Азбиев Расул Гумсо ваьхьина ши кIира хьалха.

Масала, лоьхуш ву хIинцца кху сахьтехь а Терко ваьхьина Iели-Юьртара жима стаг Букулов Ислам. Ши кIира хьалха БухIан-Юьртарчу "Соьлж-ГIалин хIорд" олучу ишало яьхьира 17 шо долу йоI. Оццу деношкахь Гумсо ваьхьира иштта 17 шо долу Азбиев Расул. Бехха бу бийца и бохамаш Нохчийчохь.

ХитIехь лийча мегаш дац

​Стенна ду-те ишта, аьлла, оха шега хаьттинчу Нохчийчоьнан орцан ницкъийн пресс-гIоьнчас Тайсумов Тимура дийцарехь, йолчуьнга хьаьжча, махкахь янне а йоцу хьесап ду луьйчийлаш.

Тайсумов: «Шо доладелчхьана Нохчийчохь болх бу беш, луьйчийлашна аттестаци еш, меттигаш кийча ю, я яц, хьовсуш. «Соьлж-ГIалин хIорд» олучуьра ши луьйчийла – божарийн, зударийн – йоцург, йисина меттигаш аттестацех чекхъевлла а яц.

… Терка тIехь лийчар. Иза низаме диллича, «хитIехь лийча мегаш дац» аьлла ду. Орцан ницкъаша а, кхечу тIехьожучара а, шайна цамегачохь нах луьйчуш хаабелча, гIуда тухуш меттигаш а ю».

Низамо бахарехь, Терк а, ЧIаьнта а, Шаройн а - массо а Орган гаранаш, Соьлж, Гумс, Жалкх, кхидолу Нохчийчоуьра хиш а, Iедална гергахь, лийча хьарам ду.

ЦIахь луьйчийлаш ца тоарна а лелачух тера ду цхьаболу нохчий Таркхойн хIорда тIе. Ткъа цигахь а яц оьшшучу барамехь цивилизаци – акха, кхерамзаллах маьрша, шен варшашка шеца эвхьазваьлларг дIаийзош Iа хIорд.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG