Ткъа муха кхочушдо и низам? ХIун мега еша, хIун ца мега? Оцу хьокъехь къамел дира Маршо Радионо Нохчийчоьнан къоман библиотекан куьйгалхочунца Исраилова Сацитица. Цо даредо иштта талламаш даима туьканашкахь а, библиотекашкахь а беш хиларан.
Исраилова: «ХIора баттахь оха оьцуш ю книгаш. Шо хьалха арахецна омра ду, кху чу мел йоьгIу литература экстремизмаллечу тептаршлахь ю-яц талла тхо декхаредеш. ТIаккхий бен ешархошна тIе а ца кхочу иза».
Пачхьалкхехь еша а, яьржо а магийна йоцу литература янне а яц бохург дац иза, уьш юьхкуьйтуш ца хиларх. Шайгахь долчу бехкамийн тептара а хьовсий, книжкаш нагахь санна оцу дехкаршлахь елахь, къевлинчу фонде йоккху библиотекаша. Шуьйрра ешархойн тидаме йилла йиш яц иза, амма кехатца пурба даьккхича, и литература йовза аьтто бу. Доккхачу декъанна иза Iилманчашна магош ду, талламаш бечу студенташна а магадо, дуьйцу Исраилова Сацитас.
Исраилова: «Нагахь санна, аспирант хуьлийла иза, я дешархо, цо тхоьга кехат яздо, шена еша лаьара еша магош йоцу книжка, олий, оха талла а толлий, цуьнга иза йоьшуьйту. ХIора баттахь керладоккхуш ду еша дихкинчу книжкийн тептар. Оха муфтиятера а доьху гIо».
Нохчийчоьнан коьрта библиотекан куьйгалхочунна Исраилова Сацитина хетарехь, магош йоцу литература лохуш болх бан безаш а бу, иза юккъараллана оьшуш хIума а ду.
Исраилова: «Тахана книжкаш юхкучу туьканашкахь кIезиг бу шаьш юьхкург хIун ю хууш нах. Кегийчарна хаа ма деза, шаьш оьцург хIун ю. Интернет а ю шеца диканиг а, вониг а долуш. Цундела литта еза литература…».
2007 шарахь дуьйна лела Оьрсийчохь магийна йоцчу литературан а, эшарийн а, фильмийн а тептар. Юьхьанца цу юкъахь итаннаш бен дехкарш а дацара. Х1инца 4 эзарне кхоччуш дехкар ду. Муцураев Тимуран цхьайолу эшарш а, Гитлер Адольфан а, сайентологи кхоьллинчу Хаббард Ронан а жайнеш, иштта цхьамоггIа бусулба а, керста а динийн белхаш а бу царалахь.