1763-1864-чу шерашкахь лаьттина Кавказан тIом васташка берзийна ГΙебарта-Балкхаройчоьнан къоман музейхь ша хIоттийначу гайтамехь Адыгейрчу суртдиллархочо Гучепшоко Шеомира.
Цуьнан суртийн башхалла ю цо уьш аьнгали тIе гΙум а хьорсуш дохкуш хилар.
Къилбаседа Кавказан гΙаланашкахь гайтам ша дΙабаьхьна ваьлча, Москох а, Туркойчу а кхачор ду шен сурташ, элира Гучепшокос.
Халахеташ делахь а, я пенах тоха а, я ирахΙитто а аьтто бац Гучепшоко Шеомира кхуллу исбаьхьалла.