ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Чаккхе йоцу Iазапийн кочар"


Дукха хан йоццуш тутмакхаллера ваьлла, ша чохь Iачу заманахь Саратоврчу набахтийн туберкулезан дарбан цIийнан цхьана куьйгалхочун гIоьнча лаьттина волу Савельев Сергей тахана дуьненна а вевза. Цуьнгара интервью оьцу массарна а девзачу газеташа, телегойтийлаша, фильмаш йоху цунах лаьцна. 2021 шеран ГIадужу-баттахь иза оццул гIараваьккхинарг ю бакъонаш ларъен Gulagu.net проект – Оьрсийчуьрчу набахтешкахь лела Iазапаш гойту видеоматериалаш цо яржор.

Савельевс и архив гулйина набахтехь массийтта шарахь, шена тIедехкина декхарш кхочушдеш – дарбан цIийнан видеорегистраторашка хьажархо хилла иза. Аьтто баьлла цуьнан материалаш набахтера араяха а, Оьрсийчуьра уьш йовдо а, бакъонашларъярхошка дIакхачо а. ХIинца Савельев веха Францехь, тховкIело ехна цо цигахь.

Архивах а, керлачу дахаран хотIах а лаьцна дийцира Сергейс подкасте "Адаман бакъо ю" подкаст лелочу Торочешникова Марьянига а, Джанполадова Натальяга:

– Сергей, айхьа оцу архиван копеш хьайга гулъечу хенахь хьуна хаарий уьш дуьнено боккхачу тидамца тIеоьцур юйла?

– Иштта нислур ду суна аьттехьа а ца моьттура. Делахь а со дика кхетара: нагахь санна наха уьш а тидаме ца эцахь, харцо цара янне а тергалйийр йоцийла.

– Муха веара хьо видеон копеш яхарна тIе, хIун дан воллура хьо оцу материалах?

– Ца веара оцу сацамна тIе цIеххьана. Адам, суна хетарехь, дено-дено Iазап тергал а деш, цуьнан теш хIоьттина хилча, ши некъ беллало цунна хьалха: я дерриг а иштта хила дезаш санна тIеэцар я хьал хийца цхьа агIо карор. Ас шолгIа некъ хаьржира.

Cуна тIебаьхкина, хIеттехь Кхерамзаллин декъехь бан болх кховдийра соьга. Стенна?

– Саратовхь муха бара хьоьца болу ларам. Хьайх бIоболийта муха ларийра хьо цигахь?

– 2016 шарахь туберкулез хила тарло аьлла, цига кхачийра со, суна тIебаьхкина, хIеттехь Кхерамзаллин декъехь бан болх кховдийра соьга. Стенна? Доккхачу декъанна цигахь баккъал а цомгуш берш тIеоьцу, амма дIабуьгу цига "кхетош-кхион", "леринчу барамех чекхбаха" безарш а. Ткъа администрацина цхьа гIо эшча, дукха ца хуьлу карош нах. Стаг хила цавеза цомгуш, криминалан тобанех хила а ца веза, цхьа пайде хаарш шегахь долуш а хила веза. Оцу муьрехь, царна оьшучу хенахь, со мегира царна. Болх кховдийра соьга. Иштта цхьанадаьхкира-кх и хьелаш.

– Набахтин дарбан хIусамехь видеорегистраторш лелийна ахь. Уьш балханна кеч а еш, белхахошка дIайоькъуш, тIаьхьа чуьра видео схьагулъеш. ДагадогIий хьуна, дуьххьара маца, муха гира хьуна таIзарш дIаяздина? Муха тIеийцира ахь гинарг?

– Соьга иза кест-кеста хотту. Амма билггал и мур дагалаца, сайгахь кхоллаелла ойла самаяккха аьтто ца болу сан. Дуьххьарлера ойла юьйцу ас. ХIунда аьлча, ца хеддаш шолгIаниг, кхоалгIаниг, уьтталгIаниг, ткъолгIаниг… – чаккхе а йоцуш дукха бара дIаязбина гайтамаш, уьш кхачор а бац аьлла хетара. Iазап муха латтадо, цуьнан кепаш яцара со Iадийнарг, уьш ца хеддаш лаьттара, со цецваьккхинарг дара, мел къиза, шек дIа а боцуш деш ду таIзарш, мел дукха бу оцу балханна юкъабоьлла нах. Вуно дукха!

Дукха ю таIзарх пайда оьцу, цуьнгахьа йолу пачхьалкхан хьукматаш, цара "тхов латтабо", таIзарийн кочарна дахдала аьтто бо – иза латтар ду цаьргахьа. Декъахь ю Талламан комитет, прокуратура, Оьрсийчоьнан набахтийн урхалла, цигара куьйгалхой, уьш дуккхаза а гина суна баьхкина, цецволуш вацара цхьа а. Цара массара а цхьана чIагIйора латточу Iазапах йолу къайле.

–Иза хIун дара дан а, стенна хьийзабора нах оццул къиза?

– Цхьаъ делахь, цхьа хьал тутмакхера дIадоккху могIара кеп ю иза, шантаж, декхарш кхочуш цадарна деш таIзар, дареш дайта ен гIело, харц тоьшаллаш дайтар шена я кхечунна дуьхьал. Хила тарло харцо шена дуьхьалйоккхург маршонехь бехачаралахь а.

Вон ду хьелаш массо а тутмакхийн, хьайбанашка алсамо бу тергам

Масала, оцу кепехь шайгахьа воккхура хьукматаша тутмакхашлахь авторитет верг, цуьнгахула кхиберш муьтIахь бан. Цхьаболучарна кхерам тесча а тоьура, кхечарна гIело йора, иза дIаяздина видео компромате а йоккхуш: "Нагахь санна ахь тхоьца болх ца бахь, оха нахалайоккхур ю хьо стен веш йолу видео, тутмакхашна хьалха хьо хIумма а йоцург хир ю. Вац хьо кхидIа цхьа а авторитет, цхьа хир вац хьо лоруш, уггаре а маьттаза гIуллакхаш дуьсур ду хьна даиманенна а дан, боьха болх. Сирла хIума данне а дац хьуна хьалха лаьтташ". Аьлча а, набахтехь «даржаш» лелар пайде ду набахтийн урхаллина, ФСБ-на.

– Хьо Саратоврчу дарбан цIийнехь волчу юкъанна оцу хьукматашкарчу белхахошкара къинхетам хаа а беллий хьуна тутмакхашка? Адамах къахета хууш нах хила а хуьлий цигахь?

– КIезиг белахь а, бу. Амма и къинхетам а бу кхераме, гайта мегаш дац коллегашна. Масала, сан цкъа а ца болура къинхетам къадон аьтто. "Кепах ца воха" декхаре вара со шерашкахь. Iазап гуш, лелош синна са хуьлурш а бара. Дукхаберш бен-башха доцурш хуьлу. "Вай ца кхоьллина, вай хийца аьлла а дац хIара система. Шайн болх беш бу, байтахь, сан хIун бала бу?" – иштта бу хьажам массеран санна. Вон ду хьелаш массо а тутмакхийн, хьайбанашка алсамо бу тергам.

Gulagu.net проектан информатор Савельев Сергей
Gulagu.net проектан информатор Савельев Сергей

– Ахь кхаа шарахь видеофайлийн архив гулъеш, хьуна хаьарий айхьа уьш тIаьхьо стенга хьовсор ю, муха нахалйохур ю?

– Юьхьанца ца хаьара дера. Со чохь воллуш вара. Ца хаьара цунах хьан алсам пайдаоьцур бу, хьан дика яржор ю, иза дан а ма дуй ондда герз. Осечкин Владимир генара вовззалц ца хаьара. Дукха аьрзнаш, дIахьедарш кхочура цуьнгара, цуьнца болчу адвокаташкара. Со кхийтира, и стаг ФСБ-ца я кхечу Iедалан хьукматашца уьйр йолуш воцийла, нехан дуьхьал лелийла.

Оьрсийчоьнан Iедал меттахдоккхур ду моьттура. Амма ца делира меттах, набахти ма-ярра, шен Iазапашца йовзийта дийзира

Чиллан-беттан 2-чохь со набахтех мукъавелира, гIеххьа хан ийшира Беларусе кхача, Осечкине дуьххьара кехат яздира ас Чиллан-беттан 8-чохь. Сайгахь архив ю, элира ас, набахтера документаш а ду. Диалог йолаелира тхойшиннан. Бутт боьрзуш ас хьалхара кадраш хьовсийра сайгарчу архивера цуьнга. Зазадоккху-баттахь архив араяха йолийра охашимма Gulagu.net каналехула.

– Юьхьанца цхьа хьажа бIегIийла доцу кадраш даржийра аш, амма чоьнаш юьлу гIаж яцара хьехош.

– И уггаре а къиза кадраш тIаьххьара хан тIеяллалц гайта ца лаьара суна. Юьхьанца яьржинчу видеоша Оьрсийчоьнан Iедал меттахдоккхур ду моьттура. Амма ца делира меттах, цундела набахти ма-ярра, шен Iазапашца, йовзийта дийзира. Лардорий ас Iедал меттахдалар? ХIан-хIа, я дуьненан тергаме материалаш евр ю а ца моьттура. ХIинца со реза ву. Делахь а беттанаш бевлла, ткъа набахтийн кочар ша ма-хиллара дуьсуш ду шен хьлхалеррачу дахарехь.

Gulagu.net проектан автор Осечкин Владимир а, цуьнан информатор Савельев Сергей а
Gulagu.net проектан автор Осечкин Владимир а, цуьнан информатор Савельев Сергей а

– ​Хьо дуьххьара ву дозанал арахьа?

– Ву. Кхуза вогIуш со чекхваьлла мехкаш ца лерича, дуьххьара ву.

– Хьо ца вейта, ведда лела-кх хьо? Оцу бахьаница дIавахарий хьо Оьрсийчуьра?

Кху кIиранашкахь 8 кийла азвелла со

– Валарх бохург-м хIун ду, и валар ирчачу хьелашкахь хир ду-кх…

– Парижехь муха хета хьуна?

– Со кхаа кIиранах деккъа дIа ведда лелла. Со хазачу мехкех ваьлла кхаьчна. Амма садоIийла ца хилла хазачу хIорда йистехь, маьлха кIел. Юьхьанца хIума ца яалора, наб ца кхетара, сайна тIаьхьабевлла нах лела моьттура. Кху кIиранашкахь 8 кийла азвелла со. Франце кхаьчча, сайн тIемаш девлла алалур дац соьга. Делахь са паргIат-м ду долуш. Со кхидIа ида ца везий, сов хьулвелла лела ца везий хIинцца бен ца воьлла кхета.

– Францехь хьо кхерамзаллехь ву аьлла хетий хьуна?

– Хета, хьалхачул кхерамзалла алсам ю кхузахь. Амма со вен везар къайлахчу сервисашна тIера ца даьллийла а хаьа суна. Оха цхьацца бахьанаш леладо ларлуш, – дийцира Савельев Сергейс, Gulagu.net проектан декъашхочо.

Радио Свобода

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG