ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чалтачашна дIавелла? 1ADAT-н а,  Нохчийчуьра веддачу ницкъахочун а дов


Нохчийчуьра полисхой, гайтаман сурт
Нохчийчуьра полисхой, гайтаман сурт

Омскан махкахь, Казахстанца долчу дозанехь, стигалкъекъа-беттан 20-хь чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Нохчийчуьрчу декъан белхалоша дIалецира 19 шо долу Халидов Ясин. Цул хьалха оппозицхойн 1ADAT боламе дIахьедар динера цо, ша пачхьалкхера дIаваха лерина хиларах - боху жигархоша - ша махкахошна дуьхьал экстремизман гIуллакхаш долорах а дийцира цо. 1ADAT-о машанашкахь баржийна Халидовх хаамаш, иза Оьрсийчуьра аравалллц собар ца деш. И ца тайра бакъонашларйархошна а, журналисташна а. Хиллачух дерг къастош болх бира Кавказ.Реалии сайто.

Стигалкъекъа-беттан 21-чу дийнахь Халидовх дийцар зорбанедаьккхира "Новая газета - Европа" гIирсан журналисто Милашина Еленас. Цо дийцарехь, нохчийн ницкъахо зерийн пунктехь дIалаьцна ву, масех сохьтехь ФСБ урхалчаша барт хаьттинчул тIаьхьа бехктакхаман лехарийн белхалошка дIавелла ву. Цара, хетарехь, иза даймахка йухаверзон тарло. Цуьнан дахарна хIоьттина боккха кхерам бу, аьлла хета бакъонашларйархошна, адвокатна а.

Нохчийн Iедалехь нохчо декхарийлахь ву шега гIо дехначун гIуллакхе хьажа

Артикл тIехь боху, дIалаьцнарг шен 17 шо долчу дуьйна чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Шеларчу декъехь балхахь лаьттина ву, цул тIаьхьа транспортан ОМОН-е дехьаваьлла. Шина шарчохь цо жигара уьйр латтийна республикерчу экстремизмана дуьхьалчу центран белхалошца (Центр "Э"). Социал-машанашкарчу питанийн декъахо а хилла и. 2022-чу шеран гезгмашин-баттахь дуьйна Халидов Украинехь Оьрсийчоьно бечу тIамехь а ву.

ТIамера ша цIавирзича, полисхочунна низамхойн урхаллера болх бита дагадеана цунна. Амма куьйгалло цуьнан лаам къобал а ца бина, цунна терроризман артиклаца бехктакхаман гIуллакх долор ду бохуш, кхерамаш тийссина. Шайна муьтIахь цахилар шеконе лаьцна, цуьнан хиллачу коллегаша "официалехь доцчу дIалацарца" сацийна латтош ву, йаздо "Новая газета - Европа" гIирсо.

Шен вада аьтто баьлча, цо гIо дийхира 1ADAT боламехь болучаьрга - и болам лелошберш вежарий ЯнгулбаевгIар, ИбрахIим а, БойсагIар а ву. Кадыровхоша лачкийна дIайигначу, Нохчийчохь дIалаьцна латточу Мусаева Заремин воIарий. Цара цунах болу хаамаш гIара ма беххинехь, цуьнан доьзал болчу республикера ницкъахой бахна.

"ЯнгулбаевгIара иза дар бахьана долуш, цуьнан хьал чолхе дирзина. Цул хьалха кадыровхойн Халидов Ясинца башха бала бацара. Цуьнан "бехк" балхара дIавала лаар бен боцуш",- тIечIагIдира Абдурахманов Тумсос.

"Муьлххачу кепара"

"Нагахь кадыровхоша иза вехь, цунна хьакъдерг ду-кх иза" - 1ADATан векалийн хIара дешнаш церан аламца даладо "Новая газета - Европа" гIирсо. Боламехь болчара шаьш и алар лачкъош дац. Шайн хьежам Халидовс Нохчийчохь а, Украинехь а динчу зуламашца бехказабоккху цара.

"Ясин тхоьца зIеневелира зазадоккху-беттан йуьххьехь. Цкъа хьалха боккъал цунна гIодан лерина дара тхо. Амма цхьа кIира ахкIира даьлча, гучуделира и кIант рогIера кадыровхо хилла ца Iаш, дуккхачу бехктакхамийн гIуллакхашкахь дакъалаьцна ву иза, бехказа нах дIалийцаршкахь, маьршачу нахана гIело йарехь. Масала, цо дакъалаьцна 2022-чу шеран лахьан-баттахь Соьлжа-ГIалахь ГИБДД-н белхалочунна тIелатаран питана кечдарехь а. Цул совнах, цо ша дийцира, оккупаци йинчу Энергодарехь ша шина маьршачу украинхочунна, уьш СБУ-н агенташ бу бохуш, харц гIуллакхаш долорах а",- дIахьедира Кавказ. Реалии сайте Янгулбаев ИбрахIима.

Цо бахарехь, Халидов Украинерчу тIамехь дакъалаца дохковаьлла ца хилла, иза цигахь цамагийна молханаш лелош гучуваьлла, сацийна ву, шена таIзарш ца дайта, ведда.

Зуламхошна кхел йеш нийсонца дуьненан йукъараллехь къобалдина низамаш ду

Шайца къамеле ваьлларг мила ву кхетча, 1ADATо зазадоккху-беттан йуккъехь полисхочуьнца йолу зIе дIахадийра. Амма шайна хиънарш дийцира бакъонашларйархошка а, журналисташка а, Милашине цхьаьна. Цара иза тергал ца дира, элира къамелахочо.

ТIаккха вежарша ЯнгулбаевгIара и хаамаш гIарабаха сацамбира. ХIунда аьлча, и дерриге йукъараллина ладаме а, гайтаме а хийтира царна. Шаьш йина пост полисхочунна зенаца йирзина аьлла ца хета вежаршна. Кхин а цара боху, веддачо дозанехь дIа а лацале дийцира шайн гергарчаьрга хилла коллегаш "бахкарах". Ткъа лехамашка иза веллера цунна Оьрсийчуьра аравала лаарал хьалха.

"Кадыровхошца тIом муьлххачу кепара бо оха. И Ясин ша эмиграце кхаьчча, нохчийн ницкъахойн хьадалча хилла, лелар вара, провокацеш йеш. Республикехь а оццул жигара болх бина волу. И санна болчу нахана оха цкъа а дийр дац гIо",- тIечIагIдира вежарша.

"Нийса доцу леларш"

Хаамийн гIирсаша а, бакъонашларйархойн цхьаьнакхетараллаша а, хIора бакъонашларйархо ша схьаэцча а, хIораннан а бакъо йу адмана гIодан деза, йа ца деза аьлла къасатм бан. ХIоьттинчу хьоле хьаьжжина. Амма хIара хилам, цунна хетарехь, этикин хоршара "арадаьлла гIуллакх" ду, боху адамийн бакъонашларйаран "Мемориал" центран куьйгалхочо Орлов Олега.

"Зорбанедаккха ца дезара, шайга (1ADAT боламе - билг.) шайх тешначу, шайн гIоне сатесначу адамо дийцинарг. Нагахь иза шайна зуламхо хетахь, цуьнца йолу зIе хадийчхьана довлура шу, цуьнан хабарш гIара а ца дохуш",- билгалдоккху бакъонашларйархочо.

1ADAT дуьххьара нислуш йац девнна йуккъехь. Царех тешна адамаш ницкъахойн кара а боьлхуш, дуьйцу "Кавказан къаьмнийн ассамблейн" куьйгалхочо, политолого Кутаев Руслана. Боламан жигархоша, кадыровхошца цхьаьна жоп дала догIу церан чатан модератор хилла Тепсуркаев Салман лачкъорах а, верах а.

Тамашийна хета, хIинца а нах хьийзошдолу и раж керлачу волайнхошца "дузор"

"Кхечу нохчийн блогершка хаамаш бо нах хIунда ца кхочу цу кепарчу хьелашка? Нохчийн Iедалехь нохчо декхарийлахь ву шега гIо дехначун гIуллакхе хьажа. Иза шен мостагI велахь а. Халидовс муьлхха зуламаш динехь а, цуьнга хьуна гIо дийр ду аьлла дош ма делла. Йуха иза ша ма-варра дIавелла. Нохчочуьнгахь товш хIума дац иза, вуьшта муьлххачу адамехь а. Шаьш лелориг бакъонашларйархойн болам бу бохучаьргахь -м муххале а", - элира къамелахочо.

Барт бина ма-хиллара чекхдаккха деза гIуллакх бохучунна реза ду тхо. Цу адаман дахарна а, могушаллина а кхерам белахь муххале а, - хиллачунна комментари йо "СК SOS" кризис-тобанан векало Мирошникова Александрас. Адам регионехь долуш, цунах болу муьлхха а хаам гIарабаккхар - цунна кхераме болх бу, иза валарна кхерам болуш, амма доккхачу декъана хьал ца хуьйцуш.

"Адамо зуламаш динехь а, зуламхошна кхел йеш нийсонца дуьненан йукъараллехь къобалдина низамаш ду. Кадыровхойн кхелаш цу йуккъе ца йогIу. Цу кепарчу адамашна делла дош ца лардеш бирзинчу хиламаша бакъонашларйахошка, дозанал арахьа болчу оппозицхошка болу тешам галабоккху",- аьлла хета "СК SOS" тобанан векална.

Провокаци йа йукъаметтигах дерг къастор?

Европерчу "Единая сила" нохчийн боламан хьалханчас Сулейманов Джамбулата бахарехь, Халидовна хилларг 1ADATан, журналист Милашинин, блогер Абдурахмановн йукъаметтигашца доьзна ду.

"Милашина а, 1ADAT а хьалха цхьана болх беш бара, амма церан йукъаметтигаш телхира. Иштта хьал ду 1ADATна, Тумсона йуккъехь а. Суна хетарехь, цу критикехь дукхахьолахь вовшашка цабезам хилар ду гуш, ткъа этика хьехор суьртана лелош ду",- боху къамелахочо

Нагахь адамо цхьа зулам дина аьлла шеко йелахь, иза низамхошка дIавала веза, амма вала ца веза Iазапхошка-м, боху "Iазапашна дуьхьал Команда" цхьаьнакхетараллин Къилбаседа Кавказерчу декъан векало Ванслова Екатеринас.

"И тайпа хIума дар стагана гIело йаран, иза валаран кхерам боккхуш нисло. Цу кепара хьежам нийса бац. Цул совнах, тамашийна хета керлачу волайнхошца и раж "йузор". Цу ражо бале лаьцна шортта нах болуш, вежарийн нана Мусаева Зарема а цхьаьна. Харцачу тоьшаллашца гIуллакх долийна, иза набахтехь йолу шолгIа шо ду",- боху бакъонашларйархочо.

Хилларг 1ADATан провокаци йу элира цо.

"Тешамечеран бен йац Iазапах ларбала, вайгара гIо деха бакъо? И тайпа оппозицхой Iедале багIахь, Нохчийчуьра адамийн бакъонийн хьал хийцалур дац", - тIечIагIдира Вансловас.

  • Дечкен-беттан 20-хь Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахой Мусаева Заремин а, кхелахо лаьттиначу Янгулбаев Сайдин а Нижний Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира. Лоцучу юкъанна Мусаевана йиттинера, кхетамчуьра а йоккхуш, иза дIайуьгуш хиллачу нохчийн ницкъахоша тIе бедарш ца йохийтира цуьнга, диабетах бала хьоьгуш хиларна цунна оьшу инсулин а схьа ца эцийтира.
  • Мусаева Заремина полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха I5 де-буьйсий туьйхира кхело. Цул тIаьхьа цунна дуьхьала бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо. ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна бехке а йира и. Дуьххьара, теше санна хеттарш дан, цу бахьанца Нохчийчу дIайигна а йара. Кавказ.Реалиис ма-дарра дийцира Мусаева Заремин гIуллакхех лаьцна а, оцу гIуллакхех дуккха а цхьаьна цадогIурш хиларх а.
  • Украинехьа тIом бечу нохчийн ОБОН батальонан хилла декъахо, диверсин тобанан хилла буьйранча Джамбетов Хьусейн Соьлжа-гIала кхаьчна. Ша Кадыровн ражана резахилар а дIахьедина цо. Цу хиламна новкъарло ца йира вадархочунна Оьрсийчохь долийна бехктакхаман гIуллакх хиларо. Иза хиллачул тIаьхьа батальонехь болучара "йамартхо" ву элира цунна.
  • Кадыров Рамзанан нахера даккхий ахчанаш схьаэцарехь IADAТ оппозицин боламо бехк биллина шина блогерна Абдурахманов Тумсона а, Халитов Хьасанна а. IADATО дийцарехь, ахча Кадыровн критикашна "тIелатар" кечдиначаьргара схьаэцна ду. Цул тIаьхьа Абдурахмановс хиллачух шен агIо йовзуьйтуш, ша и киллераш лебеш, кеп хIиттош видео йаьккхина олу.
  • Хьалхо IADAТ болам йукъабаьккхинчу Янгулбаев ИбрахIима Кавказ. Реалии сайте дийцира, ша масех шарахь Кадыровн раж йемалдарах, социал-машанашкахь тобанаш йарах. Царлахь Нохчийчохь адамийн бакъонашна гIело йар дийцаре ша дарах а. И дерриге бахьана долуш 20I5-чу шарахь ша нохчийн ницкъахоша лачкъийна, дIавигира аьлла - ахшарахь ИбрахIим цара къайлахчу набахтин лармичохь валлийна, таIзаршца цунна гIело йина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG