ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лада Приорина тIехь лечкъабо Нохчийчохь нах. Европера цIаоьхурш а цхьаьна


Нохчийчоь -- Устрада-гIалахь Лада Приора еш йолу завдо схьайоьллучу церемонехь дакъа лоцуш ву Кадыров Рамзан, 26Деч2012
Нохчийчоь -- Устрада-гIалахь Лада Приора еш йолу завдо схьайоьллучу церемонехь дакъа лоцуш ву Кадыров Рамзан, 26Деч2012

Нуьцкъалхой хила там болчу, ца бевзачу наха лаца а лаьцна, тIепаза вайина Норвегера цIавеана хилла волу цхьа нохчо. И хаам баржийначу хаамийн гIирсаша цу хиламан тешана тIе а тевжаш дуьйцу, иза хIетахь дуьйна карош вац, бохуш. И тайпа хилам дуьххьара бац Европера Оьрсийчу баханчу вайнехан мухIажаршца нислуш.

Ильясов Хьусейнан шен цIе яккха ца лиинчу гергарчу стага дийцарехь и шиъ цхьаьна Соьлжа-гIаларчу ЗАГСан урхалле ваха барт бина хиллера. „Тхойшиъ автобусан социйлехь лаьтташ вара Iуьйранна 9 даьлча.

Со цхьана мIаьргонна дехьавала дийзира, тонка эца, ткъа уллохь лаьттачу туькана чу а ваьлла, суо араволуш, Iаьржа „Приора“ гира суна цигахь соцуш, лоьмарш а йоцуш. Цу чуьра аралилхинчу веа стаго Хьусейн машен чу а такхийна, дIавигира“, - иштта даладо „Кавказский Узел“ интернет-сайтано цу стеган дешнаш.

Ильясов нуьцкъаха дIавуьгуш теш хиллачунна хетарехь, иза Хьусейнан ваша тIемало хилла хиларца доьзна хила там бу. „2003 -чу шарахь вийра цуьнан ваша, цул тIаьхьа церан доьзал Норвеге дIабахара“, - бохуш дийцира цуо. Ткъа хIинца иза цIавар цуьнан оьрсийн паспорт карладаккха дезаш хиларца доьзна дара, бохуш, дийцира цу стага.

„Иза ша-м чIогIа кхоьруш вара, шен цхьа а сингаттам-м хир бац теша, бохуш. Амма со вара-кх иза, кхузахь цунна цхьа а зе-зулам хир дац, аьлла, тешийтинарг“, - бохуш, байтамала дора Ильясовн накъосто шен Кавказски Узелца хилачу къамелехь.

Европе схьабаьхкина вайнах, шайна тховкIело луш долу кехаташ схьа ма делла, ка ма-доллу сихха, Нохчийчу хьажа-хIотта оьхуш хилар къайле яц. Царех цхьаберш низамца схьаэцча, шайна ма-тов дIасалела бакъо йолуш бу, цхьана Европерачу пачхьалкхан олалла цара тIеэцначул тIаьхьа. Ткъа кхинберш, и оллала тIеэцале, цхьана ханна долу кехаташ делларш, дуьненчохь массо а метте маьрша дIасабаха йиш ю, цхьа Оьрсийчоь дIаяккхинчахьана.

ХIетте а, шайн цIахь дисинчу йиша-вешина сагатлуш, кхин тоха са а ца хуьлий, цу нахах дуккхаъ шайн аьтто баьлча, даккхий гонаш дохуш, зенаш а деш, Нохчийчу баха гIурту.

Ткъа цIабахначул тIаьхьа я цхьаммо мотт тухий, я Iедалхоша шаьш бинчу талламашца гучу бовлий, Европера хьеший дIалоцуш я тIепаза бовш меттигаш нисло.

Австрехь вехачу нохчийн жигархочо Банжаев Вахас дуьйцу, иштта шайна дага ма деъний, ДегIастана оьхучу наха цига баха аьттонаш а боцуш, боккъал а оьрсийн Iедалшкара кхерамах бевдда лелачу мухIажаршна доккха зулам до, бохуш.

Банжаев Ваха: „Кхин башха сингаттам а боцуш, кхуза дуьненан аьттонаш бахьана долуш, кхуза схьабаьхкина берш цIа а боьлхий, схьабогIу, ноукъа хIума а доцуш. ТIаккха шайна цхьа кхерам берш а, шаьш а баха мегар ду-кх, хьал хйицаделла-кх, олий, цIабоьлху. ТIаккха уьш дIалоцу, набахте бухку.

ЦIаваха ца лууш цхьа а вац. Ша вала а волуш, цхьа а Iийр вац кхузахь, ца ваьлла бен. ХIетте а тешаме дац, ма эхахьара шу цу цIа, аьлча а, Iен а ца туьку. Цхьаъ велча я цомгаш хилча, хIетте а цIабаха лаьа нахана“.

Маршо радио: Иштта хьажа -хIотта цIавахначехь тIепаза вайна ву, Банжаевс дийцарехь, масех Австрера нохчо а.

Банжаев Ваха: „И Алхазуров Iела ву, масала, хьажа-хIотта ваханчохь вайна. ЦIерачара цIа ца кхаьчна боху иза. Цхьаццаболчарна Ростов-гIалахь Iедалхоша дIалоцуш гина, бохуш, дуьйцу иза, цIерпошта тIера охьа а ваьккхина. Иза лоьхуш Мемориал а ю, ГаннушкинагIар а бу, тхо а ду. Ваша ву шен кIелвисина, цомгуш, цунах бIарг тоха лаьа шена, аьлла, ваханера иза“.

Маршо радио: Хьажа-хIотта ваханчехь ца лаьцнехь, амма Норвегин Iедалхоша депортацеш а еш, арабаьхначарех дукха бу Оьрсийчохь дIалийцина, бохуш,дуьйцу Норвегехь вехаш волчу адамийн бакъонашларъярхочо Гисаев Ахьмада. Цуо дийцарехь, тIаьхьарчу хенахь и тайпа хиламаш алсам бовлуш бу.

Гисаев Ахьмад: „Дукха хан йоцуш лийцина нах бу, Норвегера Iедало арабаьхначарех. Шереметьево аэропортехь кеманна чуьра ара а ца волийташ, го бина, полисхоша дIалаьцнарш а бу, байъинарш а бу. И хаамаш тIаьхьарчу хенахь кест-кеста кхочуш бу кхузахь“.

Маршо радио: Норвегера ДегIастана цIавахна хилла Ильясов лоцуш теш хиллачу цуьнан накъоста дийцарехь, иза Москохахула автобусца веана хиллера Соьлжа-гIала, ткъа иза цIакхаьчначу дийнаххьехь иза дIа а лаьцнера.

Ала догIу, Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь Ильясов Хьусейн лаьцна я вайна бохучух лаьцна шайгахь цхьа а тайпа хаамаш бац, элира бохуш яздо хаамийн гIирсо. Норвегехь бехачу вайнехан диаспорин векалшка бинчу хеттамаша а цкъачунна цхьа а жоп ца делла, и стаг хьенан мила вара бохучу хеттаршна.
XS
SM
MD
LG