ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Терк-тоба футболах ловза кечлуш ю Австрин лаьмнашкахь


Нохчийчоь -- Соьлжа-гIала, Терк-ЦСКА ловзар, 05Охан2008
Нохчийчоь -- Соьлжа-гIала, Терк-ЦСКА ловзар, 05Охан2008

ХIинццалц дукхачу хенахь туркойн махкахь ловзаршна кечам бора Соьлж-гIаларчу Терк футболан тобано. Кхушарахь дуьххьара Австрерачу Альпашка бахана Нохчйчура футболхой. ХIинцале а Донецкерачу Шахтер тобанца ловза кхиина уьш Австрин лаьмнашкахь.


Масех де ду Нохчийчура футболхой Австрехь уггаре а хазачарех ларалуш йолчу Тирол-латта олучу кIоштахь дIатарбелла болу. Альпийн когашкахь Iуьллучу Вальхзее цIе йолчу жимачу гIалахь Iаш бу уьш.

Черчесов Станислава куьйгаллехь болу Терк-тобанан футболхой бехачу Зеерезиденц хьешийн цIийнона дуьххьара гуш бац Оьрсийчура футболхой. Цу чохь кест-кеста совцу оьрсийн футболан тобанаш.

Дукха хан йоцуш, масала, Казанера Рубин а, Москохара Локомотив а 1ийра цигахь, ловзаршна кечам а беш, са а доIуш. Цул сов, Евро-2012 чемпионатана кечам бечу муьрехь Украинан къоман тоба а Iийнера оццу хьешийн цIа чохь.

Ала дашна, Украинерчу тобанца дара теркахоша Австрнхь дIадаьхьана долу шайн дуьххьарлера ловзар а. Накъосталлин матчехь еарин сарахь уьш цхьаьнакхийтира Украинин чемпион йолчу Донецк гIаларчу Шахтерца.

Шахтер-тобанера цхьаболу футболхой карарчу хенахь Европан чемпионатехь Украинан къоман тобанна .къакхайкхина хилар бахьана долуш, цхьамогIа тоьлла болу ловзархой соьлжгIалахошца хиллачу ловзарехь дакъалоцуш бацара.

Бакъду, цхьаъ санна бархI бразилхо-м вара Теркана дуьхьал араяьллачу тобанна юкъахь. Ткъа бразилхой, хууш ма-хиллара, футболах ловзар шайн тIамарх доьлла нах бу. Мухха а далахь а, цу суьйранна соьлжгIалахойн кевнашна чутоьхначу шина буьрканах цхьаъ бразилхочо Тейшейрас туьйхир.

Соьлж-гIалара футболхой Австрехь шайн садоIаран а, ловзаршна кечам барана хьелашна чIогIа реза бу. Терк-тобан сайт тIехь ловзархоша дуьйцу шаьш дIатарделлачу меттигах а, цигарчу Iаламах а, хенахIоттаман башхаллех а лаьцна. Иштта дуккха а сурташ ган таро ю лууш волчунна Австрерчу Тиролера Iалам Нохчийчурчух тера хиларан тоьшаллийна.

ЦIеяххана волу композитор Моцарт винчу Зальцбург-гIалара ткъех минотехь некъ бича Iуьллуш йолу Вальхзее ю нохчийн ламьнашкахь Iуьллуш санна. Терк-тобан ловзархойх цхьамма интернет-машанахь язъдина ма-хиллара, Шуьйта кхаьчнача санна хетало цигахь.

Нохчийчурчу футболхоша цигахь Мангал-бутт чекхбаллалц хан йоккхур ю.Шайн рогIера ловзар а цигахь дIахьур ду цара. И цхьанакхетар кху беттан 27-чу дийнахь Румынерчу Васлуй цIе йолчу тобанца хир ду. Ткъа цкъачунна и ловзар тIекхаччалц соьлжгIалахой дийнахь кечамаш а беш, сарахь Европан чемпионатан ловзаршка а хьовсуш Iаш бу, тIедогIу ловзар, хьалха хиллачуьнга хьажна доцуш, шайн аьтто болуш хиларе са а туьйсуш.
XS
SM
MD
LG