ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрера нохчийн кегийрхой, муьлш бу уьш?


Нах цец хIунда буьйлу-те олий а хеташ, амма массара а шаьш цецбевлла кеп а хIоттош реакци хилира хьастагIа Австрехь зорбане яькхинчу Венехь бехачу кегирхойн а, кхиазхойн а хьежамех а, дахаран кепех а болчу талламах рапортан лорах.

Меттигерчу кегирхойн а, доьзалан а хьаштийн министраллин, кегирхошца болхбаран хьукматан дехарца социологин Iилманчаша дIабаьхьанчу цу талламан цIе „Кхиазхойн идентитет а, церан дахаран хьелаш а, цара тIеоьцург а, ца оьцург а“ аьлла гочйан мегар ду нохчийн матте.

Шина шарахь сов цу Iилманчийн тобано кIоргера интервьюш а еш, масех бIе Венерчу кхиазхочуьнца а, кегирхочуьнца а теллинера, церан дахаре а, юкъаралле а, дине а, пачхьалкхан институцешка а, шаьш шайн орамашка а хьежамаш муха бу бохург.

Доккхачу декъехь цу интервьюшкахь дакъалаьцнарш Венерчу кегирхошний, кхиазхошний шайн мукъахан яккха Iедало кхоьллинчу шайх Югендцентарш я Югентреффаш олу леринчу кхерчашка оьхучу, цигарчу социалан белхахойн а, педагогийн а гIоьнах а, Iуналлех пайда оьцуш долу бераш а кегий нах бара.

Дукхаъберш царах, ткъа терахьашца аьлча, 85 процент тайп-тайпанчу мехкашкарчу мигрантийн доьзалшкара а, социалан хьелаш гIийла долчу доьзалшкара а бара. Дукхаъ бу цаьрца иштта тIемаш лан я шайн даймахкара бовда дезна кегирхой а, кхиазхой а.

Ткъа муха бу Венехь бехачу къоначийн хьежамаш боху хаттар тIаьхьарчу шерашкахь юкъараллехь радикале хьежамаш цхьана агIор аьтточу ницкъийн тобанашкахь а, вукху агIор бусалбачийн тобанашкахь а алсамбовлуш хиларна къаьстина актуале дара Австрин коьртачу шахьарин урхаллина, хIунда аьлча кхечу цхьанна цу пачхьалкхарчу гIаланахь санна цигахь дукха тайп-тайпана къаьмнаш а деха, кхечу цхьанна а гIалахь доцучу кепара гIалин куьйгалла, социалистийн а, баьццарчийн а партийн векалийн коалицех лаьтташ долу, тIебаьхкийнчийн а, хийрачу мехкашкара орамаш долчийн хьашташна сема а ду.

Амма цу хаттарна Iилманчашна карийна жоп гIалин куьйгалхошкахь а, йоллучу Австрерчу юкъараллахь а мискъазаратталла синпаргIато кхуллуш дац. Талламехь дакъалаьцначу кегирхойн 27 процент радикале хилар рапорто гайтарна. Уьш джихадаца а, джихадхошца а марзонаш йолуш а хилар, националистийн хьежамаш болуш а хилар, цул совнаха, жуьгтешца а, демократин принципашца а гамо йолуш а хилар.

Къаьстина алсам радикале хьежамаш болу кхиазхой а, кегирхой а талламехь дакъалаьцначу Венерчу нохчашна юккъехь карийна рапортан авторшна, и таллам зорбане баьккхинчул тIаьхьа иштта цу махкахь криминале а, радикале а буьйцуш болчу нохчийн къоман декъаз репутаци кхин а тIечIагIъеш.

Иштта, хеттамашкахь дакъалаьцначу нохчийн кегирхойх хIора а шозлагIа верг – иза бохург ду нийса ах- джихад хестош а, ша а джихаде гIур вар бохуш а, ткъа иштта джихадехь дакъалоцуш берш турпалхой санна лоруш а карийна царна.

Цул совнаха, динца доьзна долчу хеттаршна тIехула кхечу нахана ницкъ бан кийча берш а уггаре а дукхах бераш нохчийн кхомахчарна юккъехь карийна. Ткъа иза хилла а ца Iаш, Малхбузерчу дахаран кепаца а, Малхбузерчу мехаллашца а уггаре а алсамох гамонаш а цаьрца карийна. Карийна иштта зударех цабашар а, зударшна хетаргш дош ца ларар а нохчашна юккъехь алсамо хилар.

Кхузахь кхета догIу, цу талламехь дакъалаьцначу кхиазхошна юккъехь I2-13 шо долу бераш а хилар, цундела цара джихадах дуьйцург доккхачу декъехь шайна шаьшна а хIун ду ца хууш дерг, цхьанхьа цIахь я арахь баккхийчара дуьйцуш шайна хезнарг хилар а. Делахь а, вуно гIайгIане хIума лору талламан авторша сел доккхачу нохчийн къомахчу кегирхоша сел радикале хьежамаш гайтар.

Амма беккъа нохчийн кегирхой хилла ца Iа Венерчу социологийн тобано бинчу талламо радикале санна гайтинарш. ОвхIанхой а, боснихой а, Iарбой а, туркой а бу царна юккъехь, туркой царех уггаре а кIезгох радикале белахь а.

27 процент радикале кегирхой, кхечарна дуьхьал тIом бар а, ницкъ бар а бакъдеш болу – иза мел доккха терахь делахь а, амма талламо иштта гайтина, хеттамашкахь дакъалаьцначу массо а кхиазхойх 42 машаре а, кхечарна ницкъ бар бакъ ца деш а, цхьанна а агIор радикале шаьш берзар кхерам боцуш а хилар.

Уьш социалан хьелаш гIийла долчу доьзалшкара белахь а, амма дас-нанас кхечаьрга болчу ларамехь а, машаран хам бан безаш хиларх кхеторехь а го талламийн тобанна куьйгалла деш хиллачу социологна Гюнuоьр Кенана цуьнан бахьана.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG