КIирандийнахь Венерчу Алтерлаа кIоштарчу майданахь гIурбан Iийда даздан кхайкхинера Австрерчу нохчийн-гIалгIайн кхеташоно меттигерачу а, луларчу пачхьалкхашкара а вайн махкахой. Цигахь оццул адам гуллур ду аьлла-м и беркате гIуллакх долийначарна шаьшна а моьттина хир дацара. Амма Iуьйранна исс даьлча дуьйна йоллучу Венера а, Венера хилла ца Iаш а адам цу цхьана исбаьхьчу паркехь садоIарна леринчу майдан агIор тобанашца вайнах дIагулбала буьйлабелча кхета долалора нохчийн „нехан йоцург къелла яц“ бохучу кицанан маьIна.
Жима а, воккха а, зударий, божарий, бераш – хеталора Алтерлаа цIе йолчу метро станцера Iийда долчу майдане йоьлхуш йолу автобусаш цу дийнахь лерина вайнах дIасалелон араевлла йолуш санна – оццул дукха бара цу даздаре баха бевлларш. Цхьадика хенан хIоттам а нисбеллера, дуьххьара кху тIаьхьарчу иттех шарахь нохчи, шаьшна юккъера ваьснаш а, къийсамаш а, цакхетарш йистах а йитина, цхьаьна гулахь бусулбачийн уггаре а дезчех де вовшашца даккха нигат дина буйла хууш санна – къегина кхетта малх а болуш, довха.
ГIурба даздар вовшахтоьхначу нохчийн-гIалгIайн кхеташоно гулбеллачарна юург-молург, - уггаре а хьалха, иштта хазчу дийнахь арахь догIуш ма-хиллара, кавказхойн Iадатехь овкъаршна тIехь деттина жижиг а долуш, - Iалашдина ца Iара. Iийданан программа вуно шуьйра яра: цхьанхьа тайп-тайпанчу летарийн спортехь шайн хьуьнарш гойтуш кегирхой бара, вукхунхьа – дагахь байташ йоьшуш бераш дара, жимма дехьа - КъурIан сураташ дагахь дешарехь къовсам бара дIабоьдуш. Кхин цхьа кхечу сонехь уггаре кегийчу декъашхойн самукъадакхархьама цаьрца лоппаргаш бусуш а, лоьлхуьйтуш а цхьа-ши жимха лаьттара.
Дезде кечдиначу а, дIадаьхьначу а нохчийн-гIалгIайн кхеташонан куьйгалхочуо Мусаитов Шайхис дийцарехь, и тайпа цхьаьнакхетарш хIинцачул тIаьхьа хIора шарахь а Iадат а дина, лелор ду Австрерачу вайнаха.
Мусаитов Шайхи: „Тахана кхузахь халкъ гулдалар уггаре а хьалха гIурбан Iийда даздар дара, вайн берашна хIара башха де дуйла а хаийта, церан самукъа а далийта. Кхузахь цкхъа а оццул адам вовшах кхетта дацара. Иштта оха сатеснера, вайнехан вовшашца марзо а алсам ер яцара теша, вайн дегнаш вовшашна кIадлур дацара теша, аьлла. И тхан Iалашо кхочуш хилла аьлла хеташ ву со, кхузахь адам иштта гулдалар а, церан самукъадал а гича“.
Цхьаьнакхетарехь дакъалаьцначу вайнаха билгалдоккхуш долу коьртаниг – ишттачу даздаршкахь адамашна юккъера херонаш дIайовлуш хилар, нохчийн къомах дукхахьолехь шех дозуш доцучу, тIаьхьарчу тIеманийн, цу тIамо нахана юккъехь яржийначу шеконаший кхоьллина долу вовшех къехкар я цатешар дайдеш хилар ду. Боккъал а, гуш дара Венерчу Алтерлаа майданахь вайнехан вовшашца цхьа инкарлонаш йоцийла, хийрачара лерина царна юккъе цим туьйсуш яржош ерш бен.
ХIунда аьлча, оццул дукха тайп-тайпана гулделлачу адамна юккъехь мел бен-бен хьежамаш а, кхетамаш а болу нах хиларх, ца хезара йигахь цхьаммо а я „позици-оппозици“ бохучунна тIехь я „манхадж - акъида“ бохучунна тIехь а къийсамаш беш.
Ша дуккхаъчу шерашкахь карате хьоьхучу берашца цхьана Iийданехь дакъалаьцначу Бисаев Хаважис ма-аллара, цу цхьаьнакхетаро кхин цкъа а гучуехира нохчийн къоман уггаре а сирлачех амалш.
Бисаев Хаважи: „ТIаьхьарчу заманчохь вайн къам дерриге а даьржина, декъаделла дара. Жим-жима и декъадаларш а, къестамаш а Iад а дитина, вайн схьагулдал дезаш хилар гуш дара. Ткъа и тайпа схьагулдалар чIогIа беркате хIума дуйла вайна тахана гуш ду-кх. Вай гулделлча кхузахь цхьанна а вовшашца вас а яц, хьагI а яц.
Массо а велавелла-векхавелла ву, берийн а, баккхийчеран а самукъадаьлла. Вовшашна нах бовзар хилла. Иштта хаза Iен а, даха а йиш йолшу ду-кх вай, вайн даха хиъчахьана“.
Летаршкахь толамаш баьхначарна мидалш а, толамийн тоьшаллаш а, совгIаташ а дийкъира. Ткъа берашна, байташ ешаран я КъурIан аяташ хааран говзалла гайтинчарна, цхьа а юкъах ца воккхуш, дийкъира совгIаташ.
Сарахь, дезде чакхенга дирзина, дIасабоьлхучу наха юхюха а билгадоккхура, и Iийда иштта даздар Iалашдинчара, нах сагIех кхетийтина ца Iаш, уггаре а коьртаниг – вайнахе иштта хаза вовшех марзо эцийтина хилар а, цунах боккъал а оццул долчу адамана кхаъ хилла хилар а.