„Ломахь, цхьана хазачу юьртахь, хин йистехь лаьттачу жимчу цIа чохь дехаш-Iаш дара Дадий, Бабий. Цхьа а доьзалхо вацара церан. ХIора сарахь, беттаса схьакхетта, седарчий стиглахь ловза девлча, Бабас доIа дора Деле:
„ХIай Веза Хила Дела, сан дехарна жоп лохьа, доьху ас хьоьга, и Воккха Стаг цхьалха ву даима а, ас-м хIун ден дарий, со-м дIа Iийр ярий, и Воккха Стаг цхьалха волуш хала ду-кх сан сина. Лохьа цунна цхьа жима хьадалча-накъост...“
И дешнаш Хаджиева Зараас яздинчу „Буйналбика“ цIе йолчу туьйранна юккъера ду. Вуно исбаьхьчу, цхьана агIор кIоргерчу, амма вукху агIор берашна дика кхетачу, аттачу маттаца яздина долу и туьйра, доллучу дуьнентIехь хIора а къомалахь аьлча санна даьржина долчу буйнал бен йоцучу йоIах, - орсийн маттахь Дюймовочка“ а, немцойн маттахь Däumelinchen, италхойн маттахь Тубелина, иштта дIа кхин а, - долчу туьйранийн цхьа тайпа ду. Доьзалхо воцуш къона къанделлачу Дадиний, Бабиний Дала, эххар а церан доIанашна жоп луш, цхьа цIоьмалг-йоI яларх а, церан леламех а лаьцна ду иза.
Хаджиева Зараъс вуно хаза дийцина иза, нохчийн синкхетамца а, амалшца а, меттан башхаллашца а цхьанадогIучу кепара. Цхьанна а агIор оьрсийн я ингалс я немцойн маттера деккъа дин гочдар лара мегар доцуш, ша-шах долу, шен хатI а, амат а долуш, нохчийн ширачу туьйранийн а, иллийн а санна къоман синбашхаллаш гойту туьйра хила цунах.
Зараас ша ма -аллара, цу туьйран коьрта турпалхочун Буйналбика цIе йолчу йоIан, - ала дашна, и цIе ша а ю вуно аьттоне хаьржина, - васт а, цуьнан цIе а, амал а цуо кхолла лууш, дагахь дуккхаъчу хенахь дуьйна кхаьбна хиллехь а, амма цхьа цIеххьана даьллачу бахьанийца, „ЭхI! ХIара ю-кх цу йоIана дика цIе!, - аьлла дагатессинера цунна.
Хаджиева Зараъ: „Со дукха жима йолуш дуьйна дуьненан литература езаш яра со, ткъа йоккха мел хуьлу а, оьрсийн туьйранашкахь Дюймовочка ю, японхойн „Мальчик с пальчик“ ву, кхечера кхин ду, ткъа вайн къоман хIунда яц теша и тайпа берийн персонаж, олий, ойла йора ас.
Кхано тIаьхьа, дуьйцуш томехь дацахь а, сан воккхох волу доьзалхо йоI хилча, тхан нанас элира: „Вай, хIара ма буьйналбика ю, буьйналла бен а ма яц хIара-м!“, аьлла. Эццахь дагадеанера суна, и ю-кх, берана тилла хаза цIе а, туьйранехь персонажана тилла цIе а, аьлла“.
Маршо радио: Буйналбика туьйранах цуьнан авторо Хаджиева Зараъс ша сценарий а язйина, иза тоххарехь Европерачу кегийчу хьовсархошна тайникийн театрехь массийтаза гайтина. Германехь ша ехачу гIалин ишколашкахь, немцойн матте гоч а йина, меттигерачу дешархошна а, ткъа иштта цигахь дехачу нохчийн берашна а гайтина цо и тайникийн спектакал, нохчий бераша шаьш ролаш а ловзош, кечйина йолу.
Хаджиева Зараъ: „ И тайнигийн спектакал оха гоч а йина, гайтича, массарна а чIогIа тайнера. Немцошна а, вайчарна а. Тхан директорна -немцочунна уггаре а тайнарг дара, масала, Бабас Дадина кIант вехар Деле, ткъа Дадас Бабина йоI ехар. Цу шиннан и вовшех болу къинхетам.
Юха оха иза гайтинчул тIаьхьа, юх-юха а цуьнга хьажа меттигерачу 4 ишколера бераш даьхкира тхуна. Ткъа вайн вешан нохчийн берашна а вуно чIогIа хазахеттера, нохчийн матахь и ролаш ловзор а, туьйра дийцар а. И санна хIума лелор вайн берашна мотт Iаморехь а, марзбарехь а хьалхара гIулч хила йиш яра аьлла хета суна“.
Маршо радио: Буйналбика цхьаъ хилла ца Iа, Зараъс яздина долу туьйра, цуьнан уьш кхин а ду. Хир долуш а ду, авторо кхин дIа а берийн литературица болх беш хиларо са ма тийсийтара. И тайпа нохчийн маттаца болх бар а, къоман литература а, исбаьхьалла а бала езар а, Соьлжа-гIаларчу университетехь филологи, вуьшта аьлча меттан говзалла Iамийна йолчу Зараин шен доллучу дахарехь схьадохьуш ламаст ду. Европе кхаьчнера аьлла, я даймахкана генахь яра яьлла цуьнга дита-м тешна а ца луш, мелхо а, и ламаст ларар ДегIастана гена хиларо кхин а алсам а доккхуш. Цуо ша иштта дуьйцу цу шен амалх лаьцна:
Хаджиева Зараъ: „Суна-м ца хаьа, иза муха эр ду а, со иштта адам ду-кх, и шира хIумнаш дезаш а, и кIорге оьшуш а, даима а цхьацца хIуман духе кхача лууш а. Ткъа цул тIаьхьа дешнашца, йозанца иза дIаяздеш а. Со кхиа гIалахь кхиина ю, ишколехь мотт тешна а ца хьоьхура тхуна, нохчийн маттахь дистхилар а ца магадора. Амма вайн доьзалехь даима а мехала хилла мотт а, дин а. ХIетахь Iедало дин лелор дихкина долчу хенахь а дуккха Iелим нах хуьлура вайн хIусамехь. Церан назманашка а, къамелашка а ладугIура ас. Тхайн дегара а, дененера а ладегIна ас вайн нохчийн Iадаташка а, ламасташка а“.
Маршо радио: Хийраллехь, геналлехь кхуьучу вайнехан берийн, хууш ма-хиллара, хIинцале а яккхий халонаш ю, ненан мотт Iаморехь а, иза бийцарехь а. Царна, цу нохчийн берашна, шайн ненан мотт муха, хIун дича марзлур бара теша, хIун некъаш хир дара те, царна и мотт биц ца балийта а, церан цуьнца шовкъ хилийта а, аьлла, шега хаьтттича, Зараъс иштта дуьйцу.
Хаджиева Зараъ: „Суна схьахетарехь, доккхохчу декъехь берашна мотт ца хаар – иза церан дай- нанойн бехк бу. Юхьенца, кхуза схьадаьхкинчу муьрехь, со берашна мотт хьеха гIерташ, лелла. ХIетахь хийла нохчийн зудчо олура соьга: „ДIаялахь, и мотт кхузахь, Европехь, кхин цхьанна а оьшуш а бац“, олий. Вай, Европина эша безаш ма бац вайн мотт! Европина хIунда эша безара вайн мотт, иза вайна ваьшна а оьшуш ца хилча?! Иза стеган сина оьшуш хила безаш ма бу, стеган тIамарах дIадоьлла хила дезаш ма ду и мотт безар. Ткъа дена я нанна ца оьшург церан берашна а оьшур ма дац“.
Маршо радио: „Европина оьшуш хила безаш ма бац вайн мотт, вайна ваьшна, вайн синошна оьшуш хила безаш ма бу“, - и Хаджиева Зараин дешнаш вайн къоман мотт мехала ца хетачийн а, цуьнца бала боцучийн а, тIехула тIе и мотт баларах кIелхьара баккха безара-кх аьлла, сихо еш боцучу къоман Iедалхойн а леламийн тIум гойтуш ду. И дешнаш хIора а нохчийн доьзалехь, дашочу варкъаца яздина, уггаре а гучу меттехь дIатоьхна хила дезара, аьлла хета, уьш даима а гуш, бIаьрга хьалхахь хилча мукъане а, шен ненан мотт мехала ца хетачарна шаьш лелочун ойла йийр яцара теша, аьлла, болчу сатийсамца.