ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дицдойла дац къомо лайна къематде


Оьрсийчоь - Соьлж-ГIала, 2015.
Оьрсийчоь - Соьлж-ГIала, 2015.

15- 20 шо хьалха шайгахь юьсуш хилла бакъонаш а яц тахана нохчийн карахь. Уггаре а лазамечух ду вайнах махках бахар Iедало хьахо а дихкина хилар. Делахь а, даккхалур дац я Кремле а, я цуьнан Нохчийчуьрчу Администрацига а адамийн коьртера шаьш, шайн дай-наноша Юккъерачу Азехь депортацехь лайнарг.

Цхьана агIор Iедало юха а дай-наноша махках бохуш а, Азе кхаьчча а хьегна баланаш бицбе а бохуш, вукху агIор, хIора юьртахь пIелгаш тIехь багар балла дийна бисина депортаци лайна нах а боцуш еанчу заманахь дицдала тарло жимчу чкъорана нохчийн Бохаман де.

Амма дицдойла дац. И доцийла гойтуш шайн бераш уьйтIа гуламе а даьхна, царна доцца дериг дIадийцина кху муьрехь, масала, Веданарчу шолгIачу школехь.

Цигарчу хьехархочо Гучигова Азас иштта бовзийтира шаьш хIоттийна гулам.

Гучигова: «Оха 23-гIа февраль даима а тергоне оьцуш ду, хIунда аьлча и дицдан йиш йолу де дац! Вайн дайша-наноша лайна бала тIаьхьарчу тIаьхьенна а дIахаийта, вайн къоман истори йовзийта, цара хIун лелийна, хIун бахьана долуш махках баьхна хилла хаийта. Тхан школехь кхайкхийна конкурс яра депортацех лаьцна сочинени язъян.

5-чу классера дешархочо шен деден дагалецамаштIехь язъйина сочинени тоьллачех яра, и сочинения тхан гуламехь цу йоIа дIа а йийшира, массеран а бIаьргех хи а доккхуш, даггара язъйина сочинени яра иза. Цул совнаха, тхан хьехархой дукхахъберш депортацехь бина бу, цара шайн дагалецамаш а бийцира».

КIезиг бисинехь а, цкъачунна хала гойла дац I944-чу шеран къематде дайнарш. Веданхочун Магомадова Совдин 80 шо ду.

Цо иштта дагалоьцу дайнарг, хьегнарг.

Магомадова: «Тхан доьзалехь пхи бер дара, нанас тIехь да а воцуш кхиош Сибрех дуьгучу шарахь. Сибрехахь дуккхаъчу наха шайн доьзалаш лела ца балуш детдоме дIалора. Тхан нене а олура хьоьга тIехь цIинда воцуш бераш кхиалур дац, дIало детдоме, олий. Тхан нанас лур дац, сайн йоIах метишка а йийра яц ша, кIантах гIазкхи а вийра вац, сайн когаш лелаш мел бу, сайн доьзал кхабалур бу шега олий, жоп лора. Нанас дола деш, дика лела а дора тхо.

Аьчган некъа тIехь балхахь яра тхан нана. Цигахь шельялар бахьана долуш и цомгуш хилла, уггар жимахволчу сан вешийн 7 шо а долуш, нана кхелхира тхан. Дай-наной, йижарий, вежарий, дуккха а нах Сибрехахь белла бисира тхан. И де дагахь латто деза, лаьттар а ду хьалхарчарна, тIаьхьарчашна дицлахь а».

Генарачу Сибрехахь лайна къиза Iер-дахаран хьелаш, цамгарш, баларш, хьегна мацалла цкъа а дицдан мегар дац бохуш далхийра Чиллан-беттан 23-чу дийнан тешо Устарханова Тумишас.

Устарханова: «Караэцнарг бен хIума доцуш, мича дуьгу а ца хууш, I8 дийнахь-буса некъ бина, дIакхачийра тхо цавезачу метта. Юха байтамант олучу метте дIадигира тхо, казахашна юккъъе. Уьш тхох кхоьруш, тхо царех кхоьруш хан ехьира оха. Кхе тилла дацара, яа-мала яцара, юха яцара. Iаьржа хьал дар-кха, Iаьржа хьал! Уггар сан доьхна де- мацаллин, шелонан бала бар-кха. И де дицлур дац я дицлойла а дац»!

Баккхийчеран дийцаршка ладоьгIча, хала киртиг хилла нохчашна хIетахь тIехIоьттинарг.

И Iазап лайначарна-м ца оьшу вайгара я леткъамаш а, я тийжамаш а. Церан хIумма а ца дов, я тIе а ца кхета вай дийцича а, я дицдича а.

Амма оьшу иза тIаьхьенашна, оьшу къоман тай ца хадийта, селхаленаш таханеца а юзуш гIолехьа кхане кхоллархьама, шаьш вайл а дика хилийтархьама, вайн гIалатех ларбалархьама.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG