ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн къам дохийна де дагалецира Малхбузерчу гIаланашкахь


Германи -- Берилин. Нохчий бохоран де дагалоцуш.
Германи -- Берилин. Нохчий бохоран де дагалоцуш.

Цкъа а ца хиллачу кепара дукха адам арадаьллера тайп-тайпанчу Малхбузерчу пачхьалкхашкахь нохчий, гIалгIай дIабохийна де дагалаца.

Белгехь нохчийн, гIалгIайн къаьмнаш дIадохор дагалацар хьалхатIаьхьа даьккхинарг яра цигахь масех шо хьалха кхоьллина йолу вайнехан кегирхойн „Вай ду“ цIе йолу цхьаьнакхетаралла. ХIора шарахь санна цу боламерчу жигархоша Белгерчу тайп-тайпанчу гIаланашкахь беха вайнах гулбинера Антверпен гIалахь, къоман бохаман де дагалаца а, и бохам гинчу баккхийчаьрга тIекхуьучу чкъурана цунах лаьцна дийцита а.

Антверпен цхьаъ хилла ца Iа кху деношкахь нохчийн къомана тIе хIоьттинчех уггаре а къизачех а, халачех а цхьа киртиг хилла долу вайн къам Сибреха а, Юккъерчу Азе а дIадохор дагалаьцна Малхбузера гIала. КопенхIаген а, Париж а, Торонто а, Вена а, Берлин а - иштта шуьйра I944-чу шеран чиллан баттахь вайнахана тIехIоьттинарг дагалаца арабевллачийн географи.

Берлинехь немцойн-кавказхойн доттагIаллин юкъаралло Бранденбургийн кевнашна хьалха а, цигара гена йоцуш лаьттачу оьрсийн векалтина хьалха а митинг дIаяхьира. Цу юкъараллин куьйгалхочун гIовс волчу Душуев Рахьмана дийцарехь, дуккхаъ кегирхой а баьхкинера цигахь дакъалаца а, тешийн дийцаршка ладогIа а.

Душуев Рахьман: „КIирандийнахь вовшахкхетта, нах алсамох а богIур бу аьлла, 22-чохь гулделира тхо. Дуккхаъ нах баьхкинера. ДIадохийначу хенахь Казахстанехь а, кхечу меттигашкахь а бина болу нах а бара царна юккъехь, цIадаьхкинчул тIаьхьа дуьненчу бевлларш а бара. Дуккхаъ кегирхой а, бераш а дара, хIетахь вайн къоманна тIехь йинчу къизаллех ладогIа баьхкина. И санна долу цхьаьнакхетарш хIора шарахь деш ду кху Европехь. Кхин дIа а иштта бийр болуш бу и болх. ХIунда аьлча, вай диц дан йиш йолуш хIума дац иза“.

Вуно жигара вайнах махках бахар карладаьккхира Венехь бехачу нохчаша а, гIалгIаша а. КIирандийнахь меттигерчу диаспорин декъашхоша вовшахтуьйхира дагалецамийн суьйре. Цигахь дакъалоцуш вара дуккхаъ шерашкахь Нохчийн Республика Ичкерин цIарах Австрехь векалалла лелош волу Ибрагимов Висита а. Цуо шен къамелехь хьахийра, къам дIадохоран де дагалацар санна долчу гулдаларшкахь вайнахана кхеташ хила деза, вайнзаманахьлера къоманна юккъера барт бохар а, тобанашка декъадалар а нохчийнарг санначу жимчу къомана мел эшаме ду бохучух аьлла. Цуо дагалецира хIинцачул итт шо хьалха Венехь нохчийн диаспора хIинца-хIинца бен гулйала йолаелла йоцучу хенахь мел бертахь бара хIинца тайп-тайпанчу тобананашка бекъабелла болу вайнах, бохург.

Ибрагимов Висита: „Вайн массеран а юкъара лазам бу хIара. Кху чохь гулбеллачех цхьаннан а доьзал хир бац, шайх и бохам, я цул хьалха а, тIаьхьа оьрсийн пачхьалкхо вайна биа болу бохамаш, хьакхабаланза, я ден агIор а, я ненан агIор. Сан сайн денда къам дIадохадале лаьцна дIа а вигина, тIепаза вайъина ву. Тхан тхана Сибрехахь кхелхина, дукха къона а йолуш, тхо пхи бер а дуьсуш. Дукха йоккха кийсак яьккхина вайх цу мостагIчо. Амма вайн къам сайна шен хIумана кхечу кхомана къинтIера даьлла къам лехча а карор дац. Кхечу къоманна дитахь а, амма вай вовшалахь дукха чIогIа дера а, сиха а хуьлу вай, пайдабоцучу хIумнашна тIехула декъа а луш, вовшашна чучча гIорта кийча а хуьлуш. Вайн барт чIагIбан хьовса деза вай, юккъера херонаш дIа а яьхна“.

Цу цхьаьнакхетаре веана хиллачу Украинин Австрерчу векало Шерба Олександра билгалдаьккхира, украинхойн халкъана хIинца кхетта, шаьшна тIехь оьрсийн агресси хIун ю шайна хиинчул тIаьхьа, мел харц хиллера, Оьрсийчоьно Нохчийчоьнна тIом кхайкхина, эзарнашкахь адамаш дойъучу хенахь шаьш дист ца хуьлуш, и гIело а, и харцо а ца гуш санна, Iийна хилар, бохург. Нохчийн къам маьрша хилар, украинхой къам маьрша хилар а цхьаьнадузуш хиларх хIинца кхетта шаьш элира цуо.

Шерба Олександр: „ХIинца Украинехь инзаре трагеди хIоьттича, украинхошна дуьхьал инзаре зуламаш дечу хенахь, вайна дагадан деза, уггаре а хьалха цу зуламечу режиман къизалло лаьцнарг нохчийн къам хилла хилар. БIеннаш эзарнаш нохчи байъира цу шина луьрачу тIамехь. Ткъа тхох, украинхойх, дуккхахберш Iийра, бист ца хуьлуш, хьежа а хьоьжуш. ТIаккха цул тIаьхьа и харцо гуьржишна тIехь хIоттийра. Юха а тхох, украинхойх, дукхахберш бист ца хуьлуш, хьежа а хьоьжуш Iийра. ХIинца тхаьшна тIехIоьттина тхуна иза.

Оха, украинхоша, баркалла олу нохчашна, нохчийн къоман тоьлла болу кIентий Украинин маршонехь къуьйсуш хиларна. Оха, украинхоша дицдан мегар дац, нохчийн къоман маршо – иза украинхойн маршо а хилар. Ткъа нохчаша дицдан мегар дац, украинхойн маршо – иза нохчийн маршо хилар. Вайн юкъара гIуллакх ду иза. Цундела сийлахьа хуьлда Нохчийчоь! Сийлахьа хуьлда Украина! Сийлахьа хуьлда маршо! Вай тулур ду!“

Депортаци юьйцучохь ца хьахон йиш яцара къам дIадохор дийцаре дан воьхьна аьлла, доцучу бахьанашца хан тоьхна, набахте воьллина волу адамийн бакъонашларйархо Кутаев Руслан а. Кутаевн масалина тIехь гулбеллачара дийцаре дира, нохчийн къам хийлаза исторехь ден а, хIалакдан а гIиртинчу оьрсийн Iедалша, нах байъина ца Iаш, цу шайн зуламех болу дагалецамаш а байъа гIерташ хилар.

Ишта гуллбеллачара доIа дира цу бохамехь а, цул тIаьхьа хиллачу тIемашкахь мел кхелхинчарна тIера.

XS
SM
MD
LG