2012-чу шарахь Гуьржийчуьрчу Лопота чIожахь хилларг Маршо радионо а, кхечу хаамийн гIирсаша а дукха дийцаре дина ду. Амма кху деношкахь Венерчу инарла прокуратурано ша шех Абу Хьамза олучу, Мохьмад цIе йолчу нохчочунна дуьхьал теттина бехк, цунна дуьхьал цу Мохьмада я Абу Хьамзас дина мукIарло а хIинцалц схьа Лопота чIожехь хиллачух лаьцна мел яздинарг а, дийцинарг а кхечу агIор гойтуш хIума ду.
ХIунда аьлча, дуккхачу шерашкахь Имарат Кавказан Австрерчу векалех цхьаъ ларалуш хиллачу, тIемашкахь чахчийна джихадхо а ларалуш хиллачу Абу Хьамза Мохьмада мукIарло дина, ша бакъдолчехь тIемлошна юккъе айкхаллаш дан хьажийна волу оьрсийн тIеман къайлахчу сервисан агент а ву, шена тIехь куьйгалла деш волу шен буьйранча Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, цуьнан гергара стаг Кадыров Ислам а ву аьлла. 2005-чу шарахь дуьйна ву ша оьрсашна болх беш бохуш чIагIдо цо, цуьнан адвоката дийцарехь. Амма дерриге а шен-шен рогIехь.
38 шо долу Мохьмад, цуьнан фамили Австрерчу низамашца гIарйоккхуш яц, 2005-чу шарахь Австре мухIажар санна веана ву. 2009-чу шарахь дуьйна Iедало позитиве сацам бина цуьнан тховкIелонах долчу дехаран хьокъехь.
Цул тIаьхьа ша шена Абу Хьамза аьлла цIе а тиллина, Австрехь а, йоллучу Европехь нохчийн мухIажаршна а, тIемлошца озабезамаш болчу нахана а юккъехь Имарат Кавказан цIарах жигаралла лелош хилла иза, Австрерчу прокуратуралло яздинчу цуьнан бехканийн йозанехь билгалдаьккхина ма-хиллара.
2012-чу шарахь иштта Австрехь мухIажаран статусехь вехаш а, иштта Имарат Кавказан векал ша волчохь лелаш а хиллачу, ткъа карарчу хенахь ша шех Исламан Пачхьалкх олучу ДаIиш тобанехь волчу Чатаев Ахьмадца цхьаьна цу Абу-Хьамзас вовшахтоьхна хилла 17 стагах лаьтташ йолу Европерчу кегийчу нахах тоба, Гуьржехахула Дагестане а, цигара дIа Нохчийчу а тIом бан баха луучу.
Цу тобанца уьш цкъа хьалха Тбилиси а бахана, цигахь Чатаевс герза а делла, хьаннашкахула Лопота чIоже бахана Оьрсийчоьнан доза хадон дагахь. Хьалхехь дуьйна харцахь баьлла хилла болу и некъ, хIинца хууш ма-хиллара, тIемлойн тобан цхьана агIор гуьржийн нуьцкъаллин структурашца тийсадаларш хиларца, вукху агIор, оьрсийн эскарша царна тIе ракеташ еттарца дирзира, Европера Абу Хьамзас а, Чатаевс а дIабигинчу кегийчу нахах доккхах долу дакъа дийнера.
Бакъду, Чатаев а, Абу Хьамза а ший а дийна а висна, ший а цул тIаьхьа Австре юхавирзинера. Нагахь санна Чатаевх, шена Австрехь Давид Маер аьлла керла цIе тIе эцна хилла волчу, дукха хена дуьйна схьа иза оьрсийн къайлахчу сервисашна болх беш ву бохург дуьйцуш делахь, цу хIуманна тоьшаллаш дацахь, хIинца Абу Хьамза Мохьмада ша мукIарло дина, ша хьалхехь дуьйна тIемалошна юккъехь шпионалла лелош волу оьрсийн агент вара аьлла.
Иза цуьнан адвоката Блашик Вольфганга, ала дашна Венехь уггаре а везачех цхьаъ волчу, элира Венерчу кхелехь, Мохьмад 21 стаг верна бехке вечу. „Дуьйцийла а яц сан цо цхьа а вийна бохург. Сан клиент бакъдолчехь оьрсийн тIеман къайлахчу сервисан белхало ву.
Иза лерина цу операцехь дерг талла хьажийна хилла оьрсаша. Ткъа герз цо хьажош тоьхна дац цхьанна а, ша тIом бо моттийтархьама раз диттина цо герз“, - бохуш дийцира адвокато Имарат Кавказан векалх дерг.
Цул совнаха, адвокато билгалдаьккхира, бакъдолчехь Лопота чIожехь хиллачуьн жоьпалла бакъдолчохь дерриге а Чатаевн тIехь ду, иза ву и операци кечйинарг а, дIаяьхьнарг а аьлла.
Блашик Вольфганг: „Суна долчунна иза ву коьрта бехкеверг, цигахь хиларг кечдинарг а, кхочушдинарг а. Иза операци дIаяхьа омра делларг а. Иза жоьпе озийна а вац кху процессехь. Иза кхузахь бехкечун гIентахь Iаш а вац, симболикаллечу агIор а ур-атталла. Дуьненаюкъара лацаран омра а дац цунна дуьхьал арахецна. Доцца аьлча, вуно кIеда дуьйцуш ду цуьнан гIуллакх“.
Цу юкъана 34 агIонах лаьттачу Абу Хьамзин бехках долчу прокуратурин талламийн документехь билгалдоккхуш ду, Лопота чIожехула нохчийн тIемалойн тоба дехьайолуш хиларх информаци мухха а кхаьчнехь а боккъал а оьрсийн къайлахчу сервисашка кхаьчнера аьлла.
Прокуроро Бин Леополда билгалдаккхарехь, Чатаев Ахьмад Шема а вахана ДаIишах дIакхеттачул тIаьхьа Мохьмад Абу Хьамза Австрехь цуьнан куьйга метта волчун декхарш кхочушдеш хилла.
Прокуроро Бин Леополдо иштта билгалдаьккхина шен бехк талларан йозанехь, нагахь санна карарчу хенахь цу стаго шен адвокатехула ша тIемло а вац, ша цхьа а вен а ца вийна, тIемлошна юккъе мотт бетта хьажийна оьрсийн агент вара ша бохуш чIагIдахь а, хьалха мелхо а ша Гуьржехахь дукха нах байъина бохуш дозаллаш дора Абу Хьамзас аьлла.
Иштта 2013-чу шарахь Венерчу конституци ларйаран сервис шех олучу австрихойн къайлахчу сервисе ша дийцина хиллера, массара а Лопота чIожехь кхо гуьржийн эпсар бен ца вийна бахахь а, шена дика хаа, ша цигахь дуккхаъ дукхох нах байъинийла, бохуш.
Цу юкъана Лопота чIожехь Абу Хьамза а, Чатаев Ахьмад а ши баьчча ший а дийна а вуьсуш, байъинчу кегийрхойн дай-наной бу Европехь а, Австрехь а цу кхелан тIехь терго еш.