«Дицдан омар ду» цIе йолу, Нохчийчохь, оцу бохамах лаьцна яьккхинчу фильман, гуонахь яьлла гIовгIа, йирзина яц, иза, Оьрсийчоьнан культуран министрална мел лууш хиллехь а. ДIабаханчу баттахь, цунна, Оьрсийчохь шуьйра гайта, бакъо луш долу кехат ца деллера, цуьнан чулацамехь, бакъ доцург ду аьлла.
Дуьйцург дара, ГаланчIожехь, Хьайбах оьвлахь, нохчий дIабохочу хенахь, божал чохь, 700 сов стаг вагийна хилар, цхьаннахь а тоьшаллаш дац аьлла. Оцу бахьанца, фильмо, барт болчу Оьрсийчохь, къаьмнийн юкъметтиг хIаллак йийра ю, аьлла дара, авторашка, официал деллачу жоьпехь. Кино, боккъулийна, ца гайтар совнах, бIеннаш эзарнаш, цуьнга сатийсина болчеран, харцо тоьлла юха а, аьлла, дог-ойла а юьтуш, халахеттера.
И фильм, яьккхинчу тобанна коьртехь хилла волу, цуьнан долахо-продюсер Коканаев Русланан, иза массийта фестивальшка дакъалаца дIакховдор бен кхин хIума ца диснера, иза, чуьрчу бахъархошна доьххьара, нохчийн историйн Iаьржа денош, дагдоуьйтуш Iалашонца яьккхина йолун дела.
Тахана, сатийсам кхоллабелла, иза доьххьара Нохчийочхь гайта бакъо луррг хиларна. ЦIеххьана, оцу фильмана а, цуьнана авторшна а тIехоьттина, Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхо Абдурахманов Дукхваха.
Цуо, цаьрца цхьанакхетар дIадаьхьара. Хьайбахера бохам бакъ хилар, тоьшалла далош, шайгахь, хIета яздина хилла документаш ду аьлла дIахьедар дина нохчийн спикера. КестолгIа уьш гIарадогIура долуш ду. Шай фильман цIеххьана хийцабала мегачу кхолламах, Маршо радиога дийцира проюсер Коканаев Руслана.
Коканаев Руслан: «Со дIа а кхайкхина, Москохара схьа а валийна режиссер а схьавалийна, вистхилира иза. Хьайбахехь хиллачуьнна, культуран министраллехь аьллачу хIуманна ша реза а вац, цу хьокъехь шаьш дина дIахьедар а ду кечдина бохура цуо. Политикийн историйн архивера Маленкован цIарах, Мальсагов Дзияуддис яздина оцу хьокъехь долу кехат ду шайгахь боху цуо. И гIортор йира цуо тхуна».
Цхьана шарахь сов яьккхина йолу и фильм, доьххьарлера ю, нохчаша, шаьш дIадохорах лаьцна, шуьйрачу барамехь, исбаьхьаллийн кепехь яьккхина йолу. Иза, йоккхучу хенахь, оьрсийн цхьацца политикаша а, историкаша а, емал йора, бакъдоцург ду иза бохуш.
Иза, гайтаме яьккха мегар яц аьлла, культурийн министраллерачу цхьана урхалло сацам бинчулла тIаьхьа, иштта къийсаме яьллачу фильман оьшуш йолу реклама йира. Шай и Iалашо яцара, кортаниг-цуьнга сатуьйсучу нахана иза дIакхачор, яра бохуш кхин дIа а дуьйцу продэсер Коканаев Руслана.
Коканаев Руслан: «Тхо-м цуьнах цхьа а гIовгIа яьккха а, я пиар ян а дагахь дацара. Ахчанна Iалашо а яцара тхан. И кино яьккхинчулла тIьахьа. Иза гайтар дахдар дара ша дерг. Кино яьккхина бутт а, ши бутт а баьлча, и кехат луш а ца хилча, Хьайбахехь хилларг-бакъ дац, аш буьттуш болу пуьтташ буи за бохуш хилча, кхин дан хIума а ца хилла, видеоролик йинера ас. Иза интернетехь гайтира.
ТIаккха цуьнан гонахь гIовгIа елира. Хаамийн гIирсаша а шай болх бира, иза даржадеш. Суна Дела реза хуьлда ала лаьа. Дукхваха, суна даиманна тIекхача аьтто болуш хилла ву, оха иза йоккхучу хенахь».
Тахана, «Дицдан омар ду» аьлла цIе йолу и фильм, массийта фестивале дакъалаца чуелла долахочо. Шеко яц, Европехь а, кхечу меттигашкахь а, цуьнга хьажа а, цуьнан мах хадо а лууш хилар. Амма, масала, Оьрсийчохь, иза гайта бакъо лахь, дукхачу фестивалешка иза ца кхача а мега. Цундела и хIума а дикка талла дезаш ду, бохуш кхин дIа а дуьцу Коканаев Руслана.
Коканаев Руслан: «Тахана тхо Варшаверачу кинофестивале кхойкхуш ду. Иштта, Москохарчу кинофестивале а, «леррина гайтар» аьллачу кепехь дакъалаца кхайкхина а дут хо. Цунна тхо хIинца а ойла еш ду. Бусулбачу пачхьалкхашка а а чубелла оха, дакъалацаран лаам. ХIина йола а елла, гурралца хира йолуш ю уьш. ТIаккха, тхо сатуьйсуш ду цунна.
Гайтина а хила йиша яц кино, телехьожийлехь а хила йиша яц, интернетехь а хила йиша яц иза. Цундела, оха и хаттар толлуш ду. Бакъду, кино яьккхинчу махкхаь иза гайта бакъо ют хан. Тхан хиллачу цхьанакхетаро, сатийсам кхоьллина оцу хIуманна. Гергарчу хенахь, суна хетарехь, иза гойтура ю кхузахь, вай цIахь. Ас сайн агIонна тIехь кхайкхора ду иза».
Сатийсам бу тахана Нохчийчуьрчу Iедалша, оцу къйисаме яьккхинчу фильман агIо а лоцуш, дIахьедарш дича, цунна гайта бакъо лург хиларна. Амма, шеко йоцуш хIума ду, иза гайтинчулла тIаьхь, цуьнан гуонахь долу дийцарш дIадоьврг ца хиларна. Тахана а, дуккха а нах бу, Оьрсийчохь, нохчашна йина йолу депортации, нийса йина бахаралла сов, Хьайбахехь, хилларг аьттехь дац бохуш.