Падаров Iаьрби
Нохчийн мотт
Азаллехь кхуллуш вай, мерза
кост –мотт вайна белла,
Маттаца – дуьненахь къоманна
когхIотто лард.
Бицбахь и – нохчийн къам – дахахь а –
хир ма ду делла,
АллахIа гечдийрдац, хоттур бу
Эхартахь барт.
Цунна ду: дайша и къийсамехь
ларбина хийла,
Лардина Iадаташ, нохчаллех
ца бухуш цуьрг.
Церан и весеташ хьоьшушверг
хира ву мила?
Цу тайпа волчуьнга кховдо а
оьший-те куьг?
Дуьненан марзонаш
ненан марзонашца евзаш,
Аганахь эсала хьистинарг экаме са,
Нохчийн мотт ма бара.
Цундела, сил иза безаш,
Геналло кхайкхарх а,
дегнаша вай доьху цIа.