Хьаъа а масал эца мегар долуш, чолхе, кхераме дахаран некъ хаьржинчех цхьаъ ву Теркйистан кIоштара, Горагорскехь кхиъна а, дешна а волу Тимерсултанов Сулима.
Цо чекхъяьккхина Оьрсийчохь уггаре даладеллачех цхьаъ ларалуш хилла Ейск-гIалара хIаваакеманийн училище. Тимерсултанов Сулим ву дуьйцуш ша цига деша вахарх, экзаменаш дIаяларх.
Тимерсултанов Сулима: "Со училище ваханчу хенахь, цигахь цкъа а ца хиллачу кепара конкурс яра – цхьана метте 11,5 стаг волуш. И ду I978 –гIа шо. Ейскан училище. Цу хенахь иза уггаре тоьллачех, шираче, гIараяьллачех цхьаъ яра".
МР: Хьан цIерачара къобалдеш хIума дарий хьо цига деша вахар?
Тимерсултанов: «Дацара. И шена хиича, тхан нанас аьллера: "Дог а ца дохош, дIавахийтийша, гIуллакх а ца хилла цIа вогIур вара иза-м". Цу тIе жима волуш, динбух а каггийна, цомгаш хилла а мА ву иза дIавахийтийша,цIа вогIур ву».
Цу шарахь со экзамен а йоцуш университете дIаоьцуш вара Соьлжа-гIалахь, амма ас хIаваакема хаьржира. Теркйистан кIоштехь 7-чу классехь дуьйна ерриг олимпиада а схьаяьккхира математика а, физика а хаарехь.
Сан ишкол а чIогIа яра. Хьехархой а дика бара, Iама а дика дора, бакъдерг бакъ хила деза. Хьалхарчу математикан экзаменехь 4 сохьтехь беш болу болх ас 18 минотехь бира. Суна, профессор Белкин бохуш вара иза, тIевеара экзамен дIалуш. Цо элира, хьажа а хьаьжна, цецваьлла: О-о, джигит, давай еще посмотри! – Суна хаьара айса нийса йинийла».
Тхойшиннан кхидIа нисделлачу къамелехь го аьлла хетта муха адам–юьхьша ву а, дахарехь шен меттиг дIалаца цо мел къахьегна а, дестийна ала а ца оьшуш, мел ирхенаш цуьнан къарьян дезна а.
МР: ХIан, деша дIахIоьтти хьо. Дешна ваьллачул тIаьхьа хьо хIавакеманашца волу мел хан ю?
Темерсултанов : «Ларахь, 1982-чу шарахь дуьйна 30 шо ду-кх. Ши шо ду со кеманна тIера охьавоьссина, могашалла бахьанехь. Кхузаманан кеманаш чолхе ду. БIаьрса охьахиъна сан цIеххьана. ХIетале со 1-чу классан кеманхо а хилла, 1-чу классан кеманхо-инструктор а хилла сох. Со,чолхечу хьелашкахь гIуллакх дан, инструкторш Iамош хьехархо а хилла".
МР: Стенгахь бина ахь и болх?
Тимерсултанов: "Калиниградехь бира ас и болх, Балтикехь. Цигахь дуьххьала СССР-н исторехь, со эскадрилиян коьртехь а волуш, ткъех кеманна коьртехь Германе дахара тхо. МогIа бинна, цхьана эшшара кеп-низам а лардеш. ХIинца хIокхара кхо-диъ кема а гойтий, цецвоккху со, "къаьхьа де", олий".
МР: Хьо нохчо ву, аьлла, тIеIаткъам беш, эшам беш хIумма а дарий?
Тимерсултанов: "Дера дацара. Цигахь хьо мича къомах ву, бала бацара. Цигахь хоьттуш дерг, ахь кема муха дуьгу, говзалла, ахь пушка муха туху, ракеташ муха йохуьйту, пилотаж муха хьовзайо… Цуьнца суна хало яцара".
МР: Карарчу хенахь стенгахь ву хьо ?
Тимерсултанов: «Со буьйранчийн пунктан хьаькам ву (начальник командного пункта) Североморскехь, тIеман хIаваакеманийн эскарехь. Иза Къилбаседа флот ю-кх. ХIаъ, «Курск» хIаллакъхилла, авианосец «Кузнецов» лаьтта меттиг ю.
Со цигахь вевзаш а ву, даламукъалахь, нохчийн цIе йожийна а вац, со мила ву а хаьа, вайн гIиллакхех воьхна а вац. Нохчий хьуна бакъдерг дезахь, хIора а шолгIа нохчо, малонча -Iилманча ву. Муьлхха а нохчо, ахь нийса некъ гайтахь, говзанча а хилла дIахIуттур ву, аьлла, тешна ву со…
Тхо кеманхой, лецначу нахана юкъахь санна, юкъаметтигаш-иерархи ларьеш ду. Цигахь хьоьга стигалахь хIумма а ца далахь, лаьттахь къамел ца дойту…»
МР: ХIинца цига нохчий бераш кхаьчча, царна тIе куьг хьекха дезаш, озабезам бан безаш хIума-м ца нисло хьуна?
Тимерсултанов: «Теркйистан кIоштан Калаусера ши кIант валийнера цига арме 3-4 шо хьалха. Онда вара ший а, черчий санна. Царна муьшкаш еш меттиг йогIура, ткъа цара тухий охьавуьллура. Милла велахь а.
ХIара шиъ ма вац бегаш бойтуш. Цхьана дийнахь цу шиннах цхьамма соьга телпо туьйхи-кх, Iелас. «Охашимма тхайн прапощикана чIогIа етта а йиттина хьуна, тхойша чувуллуш а ву хьуна, аьлла. Накъосталла де а ца боху цара.
Со полеташкахь вара. Ас сайн доттагIчуьнга зIе туьйхи, гIой, хIун ду хьажахь, аьлла. Цунна и тема евзаш яра. Оьрсийчоьнан турпалхо а волуш, воккха хьаькам ву иза, полковникан даржехь. Ас боху, Паша ,сихха гIолахь, церан гIуллакх прокуратурехь ду хьуна.
Иштта, вахана Павел цига. Цу шина тIевитна хIара. Цу шинна ма ца хаьий, хIара мила ву, бератIорз санна жима полковник. ХIун-мила ду хаьттича, цу шимма дийцина. Шаьшшимма шайн рогIехь аннаш дилнера шина дийнахь, цул сийсазвеш хIума аьлча, охашимма йиттина цунна. Ма-дарра хиича прокурорана тIе вахна, и ши кIант дIахецийтинера Пашас».
ЦIера ваьлла ,дуьне гездеш и лела 35 шо хан елахь а ,цуьнан къамелаца ,леларца ,мотт бийцарца ала хала ду оццулчу хенахь иза геналлехь гIуллакх деш ваьхна. Оццул хаалуш бу цуьнца нохчалла боху кхетам а,мискъал зарратал а хервелла ца хетало Тимерсултанов Сулим вайнехан гIиллакх- Iадатех а , яхь-оьздангаллех а. Гарехь и перза кхетамаш,бераллехь дуьйна, цуьнан сих-цIийх дIаийна,абада аба даллалц цуьнца бисна.