Юьхьанца, Советан мехкийн кочарахь шайн мохк болучу заманахь, массо а къаьмнаш санна, шайн аьтто боллучу хьесапехь дахаре дΙа а гΙерташ, тийна таьΙΙина шайна чохь дегабаамаш а гулбеш, бехара нохчий. Юкъара Ιедал духучу кхаьчча, Оьрсийчоьнах шаьш хьакхабелчхьана дуьйна а дика гина а боцчу царна бовбовла лиира. Оцу лаамца цара, шайн суверенитет а кхайкхийнера.
Оцу заманца дуьстича, хилира маьрша ала догΙуш харжамаш. Кремло а, цуьнгахьа дог лаьттачу чуьрчу ницкъаша а суверенитетна дуьхьалгΙовттийна боламаш – тΙелераш, тешнабехкаш, герзаца тΙелетарш лаьттинехь а, шех маьрша олу Нохчийчоь яьллера йозуш йоцу пачхьалкх хуьлучу новкъа.
Нохчийн мохк маьршачу кепашца мутΙахь бойла доцийла, иза баккъал а ша-шен дахаран хьелаш чΙагΙдеш буйла гора Оьрсийчохь. «Йохк-эцаран терахьашца Петербухал хьалхаяьлла Нохчийчоь, Москохал тΙаьхьа, шолгΙачу меттехь ю иза» - бохуш дара, масала, хΙетахьлерчу демократан, Оьрсийчоьнан Къилбаседанерчу шахьаран мэро Собчак Анатолийс цкъа дина къамел.
Иштта а, цундела а болабелира хΙинца а бирзина ала а доцу тΙом.
Стагга а вацара Нохчийчоьно ницкъаша герзе валийна, ша ларъян декхаре вина. Амма верриг а санна кхетара, даймохк ларбар хьанал дуйла, шен къоманна гΙело еш хьийзачу Кремлан эскаршна дуьхьалхΙоттар къонахалла юйла.
...Оцу маьΙнехь къонахалла гайта арабевллачийн доккхаха дакъа эхартахь ду. Жимаха дакъа дамар-дарц хилла даьржина Малхбузехула , Малхбалехула.
Амма оцу хΙетахь шайх «къоман яхь йолу къентий» берриг а махко а олуш хиллачу агΙонан кхин ши гара а ду таханлерчу нохчашлахь – хΙинца а герз охьа ца дуьллуш, къар ца луш, лаьмнийн хьаннашкахь къийса бисинаршший, сила йолчу Оьрсийчоьнан набахтин ситемано шена чубаьхьина, балехь бохку тутмакхашший.
Оцу тΙаьххьарчу шина гаранах, замано хийцина нохчийн таханлера хатΙ тергоне эцча, ала тарло маршонан бобераш, я къомана совбевлла кΙентий.
Юьхьанца массарна а хилла тΙом шайнна бисинчийн хьал-де, мел-мухха а делахь а, гуш, хууш ду лаьмнашкахь лелхачу тΙематийсадаларшца. Ткъа мехкан агΙор цхьа а терго а йоцуш, баланаш хьоьгу Оьрсийчоьнан набахтешкахь кхечу эзарнаша.
2004-чу шарахь 18 шо хан а тоьхна, дΙахьажийна набахте Буматара Успанов Ιимран. Оцу хенах дΙаяьлларг ю 8 шо. Шена Соьлж-ГΙалахь мехкан Лакхарчу кхело къастийна таΙзар харц а лоруш, цо Ιедале аьрзнаш дан долийра ша чувоьллинчу хьалхарчу деношкахь дуьйна.
Белхаме дацахьара, беламе хир дара цунна кхайкхинчу сацаман маьΙна: Нохчийчохь оьрсийн эскаршна дуьхьало ян дагахь, Успановс оьккху коьчал вовшахтоьхна 2003-чу шеран Мангал-баттахь, ткъа ша эккхийтар дина оцу коьчалца бутт хьалха. Кхечу дешнашца аьлча, цкъа хьалха эккхийтар дина, юха цхьа бутт баьлча карийна и эккхийтар дан молха!
«Собар дайша, иза муха нисло, зулам динчул тΙаьхьа и дан со муха кечло?» - бохуш ду нохчийн тутмакха язде аьрзнаш.
Успанов Ιимранан къамел харц доцийла хаийтира Маршо Радиона Москох «Правовая инициатива» («Низам лардарехьа») цΙе йолчу бакъоларъярхойн юкъараллан векала Кушлейко Анастасияс. Иза а, цуьнан накъостий а дукха хан ю, Успанов Оьрсийчохь шайга балех хьалхаваккхалур воцийла а кхеташ, Страсбургерчу Европан кхелан неΙарх беттало. Амма хΙумма а дан ца елла нийсо толош цкъачунна.
Кушлейко: «Ιимрана кхелан сацам хиллачул тΙаьхьа дехна тхоьга шена гΙо, цул тΙаьхьа эцна оха тергоне цуьнан дов. Уггаре хьалха оха зийра цо шена лоцуш а, лаьцча а йиттина бохург.
Оха доккхачу декъанна Страсбурге хьийсаде аьрзнаш, уьш адам Ιедало еттарх Ιалашдечу 3-чу артиклца дозурш ду. Ιимранан гΙуллакхехь цуьнан массо а дареш ду иза дукхазза а хьийзош цуьнгара даьхна лаьцначул тΙаьхьа а, таллам дΙахьош а.
Тоьшаллаш а ду цуьнан. Оцу агΙор аьлча, и дов адамашна тIехь гΙело латтош хилар дика гойтучех ду. Ιимрана тхоьга гΙо дехна Страсбурге шен дов хьажош дакъалаца. Оха дина иза, тхан дехар ду Европан кхеле Оьрсийчоь дерриг а дов юхаталла декхаре яр.
И дов харц гΙаттийна ду, хΙунда аьлча, Ιимранна тΙехь гΙело а еш даьхначу дарех лаьтта кхелана хΙиттийна тоьшаллин документаш. Кхел йирзича Ιимранан адвоката хΙоттийна арз, суна цкъа а гина доцчу кепара дика хΙоттийна кассацин арз дара. Цигахь Ιаламат дукха харцонаш лелийна, Ιаламат дукха ду тоьшаллашкахь цхьана ца догΙу хΙуманаш.
Юрист хила а, юристан Ιилма довза а ца оьшу уьш ган. Европан кхелехь дукха ду оха чуделлачух догΙу девнаш, цундела вуно дукха хан йоьду эрна, ца кхуьу Европан кхел аьрзнаш листа. 2007-чу шарахь чуделла Ιимранан арз цига, ткъа иза хΙинца а дац листа новкъадаьккхина – ца делла Ιедалшка я хеттарш а, дов цигахь а ду, иза чуэцнийла а хаьа тхуна, амма, хала хеташ делахь а, сов дукха лаьтта-кх талла ца долош».
Иштта шена тоьхначу 18 шарах 8 текхна Успанов Ιимрана Страсбурго йина а шеца нийсо яре сатуьйсуш.
Маршо Радиона Iимран вевзачу мурехь, массех бутт хьалха, шен къа-бала балхош ца туьйхира цо тхан редакце телефон. Ша санна набахтин хьаькамаша гΙелонехь кхобучу кхечу нохчочун хьокъехь дара цуьнан къамел. Шаьш долчуьра Архангельск-махка хьажийна волу Соьлжара Садыков Рамзан хьаькамаша луьрачу хьелашкахь, изолятор чуьра ара ца волуьйтуш, хьийзаво, цунна накъосталла дахьара, бохура цо.
Успанов Ιимран шен бакъо къовсуш прокурорашка а, кхелашка а аьрзнаш яздеш хьийзинехь, Садыков Рамзана къар а велла, къурдаш а беш дΙатекхна шена тоьхначу 11 шарах 10 шо. Ах шо сов оьккхуш ю хΙинца цуьнан набахтехь яккха йисина хан. Амма уггаре а хала, уггаре а кхераме мур бу цунна тΙехь.
Кху кΙиранах хилира Маршо Радион Садыковца къамел. Набахтин хьакамаша шена дина рогΙера таΙзар токхуш изолятор чохь воллучуьра до цо иза.
Садыков Рамзан чохь воллучу Архангельск-мехкан Пирсы юьртарчу набахтин хьаькаме Галияров Виталийга дΙакхечира Маршо Радион телефон. Цигахь нохчех муьлш бу тутмакхашлахь, уьш хΙун хьолехь бу, аьлла, шега хаьттича, сихха интернационалист хилира цунах. Шаьш лагеран тутмакхаш къаьмнашца ца къестабо, уьш шена цхьабосса кхетам цΙанбан хьовсийна нах бу, элира Галияровс.
Нохчийчуьра хьажийна массех ву, церан хьал, кхечерачул оьшуш дац, могуш-маьрша бу, элира хьаькама. Ткъа коьртах иту тоьхна, вожийнарг, я ша-шена гайх хьостам тоьхнарг, аьлла, хаьттича, Галияровс сема хаттар дира дуьхьал. «Мила ву шуна иза дийцинарг? Иза схьавийцахь хир ду сан Маршо Радиоца къамел», - бохура цо. Шега, шен аз дΙа а яздойтуш, къамел дахдар дехча, цΙеххьана хадийра телефонан зΙе.
Садыков Рамзанан а, и санна, набахтешкахь халачу хьелашкахь чохь бохкучу нохчийн тутмакхийн а терго ян декхарийлахь болу хьаькамаш Ιедало алапашца бохбина а, низамашца халкъан оьгΙазаллах хьулбина а нах бу. Масала, оццу Садыков чохь воллучу набахтин хьаькамна Галияров Виталийна официалехь ло батттахь 100 эзар сом алапа – иштта иинформаци йоьшийла ду интернетерчу хьостанашкахь.
Оьрсийчохь къаьсттина кхераме хΙума ду политикашна а, бакъоларъярхошна а, журналисташна а набахтеша тутмакхашца лелаен харцонаш Ιораяхар. Массех шо хьалха Волгоградерчу набахтешкахь кхобучу нохчашна тΙехь гΙело латтайо цигарчу хьаькамаша а, Ιедалша а, аьлла, меттигерчу зорбанехь яздеш хуьлу журналист Маглеванная Елена эладита даржорна аьлла бехк-такхаме озийра кхело. Ша яздийриг цΙена бакъдерг ду бохуш хьийзира иза шена тΙехь ечу кхелехь. Амма сацам беш нийсо шеца лелор йоцийла кхетча, едира Оьрсийчуьра.
ХΙинца бусулба дин тΙе а эцна, шен меттигна реза а йолуш, еха Маглеванная Елена Финляндехь. Ша даймахках яьллехь а, дΙа ца тесна цо набахтешкахь бохкучу нохчашца шен хилла зΙенаш а, церан бакъонаш къийсар а. Маршо Радиона иштта дийцира Еленас.
Маглеванная: «Чохь бохкучу дуккхаъчу нахаца контакташ лаьтташ ю сан. Цаьрца кехаташ дΙаса а яздо оха тахнналц а. Соьга набахтешкара кехаташ кхочу нах иттанашкахь бу. Уьш ерриг а Оьрсийчоьнан территори тΙехула дΙасакхийсина бу.
Ас яздийраш дукхахберш баллац чохь кхаба кхачийнарш бу. Уьш Ямал-Ненцойн махкахь, К-18 колонера а бу, Хартам-юьртара, 7 стаг ву цигахь ас кехаташ яздеш. Даиманенна а нах чохь кхобучу Соликамскера а, Соль-Илецкера а бу цхьаберш. Ерриг Оьрсийчоь яьккхина ю и набахтеш, уьш бохку царна чохь».
Оьрсийчуьрчу дуккхаъчу бакъоларъярхошна ала ца могург а боху Маглеванная Еленас. Набахтешкахь хенаш токхуш беха нохчий банне а бац цуьнан кхетамехь царна чохь кхаба хьакъ долу нах.
Маглеванная: «Уьш чохь бохкучу бахьанах соьга зулам ца алало. ХΙунда аьлча, Оьрсийчоьнна дуьхьал тΙом барна кхобу уьш цигахь. Уьш шайн даймохк ларбеш лаьттина Оьрсийчоь тΙелетча. Ас юкъарло лелораш цунна бу чохь бохкуш. Ма-дарра аьлча, уьш йийсарехь бу, тΙамехь тоьллачу Оьрсийчоьнан йийсарехь».
Шега набахтешкара язден нохчий дог-ойла таьΙна йоцуш, шаьш латта эрна ца хьешна аьлла хеташ нах бу, боху Маглеванная Еленас.
Маглеванная: «Церан дог-ойланаша со цецйоху. Уьш къизачу хьелашкахь бохку, амма ас цкъа а ца бешна, ца буьйлу цаьргара леткъамаш. Аьттехьа а олийла дац, уьш кегбина, ойланца эшийна, цхьа а дегнийн эшам бац цаьрца. Бакъду, дуккха а хΙуманаш церан яздойла дац. Дуккха а кехаташ ара а ца довлуьйту набахтешкара, нисло кехаташ юкъара йозанаш дΙадайъина а, дΙахедийна а. Амма ас кехаташ дешначу наха шаьш боьхна боцийла гойту.
Уьш, доккхачу декъанна, буьззина делах тешаш а бу. Шайна хилларг Делан ламца хилла боху цара. Цундела уьш кегбалур бац. Иштта го-кх суна уьш, массо а, ур-атталла баллалц чохь бахкор берш а. Ишттанаш а теша, шаьш паргΙатдевриг хиларх, толам шайгахьа хиларх. Цхьацца шайн цΙерачу хьолах а яздо, цхьаьнга цхьаъ дΙаала олий а яздо, оьзда, дика нах бу ас зΙе латтараш, дика дешнаш яздо цара».
ХΙун далур ду набахтешкарчу нехан, цхьана декъанна нохчийн а, хьал низамо йоьххучу нийсонан тΙегΙантΙе даккха боху хаттар Маглеванная Еленехь а деха. Амма цуьнан хьажам бац оптимизм кховдош.
Маглеванная: «Хьо караваханий, дерриг а дуьззина кхачор ду хьуна – еттар, гΙело яр, лалуш доцу хьелаш хΙиттор. Оьрсийчоьнан бахархоша шайн дукхаллехь иза къобал а до. Церан кхетамехь, стаг зуламхо велахь, цуьнца и дерриг а дан догΙу. И яьржина позици ю Оьрсийчохь. Цундела Ιедална а хьашт дац тутмакхахшна хьелаш латтор. Ткъа нохчашца дерг-м муххале а. Нохчашка Оьрсийчохь мостагΙашка санна ма хьоьжий. Цаьрца уггаре а къиза гΙело латтайо, чохь кхобучу кхечаьрца дуьстича а.
Деза дера дийца-м, иштта хΙуманаш тидамза дуьтийла ма дац. Амма Ιедална цхьа а хΙума хезийла ду аьлча, иза данне а дац, цхьа наггахь бен ца кхочу цуьнан бала. Соьга хаьттича, хьал толо деш хΙумма а дац».
Оьрсийчоьнан набахтешкахь вуно дукха бохкучу нахера хьал дика доцийла массарна а хаьа, юкъ-кара хьахош а хуьлу хаамийн гΙирсаша. Ткъа къаьсттина цигахь Ιазапехь бахкочу нохчех дош олуш вац нагггахь политик а, я журналист а. Нохчийчоьнан Ιедалшна а хьаш бац и тайпа гΙайгΙанаш, бацар шаьш и тема хьахош а яцарца гойту цара.
Амма махкарчу дуккха а берийн дай, йиша-вешин вежарийн, дай-нанойн бераш ду нохчийн тутмакхаш. Царах цхьа дакъа хенан йохалла доьрзур ду цΙехьа. Муха хьуьйсур бу церан бΙаьра цаьрца набахтешкахь лелаен харцо юхаяккха пΙелгах пΙелг тоьхна а боцу Нохчийчуьра хьакамаш, дашца лаьцна а церан агΙо лаьцна боцу бахархой?