ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Елла йолийла со, маре йоьдучул..."


Урдун - нохчаша йиллинчу Заркъера урам, 2012
Урдун - нохчаша йиллинчу Заркъера урам, 2012

Дахаран зеделларг ду, нохчийн зударшна маре дIакхехьа атта ца хилар. Цхьана агIора, марзхой, коьртачу декъана, марнана юкъагIертаро бохабо доьзалш. И бакъдо, Нохчийчохь барт игIинчу доьзалшца маслаIат дан гIерташ лелачу муфтиятан леррина комиссино а. Вукху агIора, маре цIаеана зуда кхин а экаме ю. Юкъараллехь таръяла а, яха а, чIогIа халчу долу цунна.

ХIора а къоман дика а, вон а ламасташ ду. Къоман Културан тIегIа лекха хилар дустург, асар деш санна, вон Iадаташ дIадохушЮ шайн юкъаралла кхиорехь гIулчаш яхар ду. Ишттаниг Нохчийн културина а оьшуш ду.

Вайн културехь, нохчийн доцу къаьмнаш цец дуьйлуш хаза а, оьзда гIиллакхаш а, ламасташ ду. Бусулбан динца а догIуш, дукхах долу Iадаташ, бусулбан дин тIеэцале хилла а ду вайгахь. ТIемаш беш машаре даха ца дитинехь, вайн юкъараллехь адамалла а, къинхетам гуттар алсам хилла бу.

Нохчийн културан хазалла а, бегIийла дерш вайн ваьш даккхи деш ца дийцичи, кхечу къаьмнаш хеста деш латташ ду. Делахь, вонаш чIогIа вон долуш, хийца дезаш Iадаташ ду вайн.
Зуда нана ю. Нанас ма кхаббар хуьлу, кханенан чкъор. Иза балехь а зуламехь ялахь, цунах терра бераш кхиор ду нанас.

Зуда ялор а, марзахой а, стунцхой доьзална юкъа гIертарш, доьзалш вовшах дахар дукха ду нохчийн юкъахь. Урдунера нохчийн кхин башха бац цу тIехь. Зуда ялош чIогIа нохчийн Iедалехь ялайо Урдунера нохчаша, амма кIанте я йоIе маре муха лела дан деза ца хьеха, Невце цIийнан дукъ, Ткъа Нускале бераш кхабар. Цу бахьнехь, дукха хан ялале уьш дIакъаьста. Стеган-м дукха хала ца хуьлу и къастар, амма юкъараллехь жеро яьлла зудчунна дахар къизалле доьрзу.

Мел жоьпе а беза мохь бу ца кхеташ цкъа марех йоьхна, ткъа ца яьлча денна шолгIа а кхолгIа маре яхна Кузета дийцира ша хьегначух, кхечара пайда оьцург догдохуш.

Кузет: Со дуьххьара маре яхаранрг нохчо вара. Маре йоьдуш 20 шо дара сан. ЦIахь йолуш, вайн Iедалехь, везаш кIант вара сан, юьгур ю аьлла, дош делла. Хилла хIума доцуш, цхьана буса соьга кехат а делла, дIавахара и, со ялон йиш яц шайн аьлла. Цуьнан нахана езаш, цунна ялон кечйина йоI яра церан.

Шо даьлча, сан гергарчара, "хьо йоккха хилла, маре яха еза" аьлла, цхьана ца везачуьнга маре елира со. Жима яра со, хIума ца хаьара, дуьне девзина яцара. Цигахь, марнана юкъа гIерташ тар ца лора тхойша. Марнанас коьрта бузуш, ас аьлла бохуш юкъахь дов латтадора. Шайн ненах тешаш соьца вон вара и.

12 шо даьлча со йитира. ЙоI яра сан. Ден цIахь паргIат яцар со. Сан да а нана даьккхи хилла, жимма хало ду и шиъ, чIогIа нохчийн Iедалш лелош ду. 12 шарахь шайн хIусамехь яьхча хала ма хуьлу ден цIахь, паргIата ца хуьлу. Цу тIе, наха а ца йитара жеро ю бохуш, тIехьийза лууш верг а, йига лууш я жероца сакъера лууш верг хуьлура. Цара йита а ца йитина, шолгIа а чергазочуьнга яхара со, нехан хабарех ялархьам.

ШолгIа майра хала хьекъал долуш вара. Цуьнах кIант хилира сан. ТIаьхьа, гIуллакхера дIа ваьлла маситта баттахь цIахь Iий и. Иза цIахь сецча, дукха хьашташ эшна ши болх бан дийзира сан. Ши болх беш, суьйренна 8 сахьт даьлча кIадлой цIан йогIур. ХIете, ас хIуъу дарх реза вацар сан майр. Стаг иштта цIахь висча хала ма хуьлу. Цуьнгахь 10 шарахь Iийна цуьнгара дIа а яьлла сайн берашца суо елира со.

Ишта наха ца юьтуш, къайлах маре йолу бохуш верг вара, Iаьрбийн маттахь «Заваж Iурфи» олуш къайлах зуда ялаъер. Зуда а бераш долуш стаг хуьлура, шайн зудчунна а берашна ца хоуьйтуш къайлах со йига гIертар. Жероца сакъера лууш верг гуттар хуьлура. Уьш суна новкъ эхара. Суна сайн бераш кхобуш Iан лаьара. Наха ца юьтура.

Кхин маре яха дагахь яцара со, иштта наха ца йитча, балхахь цхьа Iаьрбий вевзина, цуьнга кхолгIа а маре яхара со. Юьхьанца, Iаьрбийн ву бохуш дукха реза а яцахь со. Оццул дукха деза нохчийн хIума а, вайнехан мотт а, Iедалш дIатесна, нехан хабарех ялархьам яхара со. И Iаьрби, Дуьххьаралера майр а, шолгIаниг виц веш нийса вели суна. кхолгIа ДIакъаста дагахь дац сан, амма паргIа-м яц со цу Iаьрбийчуьнгахь. Суна ала луург, хIор марнана шайн несаца шайн йоIца санна лелаш ялахьара, Делах кхоьруш елахьара, хIокхy хьоле кхочура дацар захалонаш. Вайн Iедалш хала хиларо кхачийна со хIокху хьоле.

Маршо радио: Кузета хьахийна «Заваж Iурфи» Къайлах зуда маре йигар ду, Iедалехь мах бина аьлла яз ца деш. Ши стаг теша хIоьттина, йоI реза хилча хьанал маре ду моьтту цхьа болчарна. Иза Iедало магош дац я динца догIуш дац. Маре кхайкха дан а деза, бухахь йолу зуда я реза хила еза, реза яцахь, ша йитийта бакъо цуьнан карахь хила еза, олу Бусулбанан динехь.

Нохчий а Iаьрбий цхьа бусулбанан нах балахь, 100 шо сов даьлча а цу шиннан културан башхаллаш дукха ю. Нийса бIоста ламасташ ду шинхьа. Нохчо Iаьрбийчуьнга яхара шайн нохчаллах а, дукхах болу гергарчарех ялар ду. Цу бахьанехь, дукха захалонаш ду Iаьрбичо нохчо ялийча, тIаьххьара Iадйити шайн Iаьрбий ялош.
XS
SM
MD
LG