ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрин депортацин набахтехь велла нохчийн мухIажир


Австри -- Нохчий Оьрсийчу дIабаларна дуьхьал Венера митинг, 27Гезг2012
Австри -- Нохчий Оьрсийчу дIабаларна дуьхьал Венера митинг, 27Гезг2012

Малхбузехь тховкIело лоьхуш, Австре кхаьчна хилла нохчийн мухIажир велла цу махкарчу депортацин набахтехь. Оьрсийчу дIавала кечвина хила волу и стаг, адамийн бакъонашларъярхоша чIагIдарехь, Австрин полицино, бух а боцуш, сецош хилла набахтехь.

Шайн Даймахкахь ечу гIелонех бевдда Европе баханчу мухIажарех цхьа дакъа харцонан шозлагIчу гуонехула дала дезаш хуьлу Малхбузехь. Цу гонера ца бовлалуш, шаьш лехначу паргIатоне а, маршоне а ца кхочуш, Iожалле боьрзу царех цхьаццаберш.

Исаков Зеламха а ву цу хийрачу махкахь синпаргIато а, кхерамазалла а лоьхуш, Даймахкана эзарнаш чакхармаш гена кхаьчна, амма шен керлачу Iойлахь я нийсо а, я къинхетам а ца карийначех цхьаъ. Венерчу депортацин набахтехь, низамца а доцуш, масех бутт баьккхинчул тIаьхьа кхелхина иза.

35 шо долу нохчийн мухIажар Альпийн республикехь вехаш волу масех шо хиллера. Цо шена политикан тховкIело йоьхуш бинчу кхайкхамна цкъа а, шозза а дацаре жоп деллера меттигерачу мигрантийн хьокъехь долчу хьукматан белхахоша. Ишттачу хьелашкахь деш ма-хиллара, хIоразза а Зеламхас, апелляци а йой, кхин цкъа а шен лехам карлабоккхуш хиларна, Австрехь хан яккха бакъо яра цуьнан, дохош низам а доцуш.

Кху шеран мангал бутт бовш Австрин коьртачу шахьарехула схьавогIуш волу иза полисхоша сацийнера, кехаташ хатта, амма цу мIаьргонехь кхуьнан карахь документаш ца хилар бахьана долуш, иза цара шайн декъе дIавигнера, мила ву къастадаллалца, аьлла.

Бовза-безачаьрца зIене а ваьлла, шен кехаташ схьатIекхиадайтина волу Зеламха мила-мичара ву бохург дукха хан ялале къаьстира, амма полисхой сих ца беллера иза дIахеца. Бахьана- Исаков Зеламхин Австрехь тховкIело яц, цуьнан тховкIелох долчу дехарна дацаре жоп делла бохург дара.

Шена низамца йогIуш кхин а ши кIира хан ю, и дацаре жоп шеконе дуьллуш, апелляци ян, бохуш Зеламхас чIагIдар полисхоша тидаме а ца эцнера. Цул сов, полисхоша хаам бира Зеламхе, иза кесталгIа Оьрсийчу дIалур волуш хиларх лаьцна, и тайпа сацам Австрехь кхело бен тIеэца йиш йолуш боцушехь.

Исаков Зеламха ша Австре кхачале, ДегIастанахь лаца а лаьцна, набахтехь хан яьккхина хилла вара, тIамех дакъалаьцна ву бохучу бехкаца. Оьрсийн набахтешкахь нохчийн тутмакхашца хуьлуш ма-хиллара, цу чохь цунна къиза таIзарш динера. Цу таIзарийн шортта тоьшаллаш а дара мухIажарехь, шайна юккъехь сарташ а долуш. Амма и дерриге а меттигерачу полисхоша тергал а ца динера.

Австрехь вехачу нохчийн бакъонашларъярхочуо Банжаев Вахас дийцарехь, Исаков Зеламха цхьа а хIара ду аьлла чолхе я кхераме цамгар долуш ца хилла. Ша Оьрсийчу дIавала диснарг ши де бен ца диссинчу хенахь цу балано кхоьллинчу гIайгIано Iаткъам биначух тера ду цунна.

Банжаев Ваха: «Эспертизин жамIаш хIицна а схьадаланза ду цуьнан. Кхин могуш воцуш вара а ца боху иза цуьнан гергарчара. Кхо бутт цара цу набахти чохь бакхийтинчул тIаьхьа, депортаци ян ши де диснера цуьнан.

Кхузахь ваша а, гергар нах а бара цуьнан, иза араваккха гIерташ къахьоьгуш. Депортаци ма яхьара шена бохуш, ша цIахь дIавигна, хьийзина ву, цундела цIаваха ца лууш, ма вахийтахьара ша, бохуш, вара и кIант».

Исаков Зеламха валаран официала бахьана цкъачунна нахала даьккхина дац полисхоша. Амма цуьнан кхалхар толлуш болчу адамийн бакъонашларъярхоша дийцарехь, ша Оьрсийчу дIалур волуш ву, аьлла, хаам хезча дуьйна, мухIажар чIогIа догтаьIна хиллера.

Гаррехь, депресси йолчу цунна Iедалан белхахоша я набахтин хехоша орца ца даьккхинера, лор кхайкхина я молханаш Iалашйина. Таханий-таханий Оьрсийчу, цу шена тIехь къиза таIзарш динчу махка, шен чаьлтачийн кара ша дIаваларе ладоьгIуш, Венерачу набахтехь кхо бутт баьккхинчул тIаьхьа Исаков Зеламха кхелхина. Шена цига дIавелча бийр болу ницкъ хууш, цунах йолу ойла совъялла, даге ца ладеллачух тера ду цуьнан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG