Иштта бу Къилбаседа Кавказера кху кIиранан бIаьрла хиламаш. Уьш харжинарг а, царна комментариеш йинарг а ю Маршо Радион аналист Фуллер Элизабет.
Маршо Радио: Нохчийчохь дIаяьхьначу тIеман операцехь 12 тIемало вийна. Байъинчарна юкъахь тIеман командираш, вежарий ГакаевгIар бу – Муслим а, Хьусейн а – аьлла дIахьедар дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. TIеман тасадаларехь цхьа полисхо а вийна. «Кавказский узел» интернет агенталло дийцарехь, чоьхьарчу гуллакхийн министраллан лерринчу тобано къело йина хилла тIемалошна Элистанжа эвлана уллехь.
Дийна бисинарш юхабевлла Хоттане йолчу агIора. Чевнаш хилла волу цхьа тIемало каравахана полицин белхахошна. Цо дийцина, шен накъостий, шайна юкъахь вежарий ГакаевгIара а болуш, байина хилар. Ведан-кIоштахь хилларг ондда тохар ду тIемалойн боламна аьлла хета Маршо Радион аналистана Фуллер Элизабетана.
Фуллер Элизабет: «Хьусайн а, Муслим а вер деза дараш а, тохар а ду, Нохчийчохь болчу гIаттамхошна дина долу. Амма иза дуьхьалонан болам кхоччуш эшна бохург дац, Масхадов Аслан а, Басаев Шемил а верах иза дина ца хилар тидаме эцча муххале а. Бакъду, цхьана ханна тIемалой дIате а мега, къаьсттина Нохчийчоьнан къилба-малхбалехь.
Амма мел лаххара а кхо вевзаш волу тIемалойн хьалханча Вадалов Асланбек а, Газиев Тархан а, Саидов Махран а дийна вуьсуш ву. 2010-чу шарахь Умаров Доккина дуьхьалбевллера уьш а, ГакаевгIара Хьусайн а, Муслим а, ткъа иштта Мухьанад а. Хуур ду-кх хIун ларам бийр бу тIамехь эгначу вежарийн ГакаевгIеран Умаров Доккас (нагахь цо цхьаъ алахь).
Маршо Радио: Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Алханов Руслана кху деношкахь шайн кхеташонехь, дакъалоцуш Кадыров Рамзан а волуш, дIахьедар дира, кху шарахь полицин белхахошна хьалха лаьтташ долу декхар ду шайн балха тIехь низамаш лардан Iамар аьлла. Цу кепара, цо, ма дарра аьлча, даре дира шен куьйгакъеллахь болчу наха зуламаш деш хилар. Комментарий Фуллер Элизабетан.
Фуллер Элизабет: «Цхьанна а къайле яц, Нохчийчохь хьовха, ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а, ГIебартойн-Балкхаройчохь а кегийра нах хуьнха оьхуьйтуш долчу бахьанех коьртаниг полицино лелош йолу къизаллаш хилар.
Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Алханов Руслана, дагахь а доцуш, даре дира иза. Шайн кхеташонехь цо далира шаьш байинчу а, дIалийцинчу а тIемалойн терахьаш. Цу терахьашца а догIуш, 2012-чу шарахь Нохчийчохь вийнарг ву 42 тIемало.
Алхановс дийцарехь кхин а 101 стаг дIалаца аьтто баьлла церан. Амма и нах баккъалла а тIемалой бу олийла дац. Уьш тIемалошна цхьацца гIо дина аьлла, лийцина нах хуьлу дукхачу хьолахь. Иза бакъдо Оьрсийчоьнан инарлан прокуроран когаметто Сыдорук Ивана а. Цо дийцарехь, Нохчийчохь санна, тIемалшна гIо дина аьлла, дIалийцинчу нехан терахь алсам даьлла кхечу Къилбаседа Кавказерчу республикашкахь а.
Юккъехула аьлча, шен цхьана интервьюхь Сыдорука дIахьедар дира, ницкъаллин структурийн белхахоша низам дохийна цхьа а меттиг карийна яц шайна аьлла. Схьагарехь, Сыдорука Алханов Руслане дийцийта дезачух тера ду, баккъалла а хуьлуш дерг хIун ду».
Маршо Радио: Еарин дийнахь Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир цхьаьнакхийтира Дагестанан куьйгалхочуьнца Магомедов Мохьмадсаламца. Шен даржехь вуьсуш ву Магомедов. Коммерсант-газето бинчу хаамца Магомедов Москох ваханера, ша даржера вохош ву аьлла, эладита а хезна. Фуллер Элизабетан комментарий.
Фуллер Элизабет: «Магомедов Мохьмадсалам гергарчу хенахь дIавоккхуш ву Дагестанан президентан даржера, ткъа цуьнан метта хIоттош ву Абдулатипов Рамазан аьлла, даьржина долу эладита классикан масал ду, цу кепара эладиташ шайн дахарца дехаш хиларан. И хабар даржийнарг вара Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутат Хинштейн.
Амма цо, Къилбаседа Кавказера куьйгалхо хуьйцуш ву алар а бен, цIе ца яьккхинера я Магомедовн а, я республикан а. И эладита гучудалар а, иза даржаран а масийтта бахаьана ду. Царах коьрта ши бахьана ду Кремл Магомедов кхеро дагахь хилла хила мега бохург а, тIебогIучу харжамашкахь Абдулатипов Рамазан Магомедов Мохьмадсаламца Дагестанан куьйгалхочуьнан дарж къовса ницкъ болуш хеташ болчара даьржийна хила мега и эладита бохург а".