ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Банкашкара оьцучу кредитех ларбала гIерта Малхбузехь беха нохчий


Франци -- Францерчу банкийн кредиташ картанаш. Гайтаман сурт.
Франци -- Францерчу банкийн кредиташ картанаш. Гайтаман сурт.

90-чу шерийн юххьехь хIетахьлерчу Оьрсийчуьра Iедало оьрсийн ахча хуьйцуш цIеххьана бинчу карчамо рицкъана доккха зулам дира оьрсийн ахча лелош болчу могIарерчу бахархошна. Нохчийчохь тIом балале, валарна-висарна бохуш, пенсеш вовшехдиттинчул тIаьхьа, Iедало тешнабехк бина баккхий нах а цхьана, шаьш дIадуьллу сом долларшкахь дIадилла буьйлабелира. Цу хенахь кредиташ дуьйцуш дацара, банкан система шен орамаш хецанза яра Нохчийчохь.

Ткъа хIетахь нахана бале баьлла болу и ахчанан карчам бина йолчу Оьрсийчохь тахана дукха яьржина банкаш а, кредиташ ийдар а. Иштта даьржаш ду кредит эцар Нохчийчохь а. ТIедогIу рицкъа цхьана бахьанца лах а делла декхар дIадала хьедича, шаьш банкана дIалучу ахчанна тIе йоккха ясакх яла езаш хуьлу нах, тIахь-тIаьхьа и ясакх сов а юьйлуш.

Европехь Iаш болчу нохчаша, бухарчу къаьмнаша санна, шайн ахча банкашкахь леладо. Iедало тIе а эцна Iаш болчу хIора доьзалан банкехь шен бух а бу, банкан кехат а ду.

Ткъа муха хуьлу Европехь, цхьа хало тIе а хIоьттина, банкан ахча дIадала аьтто боцуш бисначу неха хьал дуьйцу иттех шо сов хьалха дуьйна Францехь вехаш волчу вайн махкахочо Абдулаев Юсупа:

"Кху Европехь нагахь кредит а эцна иза дIадала аьтто боцуш стаг виснехь, банко хан ло цхьа болх-некъ нисбаллалца дIалуш долу декхар сацон. Со Францехь Iаш волу дукха хан ю, кхузахь Iаш волчу юкъанна вайчеран банкаца проблема хилла аьлла, я Кхелан белхалоша чуьра хIума декхарна дуьхьала дIаяьхьна, я чуьра араваьккхина, аьлла цкъа а хезна дац суна."

Европахоша кредитах хIусамаш а, машенаш а оьцу шайн тароне хьаьжжина декхар дIа а луш. Царна хаьа, нагахь шайн болх-некъ галболуш хилахь, шайн бакъонаш банкан долахойх ларъеш Iедалан низамаш дуйла.

Бусулба динехь, банкан кредит а эцна иза юхалуш цунах ясакх ялар и ясакх эцар санна хьарам ду, бохуш дуьйцу бусулба Iеламнаха.

Ткъа ахчанца хало хиллачуьн декхар цхьана юкъанна банко сацош хиларх дийцинчу Абдулаев Юсупа кхин дIа а дуьйцу нохчаша кредит эцарх шен зеделларг муха ду: "Дукха хьолахь, кредиташ, ясакх а луш уьш эцар хьарам ду, олий вайчара оьцуш дац. Амма эцна меттигаш суна хааелча а, церан и дIадала аьтто ца хилча, царна хан ло болх-некъ нисбаллалца дIалучуьра и декхар сацон."

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG