Нохчийчуьрча бахархойн терахь алсамдалар лагIдаларан бахьана дац бераш кIезиг дуьненчу довлуш хилар а, адамаш алсам леш хилар а Нохчийчохь. Мелхо а Оьрсийчохь йолчу регионех уггаре дукха бераш деха республика ю Нохчийчоь--34%. Оьрсийчоьнан юкъараллан чоьно кечбинчу хаамца, Нохчийчоь шолагIчу меттехь ю бараш дуьненчу довларца. Хьалхарчу меттехь ю Тыва.
Иштта гайтамаш а болуш, бахархойн терахь алсамдалар алсам хила дезаш дара Нохчийчохь. Амма иза хуьлуш дац.
2008-чу шарахь дуьйна 2015-чу шаре кхаччалц Нохчийчуьра дIавахана 150 000 стаг. Уьш берш нохчийн къомах болу нах хилар билгалдоккху РБК агенталло.
Республикера арабовлучу нехан терахь алсам ду, цига баха ховшуш болчералла а. Изза хьал латташ ду Нохчийчохь хIинца а.
Нохчийчура хьовха Оьрсийчура а дIаоьхучу мухIажирийн терахь алсамдаьлла тIаьхьарчу шина шарахь. Иза дика гойтуш ду Беларусин а, Полшин а дозанехь лаьтта хьал. Цигахь эзарнаш нохчий хуьлу хIора денна Евробертан доза хадо гIерташ.
Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхашка кхача гIертачу нохчийн доккхах долу дакъа ду Iедалех кхоьруш дIаоьхучу нахах лаьтташ. Нохчийчохь шолагIа тIом болабелчхьана 200 000 гергга нохчочунна карийна махкал арахьа шолагIа даймохк. Царах 90% нохчашна тховкъело карийна Европерчу пачхьалкхашкахь.
Могашалла тоеш дарба лахар а ду Нохчийчура дIаоьхучу наха далочу бахьанашна юкъахь. Соьлж-ГIаларчу Iедалша дуккха а дуьйцу керлачу «дарбанан хIусамех» а, кхечу пачхьалкхашкахь эцна чуеанчу кхузаманахьлерчу медицинан техниках а лаьцна. Амма меттигерчу лоьрех тешам боцу бахархоша дарба лоьху Ставрополехь а, Краснодаран кIоштахь а.
Сатиева Раиса Аргунехь ехаш ю. Кавказ.Реалии корреспондентаца къамел деш, цо элира, дарбанан хIусам Нохчийчура 300-500 километр генахь ялахь а, дарба лаха цига бахар гIоле хета шен гергарчу нахана аьлла.
Нохчийчохь лоьраш галбевлла меттигаш алсам хуьлу дарбанан хIусамашкахь болх беш болу нах шога лела, молханаш тоьаш ца хуьлу цигахь. Цундела республикал арахьа дарба дича гIоле хета нохчашна.
Амма меттигерчу элитан декъашхой дарба дан боьлху Москох а, Малхбузерчу Европера пачхьалкхашка а. Нохчийчура уьдучу нахана юкъахь бу, шеко йоцуш, экономикан мигранташ олу нах. Амма уьш, гарехь, дIоггара дукха бац.
Иштта, и кхаа тайпана нах бу Оьрсийчуьрча Росстато гойтуш долчу Нохчийчуьрча бахархойн терахь тIекхетар лахдаларан коьрта бахьана.