ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан Президент Хоржуш Дакъалаца Дагахь Бац Малхбузерачу Европера Нохчий


Оьсрийчоь - ЦIена харжамаш дIахьо, бохуш, йолу акци, 26Чилл2012
Оьсрийчоь - ЦIена харжамаш дIахьо, бохуш, йолу акци, 26Чилл2012

КIирандийнахь Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь дакъалаца йиш йолуш бу Европехь беха дуккха а нохчий, амма и дан ойла ерш царна юкъахь лехча а карош бац.


Официалан терахьашца, кхаж таса йиш йолуш ши миллион сов Оьрсийчоьнан махкахо ву дозанал арахь вехаш. Цу нахана юккъара Оьрсийчоьнан Iедалша шайх бевдда Европе дIабахана болу, делахь а хIинца а цу мехкан паспорташца лелаш болу вайнах цу харжамашкахь лерина я ца лерина, бохург, хууш дац. Амма эзарнаш нохчий шайна лаахь, шаьш бол-болчу пачхьалкхашкахь кхаж таса бакъо йолуш бу.

Ши бIе эзар герга Европехь бехачу нохчех масех эзар бен вац хIинцале а меттигера пачхьалкхаллаш тIеэцна. Дукхахберш политикан я гуманитаран тховкIело елла хилар билгалдоккхуш долу лерина мухIажарийн паспорташ долуш бу.

Ткъа кхин цхьа доккха дакъа Оьрсийчоьнан паспорташ лелош бу, Европерчу пачхьалкхийн визанаш а йолуш. И тIаьхьара берш я деша, я балха схьабаьхкина бу. Иштта цхьа докха дакъа „Доьзал вовшахтохар“ олучу Европерчу низамца шайла хьалха схьа а баьхкина, Европехь тховкIело яьккхинчу шайн хIусамдайшна я хIусамнаношна тIаьхьа баьхкинарш бу.

Цера бакъо ю, масала, маьрша Оьрсийчу дIасалела а, харжамашкахь дакъа лаца а. Ткъа цу шайн бакъонах пайда эца луурш буй теша царна юккъахь? Масех Европерчу пачхьалкхехь бехачу нохчашна юккъахь бинчу хеттамашкахь гучуделира Европера вайнах Оьрсийчоьнан президент хоржуш дакъа лаца дагахь ца хилар.

Швецерачу Гоьтеборгехь вехачу Микаила элира Оьрсийчоьнан президент хоржуш дакъалаца хьаьгна волчуьнан паргIат шен цIахь Iен а йиш ма яра, и кхаж таса эзарнаш километарш гена йолчу Европе а ца вогIуш, аьлла. Цунна хетарехь Европерчу нохчашна дукха дика хаа кхаьжнашца Оьрсийчохь лелош дерг.

Микаил: Со-м вац йига ваха дагахь. Харжамашка ваха а йиш хилча, иштта сел паргIато а хилча, цхьаъ хаьржинчул тIаьхьа цо ша харжамашна кечлучу хенахь ша дийр ду баьхнарг лардеш а хилча, эзарнаш нохчий кху Европе схьа а хIунда богIуш бара?

Ткъа цу Оьрсийчохь церан шайн конституцехь цара дуьйцуш долу хIума цара лардеш хилча, нах цIера ара а хIунда бовлура? Ца теша-кх вай царах. И ду-кх бахьана. И бахьана долуш гIур вац-кх со цига.


Францерачу Зайнапа дийцира ша оцу харжамашкахь дакъалаца хьаьгна хилча а, тIаккха а гIур яцара ша цига, мел кIезга а, деккъа цхьана бахьанца - и кхаж тоссу меттигаш оьрсийн векаллашкахь хиларна, аьлла.

Зайнап: ГIур яц дера! Со муха йоьду цига? Ур-атталла цу кхожах пайда хир бара, аьлла, сайна хетча а цига яхарал хьалха дукха ойланаш йийра яра-кх аса а, кхечу нохчаша а, царах тешам буй те, аьлла. Бан ма бац тешам!

Венехь ехаш йолу Асет гIеххьа цецяллера, хьо харжамашка яха дагахь юй,аьлла, шега хаьттича. Эххар а, буьйцуш берш Оьрсийчохь болу харжамаш буйла кхетча, цо иштта элира.

Асет: Со я "цаьргахьа" а яц, я "дуьхьала" а яц, я бала а бац сан цу харжамашца. И кхаж тосу меттиг мичахь ю а-м ца хаа суна.

Австрехь вехаш ву ткъе итт шо долу Асланбек а. Цо доцца жоп делира цу хаттарна.

Асланбек: Харжамашка гIур волуш вац со. И ду-кх сан цу хьок]ехь ала.

Хеттамашкахь дакъалаьцначу Европерчу вайнахана, дукхаxe хьолехь Оьрсийчоьнан президент харжарх долу хаттар шайга ца догIуш хета, хIунда аьлча, дуьйцу цара, уггаре а хьалха цигахь берш бакъболу харжамаш ца хиларна, цу харжамийн жамIаш муха хир ду хууш долун дела.

Ткъа цу харжамашкахь толам боккхур болу Путин Владимир а, цо омра дечу эскарша Нохчийчохь лелийна къизаллаш а бахьана долуш махках бевлла лелаш болу нах хIинца иза тIехула тIе харжа гIур бу бохург – иза нацистийн заманчохь немцоша йинчу геттошкара бовда кадаьлла хилла жуьгтий КхозлагIчу Рейхан куьйгаллийна кхаж таса гIур барий-те, бохург, санна хаттар лору цара.

XS
SM
MD
LG