Нохчийчоьнан къилбехьарчу лаьмнашкахь бу къоман исс тукхумах болчу ТIерлойн мохк. 18 бIов лаьтта оцу махкахь. ТIерлойн бIаьвнийн суьрташ даьхна Маршо Радионо кху деношкахь.
ТIерлой-махкара бIаьвнаш

1
ТIерлойн чIож - изза цIе йолчу тайпан мохк.

2
ТIерлойн бIаьвнийн херцарш. 1944 шарахь вайнахана депортаци йинчул тIаьхьа йохийра цигара ярташ.

3
Замано а херцийна бIаьвнаш. Амма алссам зен дина царна Оьрсийчоьнан эскарийн ракеташа.

4
Шайн дай баьхначу махка нохчийн кхочийла дац Оьрсийчоьнан дозанхошкара пурба доцуш. Лаьмнаш къевлина ду туристашна.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832