ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Атта дац нохчийн дресс-кодах чекхвала


Нохчийчу богIучу хьешашна довзуьйту кхузахь магийна а, лелош дерг а, магош доцург а.

Масех бутт хьалха Нохчийчохь маларца дIахьочу къийсаман рогIера тулгIе хьаьдира, иза мел духку туьканаш дIа а къовлуш. Иза дира Москохара цхьа журналист а еана, цо нохчийн дахарх материал язйича. Ма-дарра цо дийцира дерриге а, турпалхойн цIерш а йохуш, шена хьошалла динарш а, кхача хьалха биллинарш а, малар духкучу туьканан долахочун цIе а гIарайоккхуш.

Цул тIаьхьа махкахь и туька а, кхийолу туьканаш а дIакъевлира, шиъ йиссалц.

Иштта ду Нохчийчохь кхечу хIуманца долу гIуллакх а. ТIехула долу сибат а, сурт а хаза а, тамехь а ду, амма, хьо кIорге ахка волалахь, «ма суна оьшуш хIума дац хIара» олий, гIаларташ ду бохучухьехачура санна араэккха стаг.

Йоца хеча юьйхинчу божаршка дIаолу кегийчу наха, кхузахь иштта лелаш бац олий, амма царах куьг Iуттуш цхьа а вац.

Нохчийчу дуккха а хьеший богIу. Туризм ю кхуьуш. Буьрса эр дац, амма дресс-код ю оцу хьешашна. И магийна йоцу пункташ юьзна хир ю мерах тесначу чIагаро а. Йишлакхархочун Тиматин кафе Соьлжа-ГIалахь схьайиллинчу хенахь, цу чохь болх бечу цхьаьнга иза дIаяккхийтира цига ваханчу Нохчийчоьнан куьйгалхочо.

Вукхо, дукха сиха озийна иза схьаяьккхира. Юха иза дIаолла шен дага ца даийта, каг а йира.

Нохчийчу богIучу хьешашна дIадовзуьйту кхузахь магийна а, лелош дерг а, магош доцург а, аьлла дийцира туристашца болх бечу Болотбиев Iадлана.

Болотбиев: «Вайн махка богIучу туристийн кхоллало цхьацца хаттарш, шаьш муха духар доха деза олий. Оха дIаолу зударий къовлабелла хила беза. Божарша хечеш юха еза олий. Иштта дIахьоьху вай. Тайп-тайпана нах хуьлу. Цара иза ца дича а хIума олуш стаг вац цаьрга. Соьлжа-ГIали юккъе ваьлча а го иза. Йоца хеча юьйхинчу божаршка дIаолу кегийчу наха, кхузахь иштта лелаш бац олий, амма царах куьг Iуттуш цхьа а вац».

Иштта бехкамаш лелаш балахь а, тахана, къаьстина сарахь Соьлжа-ГIали юккъе ваьлча хьуна го шортта тIебаьхкина нах, шайн цIахь санна духарца лелаш. Бакъду, шорташ юьйхина бац, амма шортта кегий а,къона а зударий хуьлу тIелетта хечеш юьйхина. Схьагарехь, бехкамаш балахь а, бухарчу, къаьсттина божаршна новкъа а бац уьш. Ткъа шорташ юьйхинчу божаршца кхин къамел до.

Нохчийн жимстаг: «ХIара пляж-м яц шуна?»
Оьрсийн жимстаг: «Тхо футболах ловзуш дара».
Нохчийн жимстаг: «Шу мичара ду?»
Оьрсийн жимстаг: «Тхо 46-чу бригадера ду».
Нохчийн жимстаг: «Шайн 46-чу бригадехь лелар ду шу иштта. Кхузахь тхан зударий а лела. Чуховша шайн машенаш чу».

Националистийн гонашкара цхьаболчара кхайкхамаш бо и республика пачхьалкха юкъайогIуш хилча, низамаш а цхьатерра хила деза олий.


Туризм хала а, атта а кхуьуш схьайогIуш ю Нохчийчохь. Дуьхьалонаш а ю дуккха а. Уггаре а коьртаниг – паспорташца, даима уьш Iедало дIаяздеш хилар. Оцу хIумано чIогIа юхатуху, масала, шаьш хIара мохк а, адамаш а, гIиллакхаш а хаздан дIахьош болу болх, элира Болотбиев Iадлана.

Болотбиев: «Къилбаседа Кавказехь цхьаннахьа а дац иштта сурт. Ламчу боьлхучу туристийн паспорташ дIаяздо полицийн посташкахь. Шуьйтахь а яздо, Итум-Кхаьллахь а яздо, Шара хьалавоьдучохь а яздо».
Нохчийчохь шайга лелайойтуш йоцу шорташ тIех сов жигара йийца яьхна Оьрсийчохь. Националистийн гонашкара цхьаболчара кхайкхамаш бо и республика пачхьалкха юкъайогIуш хилча, низамаш а цхьатерра хила деза олий.

Дукха хан йоцуш цхьаммо шен цIе а йоккхуш дIакхайкхинера Соьлжа-ГIаларчу маьждига хьалха ша шорташ а йолуш сурт доккхур ду аьлла. И хаам цо интернетехь социалан машанехь бинера. Иза ларвеш, цунна кIелхевшина Iийнера нохчийн кегий нах, амма иза ца веара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG