ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалара суьдхо ца теша Титиевх


Нохчийчоь -- Титиев Оюб суьдан кхерчахь. Заз.6.2018.
Нохчийчоь -- Титиев Оюб суьдан кхерчахь. Заз.6.2018.

Ши бутт хьалха дIалаьцначу бакъонашларъярхочунна чохь яккха тоьхна хан дIаяла герга яханера, цундела, талламо иза кхин а тIетохар дехнера, и гIуллакх кхеле даккхале аьлла. Старопромыслан кIоштахь дикка хана яра иштта дукха журналисташ а, кхиболу хьеший гулбаланза.

«Мемориалан» куьйгалхойх волу Орлов Олег а, бакъонашларъярхо Ганнушкина Светлана а, иштта кхин а цхьамогIа векалш. Цаьрца Москохара веанера политик, Оьрсийчоьнан президентан даржан кандидат Явлинский Григорий а. Цо а, Собчак Ксенияс а дехар динера, шайн жоьпаллица, Титиев мукъавалийтар.

Юьхьанца Iуьйранна иттолгIачух ах даьлча, йолаяла езаш яра кхелан кхеташо. Амма учахь гул а бина, латтийра баьхкинарш. Цхьа сахьт сов хан елира. Кхелан пурстоьпо гIант деара Явлинскийна охьахаа. Баркалла а аьлла, ца хиира иза. «Новая газетан» корреспонденто Милашина Еленас гIовгIа эккхийтира цигахь, шаьш хIунда латтош ду, готта хIокху меттехь аьлла.

Цунна дуьхьалбевллира кхелан пурстоьпаш, амма цул тIаьхьа кхелан чоьнаш чу бахийтира берриш. Уллехь лаьттачу цхьана нохчийн журналисто элира, нохчочо кхузахь иштта гIовгIа яьккхинерхьара, хьарча а вина, хьор вара, аьлла. Иза иштта дан а ду.

Чувахале арахь лаьттинчу Явлинскийс йоцца брифинг дIаяьхьира. Ша варан Iалашонех иштта элира цо: «Ас кхеле дехар дина, Титиевн декхарш хийца аьлла. Суна иза вевзаш ву «Мемориалехь» цуьнан балхаца. Со теша иза цIена а, оьзда а стаг хиларх а, цундела иза лечкъар вац кхелах а, талламах а. Оцу бахьанца оьшуш дац иза чохь валлон. Со теша цо со юьхьIаьржахIоттор цахиларх. Цундела ас цуьнах жоьпалла тIеоьцу».

Брифинг йирзича, Явлинскийна тIеоьхура могIарера нах, цунна дукхах болчара баркаллаш бохура, цо нохчашна тIехуттуш динчунна. Иштта къамел дира масала кху стага: «Григорий Алексеевич, хьуна баркалла эр дара ас, хьо даима Нохчийчуьрчу тIамна дуьхьал хиларна. Цуьнах оха хьо, чIогIа лоруш ву. Хьо цхьаъ ву-кх шен политикин карьера тIаьхьа а теттина, тIамна дуьхьал ваьлларг. Баркалла хьуна».

Кхелахочунна Минцаев Вахина чIогIа тайнера Явлинский чохь хилар. Забарш ян а гIертара иза, Жириновский а хьехош. Амма ший а агIо леян хIоьттича, буьрса велира. Талламхочо а ма валийта бохура Титиев ара, цо теш болчарна а, талламхошна а тIеIаткъам барна а, пачхьалкхера вадарна а кхерам бу аьлла. Адвокато Заикин Петара беламе даьккхира иза. Хьуна пачхьалкхан доза лардеш йолу ФСБ дош хеташ дац моьтту суна, аьлла бIаьрг тIе бIаьрг а хIоттийна, дийцира цуьнга.

Кхечу адвокато Дубровина Маринас а дийхира талламхочуьнга а, цунна тIетайначу прокуроре а тоьшаллаш 60 шарал тIехваьллачу Титиевс герзах боьттинчу нохчийн полисхошна Iаткъам бан мега, аьлла. Цунна а жоп ца хилира.

Шинна агIоне ла а доьгIна, цхьана сахьтехь сов са а даьIна, кхелахочо Минцаевс шен сацам дIакхайкхийра Титиев Аюб кхин а шина баттана таллам берззалц изоляторехь вуьтуш.

Титиевн вашас Якъуба иштта элира цуьнах: «Ас хIун эр ду. Харцо – харцо ю-кх. Массарна а гуш ду иза. Махкана гина а ца Iаш, дерриге дуьненна а гIара а даьлла, лаьтташ ду хIара. ДIадолалуш а, чекхдалар а муха ду вайна массарна а гина-кх. Дала бакъо толайойла. Кхин ницкъ-м бац вайгахь».

Кхеташо йирзича, шега Титиев Аюбе хаьттира журналисташа цо тIе муха эцна и сацам аьлла. Ша цец ца волу цунах. Иза иштта доьрзур дуй шена хууш дара, элира цо.

Стигалкъекъа беттан 9-чу дийне кхаччалц изоляторехь латтор ву Титиев. Цул тIаьхьа цуьнан гIуллакх листа кхеле дала дезаш ду. Кхелахочо тахана а билгаладаьккхира цунна буьллучу бехкан таIзаран барам набахтехь даккха 10 шо кхаччалц хан ю аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG