ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саакашвилин "нохчийн" политика


2012-чу шеран аьхка Лапота чIажахь вийра Европера Гуьржийчу вахана 11 нохчийн тIемало. Гуьржийчоьнан президенто Саакашвили Михаила лерина операци ян арабаьхначу гуьржийн ницкъаша байинера уьш. Саакашвилис шен махкахой а, къилбаседа-кавказхой а дΙабухкуш иштта элира.

Саакашвили: «Вай даккхий ца де цхьаьннан а валарх. Герзаца баьхкина тΙемалой буьззина бΙаьхой бара. Вай дийхира цаьрга карабахкар. Цара иза тΙе ца эцча бен а ца байъина. Оьрсийчоьнера масал оьцур дац вай - дуьтур ду церан гергарчарна тΙехΙитта кешнаш».

Тахана хIун эр дара ахь, хIунда байира аш нохчийн тIемалой аьлла, Маршо Радионо шега деллачу хаттарна жоп луш, Саакашвилис элира.

Саакашвили: "Иза цIена провокаци яра. ХIунда аьлча, нохчех лаьтташ йолу тоба хьажош яра тхан территори тIера Оьрсийчоьнан дозанал дехьа, кIелхевшина Оьрсийчоьнан лерринчу тобанан эскархой а болуш. Цу ситиуцех пайда эцийта йиш яцара тхан Оьрсийчоьнна агресси ян бахьана доккхуш".

Тахана а кхоччуш жоп делла дац хIун дара 5 шо хьалха Лапота чIажехь хилларг бохучу хаттарна.

Чихладзе Ираклий Гуьржийчура политикан эксперт ву. Цунна хетарехь, Лапанкури эвлан гергахь хилларг Саакашвилин политикан амбицешца доьзна дара.

Чихладзе: "Суна хетарехь, цигахь цуьнан шен политикан Iалашонаш яра. Цхьа шен амбицеш яра. Уьш алсам яра аьлла хета суна".

Саакашвилина нохчех лаьцна хетарг масийттоза хийцаделира иза президент волчу хенахь, дуьйцу Чихладзес.

Чихладзе: "Саакашвилин нохчашца йоьзна политика, суна хетарехь, цхьа гIурте яра. И хийцалора хIоьттинчу хьоле хьаьжжина. Диканиг а, товш дерг а, нохчашка йолу дика юкъаметтигаш а йийцара цо. Амма, суна хетарехь, цо пайда эцара нохчийн факторх шен политикан ловзаршкахь".

2004-чу шарахь Саашкашвили Гуьржийчоьнан президент хIоьттинчул тIаьхьа Ичкерин президенто Маскхадов Аслана видео-дIахьедар динера Гуьржийчоьнан президентана баркалла олуш, нохчашна гIиллакх, оьздангалла а гайтарца гIортор ярна.

Ткъа Масхадовна жоп луш Саакашвилис элира: «Дукхах болчу нохчийн тIеман командирийн куьйгаш Абхазерчу гуьржийн бахархойн цIийх дуьзна ду. Цундела и нах тхуна доттагIий бац. Дала лардойла тхо цу тайпачу доттагIех, мостагIех тхо кIелхьарадевр ду тхаьш!».

Амма нохчашна кхин а халонга даьлларг дара Саакашвилис Оьрсийчоьнан Iедалшка дIавалар Гуьржийчохь тховкъело йоьхуш хилла нохчийн 5 жима стаг. Церан кхоллам кхин дIа муха хилла хууш дац тахана а.

Делахь а кхин а 4 шо аьлча Саакашвилин ойланаш хийцаяла йоллаеллачух тера дара. Абхазехь дIатарбинчу Оьрсийчьурчу "машарбархойн" эскархошца инцидент хилира гуьржийн ницкъашца. Цига веанчу Саакашвилис эххаре а дIасакъаьсташ Оьрсийчуьрчу «машарбархойн" эскархошна юкъахь хиллачу нохчийн къомах волу эпсаре иштта къамел дира.

Саакашвили: "Суна маршалла хатта лаьа шоьга, шуна хаийта. Нохчий тхуна дукха беза, оха лору уьш, оха лору дерриг а Кавказера къаьмнаш. Суна луур дацара вайга вовшашна цкъа а проблемаш кхоллийта. Суна луур дара аш шайн гергарчаьрга а, доттагIашка тхоьгара доттагIаллан маршалла дIадалар. Со дог дохуш ву кхин цкъа а нохчашна а, гуьржашна а юкъахь конфронтаци ца хиларе". (3 минот яьллачул тIаьхьа хьажар дехар ду)

Кавказехь дехачу къаьмнийн юкъаметтигаш политикан коньюнктюре хьаьжна доцуш ларъян езаш хилар кхеттачух тера дара Саакашвили шен президентан даржехь йоккху хан чакхенге яхча.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Инfрлан Ассамблейхь вистхуьлуш цо дагаваийтира 19-чу бIешарахь Оьрсийн паччахьан эскаршца тIом бина волу тIеман баьчча Байсангур. Оьрсийн инарло Байсангур ирх уллуш когаш кIеллара гIант дIадаккха аьлла омра делла хиллера суьлийшка. Цуьнан вон тIаьхьало хир юй а хууш, цо ша дина иза, шен когаш кIеллара гIант охьа а дожийна.

Тахана нохчийн тIемалой Украинехь Оьрсийчоьнехьа болчу сеператисташна дуьхьал лаьтташ хилар мехала ду боху, цу мехкарчу политикан «Керлачу ницкъийн РУХ» боламан хьалхаваьллачу Саакашвислис.

Саакашвили: "Со тешна ву иза тIаьхьало йоцуш дуьсур дац бохучух. ХIунда аьлча, нохчийн халкъан кхоллам къастош бу Украинехь, Гуьржийчоьнан кхоллам къастош бу Украинехь. Цундела цигахь хилла кIентий, тIом беш болу нохчийн божарий а, нохчийн мехкарий а тIом беш бу нохчийн къоман маршонехьа. Цу хьокъехь цхьа а шеко яц сан".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG