ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алды - екханза юьсучу къизаллин хьу


Нохчийчоь -- Оьрсийн эскарша дIахьочу "леринчу операцин" могIара кеп, 2001
Нохчийчоь -- Оьрсийн эскарша дIахьочу "леринчу операцин" могIара кеп, 2001

13 шо кхочу Соьлжа-гΙалин йистехь Ιуьллучу БухIан-юьртахь оьрсийн эскарша къона а, къена а, бΙе гергга маьрша вахархо, шайн рогIерчу "леринчу операцехь" вийна. Оцу дийнан Ιазап дагалоьцу БухIан-юьртахь оцу дийнахь хиллачара.



Соьлжа-гIалин йистехь, басех дIатаръелла Iуьллучу БухIан-юьрта, Чиллан-беттан 5-чу дийнахь баьхкинчу оьрсийн милцоша доккха Iазап хIоттийра шайн-шайн хIусамаш ларъеш чохь бисинчу нахана тIехь. Шаьш дийна доллушехь, къематде гина шайна олу цара. Цхьа бIе ца кхоччучу нахана и де тIаьххьара хилира. Байинарш баккхий нах а, зударий а бу. Дукхачу нехан цIенош а дагийна.

Оцу дийнал тIаьхьа дукха хан яьллехь а, иза тахана а дагара дIадаьлла а ца беха эвлара нах. ХIинца а тIехь кхоьру уьш и де дагалоьцуш шайн цIерш яха, амма хилларг дерриг а дика дагадогIу.

Эвлара яхархо: « 4-чу дийнахь бахка а баьхкина, дерриг дика ду, хIинца шуна тIе бомбанаш еттар яц, аьлла, дIабахара эскархой. Дукхачу нехан самукъадаьллера, цIе латочо - латош, хи оьшург - иза дан воьдуш, чIогIа даккхийдеш дара тхо... Юха цхьа гIовгIа елира. Тхов тIера гаьргаш хиллера лелхарш. ДIа арадевлча, тхан урамера Абдулмежидова Зиний, кхин цхьаъий дийра. Чохь боцучеран цIенош дагадора. Цара бохург дара: долларш, ахча а схьало. Кхин багара долуш хIума дацара».

Нохчийн гIаттамхоша хIинц-хIинца дIатесначу гIаличу даьржинчу эскарша шайн оьгIазалла маьршачу нахана тIехь окхура. Бахархой, шайн бераш кхерам боцчу меттигашка дIа а хьовсийна, шаьш бисина хилла, гIишлош ларъян. Чубаьхкинчу милцоша ахча а, деши а дIалехьийна нахера. Ца карийначохь, герзаш а тухий, зингатий дойъучул а башха ца хеташ, байина нах. Иштта дуьйцу Алды-эвларчу кхечу яхархочо.

Эвлара яхархо: « Цу Iуьйранна Джабраилов Султанан машен херцийначу цIенош бухахь йисина, и хьалайоккхуш гIодан ваханера сан марваша Джамбеков Ваха, цуьнца Магомадов Ахъяд а вахара. Цигахь, Джамбеков Вахий, Джабраилов Султанний вен а вийна, цаьрца хилла сан цIийнда схаьвалийнера вайн кетIа. Ахча доьхура цара. Тхоьгахь дацара. 350 сом дара соьгахь. Со иза а эцна араяьлча, суна тIе маса-топ хьажийра. Сан цIийндас, цуьнан биргIа шена тIе а ерзийра, схьа а лаьцна, со ве, цунна ма тоха, элира. Ас и ахча дIаделча, хIара хIун ахча ду, хIара кIезиг ду, элира. Когаш кIел маса-топ йиттира, шуьшиннах цхьаъ дуьйр ду, тIаккха карор ду ахча, бохуш. Ас сайн лергара а, пIелгара а деший хIуманаш схьа а яьхна, дIаелира».

БухIан-юьртахь хилларг дуьххьара гIарадаьккхинчех яра йийна йолу журналист Политковская Анна. Цунна тIекхаьчнера цигара бахархой. Амма, видеокийсигаш а йолуш, дуккха а тоьшалаш тIекховддийннашехь, Iедалша тIехула таллам а бина, дитина и зулам. Бакъду, цара даредина, оцу дийнахь цу юьртахь хилларш Петарбухара а, Рязанера а омонхой бара, аьлла. Лаьцнарг вара веккъа цхьа Петарбухара милцо - Бабин. Ткъа иза а дукха хан ялале веддера шен цIера, Iедалх хьуллуш. ХIетахь дуьйна иза стенгахь ву хууш дац.

Эвлара яхархо: « Кхузарчу прокуратурехь цхьана а тайпа терго яц еш оцу зуламан. Сан вешех шина зудчо бина доьзалш бу байлахь бисина, уггаре а жимаха бер 1999-чу шарахь дина а долуш. Оцу берашна гуманитаран гIо хилла а дац. Кема чудоьдий, охьакхетча, оьрсий белча, царна-м ма ло и и компенсацеш миллионашкахь. Ткъа арабевллачу оьрсаша нах байина болллушехь, хIунда дитина тхан гIуллакх цхьа а терго йоцуш, аьлла хета тхуна".

Европерчу адамийн бакъонийн кхело БухIан-юьртахь оьрсийн эскархоша динчу маситта зуламна, сацамаш а бина, Оьрсийчоь декхаре йина даккхий гIуданаш такха. Цу тIехь бохуш ду, кхолладеллачу хьолехь Iедалша кхоччуш таллам ца бина леллачу зуламан. Амма таIзар ахчанца эца а ца гIерташ, бан ма безара Iедало бекхам, боху наха. Ткъа иза, гарехь, хиндоцург ду.
XS
SM
MD
LG