ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мел дукха бу байна лоьху нах нохчашлахь?


ЯлхалгIа шо ду дуьнено Доьза байначу нехан Де билгалдоккху. Адамийн цхьана декъо дерриг а шарахь белхабо бигинчийн, лечкъийначийн къа-бала, шолгIачу декъо (дукха хьолехь, Iедалхоша) – кху дийнахь, цIарна.

Ткъа шо гергга ду нохчийн къоманна мел къаьхьа ду хиина доьзалера стаг лар йоцуш, кост шегара доцуш, тIехIотта кошабарз боцуш тIепаза вар.

Иштанаш эзарнашкахь бу Нохчийчохь. Цундела, уггаре хьалха, хIара Де нохчий къам дерриг а, лаххьаделла доьлхучу денойх ду ала а тарло.

Эзарнашкахь байна вежарий бу, йижарий бу. Тхо уьш тхайн байна хиларе терра, тахана а, барз хир бацара те, кхаъ хир бара дегнашна, бохуш, сатуьйсуш Iа

«Байна нах лоху юкъаралла» - иза махкахь тIаьххьара юьсучу, баккъал а болхбечу адаман бакъоларъечу юкъараллех ю. Цуьнан лидер Кагирова Тамара ша а ю, кхиболу эзарнаш а санна, шен син дакъа – во1- лоьхуш.

Цунна ца го шайн лехамашна Iедало деш гIо, амма го ен дуьхьалонаш.

Кагирова: «Эзарнашкахь байна вежарий бу, йижарий бу. Тхо уьш тхайн байна хиларе терра, тахана а, барз хир бацара те, кхаъ хир бара дегнашна, бохуш, сатуьйсуш Iа.

Нах дIабоьхкина меттигаш яьстича, церан гергарнаш сапаргIат бевр бара. Цара чIир ца лоьху, цара бекхам ца боьху. Байнарш котамаш, бежанаш ма даций.

Байначийн доьзалш бу хьалакхуьуш. Сан кIентан кIант ишколехь волуш, хьан да вайна аьлла хаьттича, цунна уллехь Iачу кIанта аьллера, «гIазакхаша дIа а вигина, вайна цуьнан иза». Гой хьуна, церан дегнашкахь и бала бу".

…Шайн дай, бераш, вежарий, йижарий лоьхучийн леткъамаш деладенна хеза Нохчийчохь. Амма бIаьрхиш, син кхолораш, узамаш буьсу нахана шайнна, уьш бохкийла дац историн тоьшаллашка.

Вуно чIогIа оьшу байнарш бовзуьйту, уьш бигинарш къайла ца бохуьйту тептарш, архиваш. Ткъа и тайпа архиваш президенташна, тIеман, ницкъаллин хьукматашна оьшуш яц, бале хила а тарлуш ю – царех бехкбуьллу, бехк хенан йохалла а тIера ца болуьйту гIаролаш хуьлу. Цундела дерриг а до Оьрсийчоьно хилларш дIашардеш, лораза дойуш.

Байначех архиваш хьаьнгахь ю, церан тоьшаллаш мел дукха-кIезиг ду, лоьхучу нехан терахьаш хууш дуй?

Тхо тIаьхьа а кхиина, оха теллина, Iорадаьккхинарг аьлча, тхоьгахь 4000 гергга вайначу стагах тоьшаллаш ду.

Оцу хеттаршна дуьззина жоьпаш дала Нохчийчохь вац стагга а. Нахана иза ца лаар а дац бахьана, Iедална цаэшар ду, боху Маршо Радиоца къамел динчу Байсаев Iусама.

Iусамас дуккха а шерашкахь болхбина адамийн бакъоларъечу «Мемориал» юкъараллехь. Массех шо ду деккъа дIа маьршша тIеман архив хIотторхьама Европехь веха. Цуьнан хIора а де оцу балхах лаьтта. Дуьззина дацахь а, бух а болуш, цуьнан олийла ду вайна мехала долу байначийн юккъера терахь.

Байсаев: «Башха иза дуьззина хууш со а вац. Делахь а, ас айса цигахь болх барна ца бахахь а, ала ду, "Мемориал" ю и болх мелла а системехь бина. ХIора а вайначу стагах, мичахь, муха вайна, тешаш муьлш д1аяздарал совнах, цо прокурорашка кхехьийтина кехаташ а, даьхкина жоьпаш а Iалашдина.

Тхан терахьаш а дац дуьззина, аьтто ца баьлла мехкан центрна дукха юьстахарчу меттигашкахь, лаьмнашкахь и дерриг сурт довза. Цул совнаха, нах а кхоьрура шайна хилла бохам бовзийта. Тхо тIаьхьа а кхиина, оха теллина, Iорадаьккхинарг аьлча, тхоьгахь 4000 гергга вайначу стагах тоьшаллаш ду.

И болх оха бо, бийр а бу, Зама йогIур ю я дерриг а толлуш, я оьшучу наха тоьшаллаш тхоьгара дIаоьцуш".

… Байнарш дагалоцучу кху Денца а дузуш, Оьрсийчоьно генетикан паспорташ делла гергарнаш лоьхучу Нохчийчуьрчу бахархошна – 130. Амма тамаше ду иза дар а. Генетакан паспорташ далар - иза байнарш схьакарочу новкъахь нахана аьтто бар хуьлу. Ткъа дуккха а адам лаьттах доьхкинчу меттигашкахь ахка, талла цамагор? Ткъа архиваш цагулъяр, я байнарш а, я зуламхой а цалехар?..

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG