ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дера бан ма бу комаьрша нах а...


Мисканех доглазар – къинхетамаллин, оьздангаллин билгало. Маьждигийн, кешнийн Iуналладар, велларг дIавуллуш дакъалацар, диканехь-вонехь хилар… Дуккха а ду гIиллакхечу стегаш гIуллакхаш. Муха хьаьвза нах тахана оцу юкъарчу барамашкахь, мел дисина вайлахь гIиллакх?..

Карарчу хенахь Нохчийчохь, кхечу кIошташкахь санна, бахархоша шайнччул дакъалоцу юкъараллин дезарш листарехь а, гIийла лол бетташ, хене бовлучу мискачеран, цхьана ханна бина а аьтто барехь а.

Цхьаболчарна хетарехь хьал-таро йолчара хала хене бовлуш болчу пекъаршна гIодар кхачо йолуш дац,бусалба стагана закат даккхар, ламаз дар, марха кхабар санна, перза делахь а. Таро йолучеран дукхаллега хьаьжча мискачеран бала кхочурш кIезиг бу боху Новр кIоштерчу яхархочо Дадаева Зураа.

Зураъ: «Цхьаболчара гIо до. Закат доккху олий хIума ло гIийлачунна. Таро ерш шортта бу,гIо дийраш-м бац дукха. Суна хууш тхан урамехь ялх доьзалхо волуш доьзал бу. Бераш ишколе дахийта а бац церан ницкъ. Да ваххал ахча доьху киншкех. ТIеюха а бедарш а яц хIинцца атта могуьйтуш а. И санначарна дан дезар-кх гIо».

Соьлж-ГIалин Ленинан кIоштерчу вахархочунна Сайдашана моттарехь тахана де доцчарна гIодар чIогIа ледара ду,хьалха хиллачуьнга хьажча.

Сайдаш: «Дукха хьолехь хIинца гIодар чIогIа ледара ду. Дахаран сихалло лоьхку а хаац. Массо а цхьа бIаьрза хьийзаш ву-кх. Массо хIумманна а газана,токана,хина ахчанаш дIаийзош и кхочуш а ма дац цхьанне дала а».

ЗаьIапхочуьнан пенси оьцуш хене волуш волчу гIалин юххерчу эвларчу вахархочунна Висханна хетарехь я Iедална а,я хьоладайшна оьшуш вац мисканиг.

Висхан: «ГIодан йиш йолуш ду Iедал а ду,таро ерш а бу. Амма гIодарна тIера бац дийр ду а бохуш,нах Iеха а беш, шайн гIуллакх деш бу. Таро йолчара маьждигашна некъаш дохкуш а ахча тосу, делахь гIийлачеран бала-м ца кхочу. Уьш дIатоьттуш лаьтташ бу. Мисканиг Iедална а ца оьшу,я кхечарна а ца оьшу».

Эшамехь бехачу мискачу бахархошна цхьа наг-наггахь сагIина луш долу сом-ком а, кхачанан сурсаташ а доцург, Iедалера а,таро йолчаьргара а шуьйрачу маьIнехь гIо хуьлуш дац ,шаьш бахархоша дечу тоьшаллашца. Цуьнца дуьстича хаъал жигаралла гойту вайнаха, маьждигана оьшучохь, вон-дика луьстуш,оьшучу гIант-стоьлана,четарна я кешнашна, я кхечу юкъараллин гIуллакхана ахча тасарехь.

Мел бух болуш ду ала хаац,амма цхьаболчара и тайпа жигарралла юзу,ишта дакъалоцуш верг,цIарца вийца а вуьйцуш, кхайкхош хиларца.

Мухха делахь а юкъараллин гIуллакхана дIа а вожавелла,кху ткъех шарахь, дела дуьхьа бохуш сацам боцуш къахьоьгучу Теркйист кIоштерчу Добриев Хаважа чIагIдарехь тахана махкахь сагIа доккхурш кIезиг бац. Цо воккха а веш дуьйцура наха шаьш ,шайн лаамехь юкъараллин хьашт-дезарш листарехь лоцучу декъахь. Ишта къамел деъна тхойшиннан цу хьокъехь.

Хаваж: «Дела къорIанора тахана нохчашлахь сагIа дика доккху. Сан 63 шо ду. ХIара I6-I7 шо ду со а,сан накъостий а кху юьртахь каш доккхуш къахьоьгуш долу. Цул сов маьждигехь дехар а дина хIара кешнаш тIе а лацийтина соьга,мел оьшу гIирс-коьчалла мА эшша кийчча хилийтар тIе а дуьллуш. Хьажал кху чуьра хIара кораш «дарап» аьлла дIахIиттийна хьуна тхан юьртахочо, хIара пластикан пхи кор,Дела дуьхьа сагIина.

И некъ гой хьуна ша реза вац цу неIарна аьлла, сан лулахочо шен чоьтах дIахIоттий. ДIо-о хи чохь долу гIу яйти цхьамма,цунна гонах тхов а туьллуш цIа дайти кхечамма.ГIо-м хьаха до. Селхана хIума кхоллуш Iашшехь ойла йо ас и ши кор неI хийца орца хьаьнга аьлча гIуллакх хир дара те.

Цу мIаьргонехь цхьамма зIе туьйхи-кх.-Хаваж, хьо вуй иза, боху озо, - ша хьенех ву хьуна. Ахь пурба делча и хи долчу хIусмера ши кор а,неI а хуьйцур яра ас.-Дала сунна ваийти-кх хьо!-эли ас.Цу юкъа ши-кхо далале цIена кораш, неIIий дIа-м хIоттий. Дала мукъалахь сагIа доккхучийн къоьлла яц».

Хаважа а, кхечу бахархоша билгалдоккхура, юкъараллина а,мискачарна а даггара гIо деш берш дукхахдолчу декъана,цхьа яккхий таронаш йоцу,юккъерчу тIегIан нах хилар. Хаважин къамелехь гуш ма хиллара,цара и гIо до ледарниг,хийца езарг шайнне ган а гой,цхьаммо а аьлла я хьехна хIума а доцуш. Цу хиламо,кханенах йоьзна ойланаш дебош, тешаво боху Добриев Хаважа къинхетамаллех а,адамийн дикаллех а.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG