ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ламанхойн Республикан президент, бизнесхо-нохчо


автор - Вачагаев Майрбек, Парижера историк

Дахаран юьххьехь

Чермоев Iабдул-Межид (Тапа) вина шен тайпанхоша йиллинчу Орцин-Юьртахь (Устрада-ГIалин агIор йолу Соьлж-ГIалин йист) 1882-чу шарахь вевзаш хиллачу оьрсийн инарлан, Георгин ЖIаран кавалеран Чермойн Исхьакъан Орцин доьзалехь.

Къомах нохчо а волуш, «дворянин» хьолехь хилла иза. Чекхъяьккхина БуьритIехь «реальное училище» а, Петарбухахь Императоран Николайн дошлойн доьшийла а (1901 шарахь).

1901-1906-чу шерашкахь гIуллакх дина Императоран Локхаллин ханехь. 1905-чу шарахь ялийна БуьритIехь бехачу азербайджанхойн доьзалера Ибрагимбекова Хьава-Ханум. Иза яьхна цуьнца цуьнан оьмар кхачаяллалц, цуьнца яьлла 1919-чу шарахь дозанал ара а.

1906 –1914-чу шерашкахь мехкдаьттадоккху бизнес лелийна Чермоевс – дегара доладевлла маьIданаш йолах нахе а луш. Оцу бизнесехь нохчех иза ца хилла дуьххьара, амма хилла массарел а дика аьтто баьлларг.

Дуьненан Хьалхара тIом баьлча, кхиболу ЧермоевгIар а санна, шен лаамехь вахана эскаре. 1914-1916-чу шерашкахь «Акха дивизин» («Дикая дивизия») Нохчийн дошлойн полкехь эпсар лелла. 1916-чу шарахь штабс-ротмистр волуш лазийна, дарба лелийна БуьритIехь, тIеман совгIаташ делла а хилла.

Политик

1916 шарахь Чермоев Тапас кехат хьажийна Оьрсийчоьнан Iедале нохчашна 1860-чу шарахь Кавказерчу оьрсийн эскаран буьйранчас Барятинскийс ша яржийначу «Нохчийн халкъе йолчу прокламацехь» лур ю баьхна лаьттах доладан бакъо ялар доьхуш.

Дехар Кавказерчу Iедало зийна, паччахьо къобал а дина, 1917-чу шерахь кхочушдан а дезаш дисина.

1917-чу шеран Зазадоккху-баттахь Чермоев Тапа Нохчийчоьнан цIарах хоржу Ханна къастийначу цхьаьнакхеттачу ламанхойн Юкъарчу Комитете (Временный ЦК объединенных горцев). Оцу хьукмате болх болабайта ахча а хьажадо цо.

Политикан кхетамца Чермоев герга хилла федералисташна: 1917-чу шеран Октябран Революци йолаялале Оьрсийчоьнца федеративан юкъаметтигаш хIитторехьа хилла иза, иштта, федеративан юкъаметтигаш хила еза гIалгIазакхашца а, Кавказерчу кхаа пачхьалкхца а, баьхна цо. Къийсина Къилбаседа Кавказехь Оьрсийчоьнах йозуш йоцу пачхьалкх йилларехьа.

1917-чу шеран Стигалкъекъа-беттахь Къилбаседа Кавказан а, Дагестанан а цхьанакхеттачу ламанхойн Гонан 1-чу гуламехь Чермоев хоржу оцу Гонан Юкъарчу Комитетан куьйгалхо. Иштта, хилла иза Теркан мехкан а, Нохчийн а гIуллакхлелоран комитетийн а декъашхо.

1917-чу шеран ГIадужу-баттахь вуьгу иза Къилба-Малхбаленан цхьанатоьхначу Iедалан гоне а (ламанхойн, гIамаран мехкашкарчу къаьмнийн, Къилбан гIалгIазакхийн цхьаьнакхетаралла). Бутт баьлча, оцу хьукматах «Ламанан Iедал» хилча, шегара дарж дуьту Чермоевс, амма вуьсу Нохчийчоьнан цIарах цуьнан декъахь.

Ламанхойн Республикан лидер

1918-гIа шо долалуш юха ламанхойн пачхьалкхан лидер хIутту Чермоев Тапа – цуьнга ло Ламанан Республикан министран-куьйгалхочун дарж. Йозуш йоцу Республика кхоллаяларх бертан кехат тIечIагIдо цо Батумерчу дуьненаюкъарчу конференцехь Стигалкъекъа-беттан 11-чу дийнахь.

Парижерчу машаран конференце хьажочу делегацин коьрте а хIоьттина– 1918-чу шеран ГIура-бутт – цига воьдучу муьрехь а вуьсу иза Республикан коьртехь.

1919-чу шарахь делегацин коьртехь Париже дIакхаьчча дуьйна Чермоев ваьхна цигахь. Ламанхойн республиканна хьалхара куьг яздина Кубанан Iедалца бертан кехат хIоттош 1919-чу шеран аьхка.

Ламанхойн Европерчу эмиграцин жигархо а волуш Чермоев Тапа ваьхна Парижехь а, Лондонехь а. Францин коьртачу шахьарахь «Дашо тха» («Золотое руно»), «Прометей» («Пхьармат») олучу Къилбаседа Кавказан «масонийн ложашкахь» а хилла иза 1924-1930-чу шерашкахь, царна ахча кхачош а, церан декъахь а.

ТIаьххьара шераш

Политика дIатесна Чермоевс 30-гIа шераш дуьйлалуш. 1932 шарахь Лондонан Лакхарчу кхело банкрот ву аьлла кхайкхийна иза.

Чермоев Тапа кхелхина 1937-чу шеран Марсхьокху-беттан 27-чу дийнахь Лозаннехь (Швейцари). Цуьнан дIавалар цIеххьашха нисделла лорура иза уллера вевзинчара а, цуьнца лечу дийнахь а зIе латтийначара а. Оцо шеко йитина цуьнан гонехь иза Советийн Iедалан агенташа вийна хила тарлуш хиларх.

Парижна гергахь, бусулба нехан Бобиньи кешнашкахь дIавоьллина Чермоев Iабдул-Межид-Тапа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG