ХIора шарахь а даздо "Теркан гIалгIайзкхи-зудчун де". Теркан йистонца гулло Ставрополера а, Пятигорскера а, ГIизларара а гIалгIазкхий. Тойна хIиттина даккхий текхаш а хуьлу, шорта юург-молург а хуьлу. Эшарш, хелхарш, тур лесторан гайтамаш а лаьтта суьйре хиллалц.
Дуккха а бераш ду гIалгIазакхийн духар доьхна. Журналистех Маршо Радион корреспондент бен вацара цига кхайкхина. Шайна и де даздар башха гIарадаккха а ца лаьа, цундела журналисташка ца аьлла шаьш, боху Невран кIоштарчу гIалгIазакхаша.
Шаьш шайн зударийн де даздаран бух бовзуьйтуш, 1774 шарахь, аьхка, божарий туркошца тIамехь болчу хенахь, Новр-ГIалина го бина хилла туркоша, ткъа гIалгIазкхийн цIахь бисинчу зударша дуьхьало а йина, юхатоьхна мостагIий, бохуш дуьйцу кхузахь.
Суьйрене кхаьччалц дахделлачу даздарехь самукъадаьлларш хIора сахьт мел долу алсамбуьйлуш бара. Цхаболучарна журналистаца къамел дан лаьара, Оьрсийчохь долчух а, шайна Iедалша ца ечу тергонех а лаьцна.
Литвинов Николай 60 шо хила тарлуш гIалгIазкхий ву. ТIеман духарахь ву иза. Нохчийчохь ша хьалхарчу тIамехь Ермоловн цIарахчу батальонехь вара аьлла долийра цо шен къамел. Шаьш Соьлж-ГIала доьлхуш, Заводан кIоштахь шайна еа агIорар тIелатар а дина, 23 шайх вийра, иттанаш лазийра, цу тIехь шайн тIом чекхабелира ьохуш дуьйцу цо. Амма и шен къамел диктофон тIе дIаяздайта ца лиира цунна. Ткъа даздарех лаьцна иштта жоп делира.
Литвинов: «Кху барамах лаьцна ас массех могΙанца эр ду хьоьга.
ГΙалгΙазакхий, сан вежарий, Ιалашъер вай Кавказ,
Ваьшна дуьхьал болчу бандитех.
МеттахΙоттор вай Делах тешар,
Паччахь а юхавалор вай шен гΙента,
Керста дин Оьрсийчохь лардер вай
Массо а мостагΙех».
ГIалгIазкхий тахана когахIуьттуш бу, амма цара шаьш шайна новкъарло йо иза дан, боху халахетарца Литвинов Николайс.
Литвинов: « ГIалгIазкхий тахана гΙовттуш бу, хIунда аьлча, Владимир Владимировича омрана кIел куьг таIош ду, атаманаш хIиттош. Тхуна иза тхайн уггаре а лаккхара буьйранча хета. Ткъа тхо Iедало тергал цадар - иза оха тхаьш тхайн гайтина мах бу».
Путина Владимиран гIоьнчий ду шаьш, гIалгIазкхий, боху Литвинов Николайс.
Литвинов: «Коррупци ю лакхахь, «Цхьааллийн Оьрсийчоь» коьртехь а йолуш. Дуккха а ницкъаллийн дакъошкахь. 1990-чу шерашкахь хиллачу коррупцино ца дитина пачхьалкх хьийзор. Цундела, президента дийриг, меллаша дахь а, нийса ду. Оьрсийчоь езарш а бу, ца езарш а бу. Стенга баха гIерта уьш Оьрсийчоьнах хаьдда? Тхуна еза Оьрсийчоь а, Кавказ а. Маьрша дахар а деза тхуна».
Оьрсийчоь паччахьан куьйга кIел хуьлийла лаьа гIалгIазкхашна. Паччахь ца хилахь, шаьш а дац, боху цо.
Литвинов: «Динехьа а, паччахьехьа а. Амма президентан кIуьйга кΙел. Хийцамаш барх, хьесап хийца луш ма дац. Суна иза паччахь ву. Паччахьна муьтΙахь воцург гIалгIазкхи а вац. Массо а ма ваьхна паччахьна мутΙахь. Массо а хилла цуьнца бертахь. Вовшийн лоруш а хилла. ХIинца и ларам хьалакъбен хΙуманаш бен бац. Дуккха а нах бевза суна, нохчий а бу царалахь. Тахана а сан цхьаьнкхетар хир ду цхьанца. Кегийрхой вовшахтоха лаьа суна. ТIамна ца лаьа, спортехула лаьа. Амма коррупцино дерриг а хIаллакдеш ду. Вайна массарна а кхочу цуьнан дакъа».
Казахстанера вайнах юхабирзичхьана Новр-ГIалахь вехаш ву Мохьмад цIе йолу воккха стаг. Хьалхара тIом баллалца, бертахь даьхна шаьш гIалгIазакхашца лулахь, шайн къийса хIума дац, боху цо.
Мохьмад: «Тхо дика дехаш дара. Уьш богIура вайн ловзарешка. Вай а доьлхура церан ловзаршка. Цаьрца школехь а дешнаас. Классехь верриг а оьрси вара. Гергарло леладора оха. Цхьана а тайпа вон хIума дацара тхуна юкъахь оцу хенахь».
МогIарерчу нехан даима а хилла барт, амма Iедалша къмьнашна юкъа цим туьйсура, дуьйцу новрхочо Мохьмада.
Мохьмад: «Рая бохуш зуда ю суна лулахь ехаш. Даима а вовшашна гIо деш, дика лулахой санна Iаш дара тхо. ГIазакхийн эскар чудеъча цо, мала а мелла, гуламехь къамел дира, нохчаша шаьш дойъуш дара бохуш. И туьйра цо дуьйцучу хенахь, «Мир» боху телекомпани яра, цара дIаяьккхира микрофон цунна хьалхара. Юха елха а йоьлхуш, суна еара, атамано малийра шена, хIара, важа ала деза бохуш, аьлла. Суна бехказа йолуш, йоьлху кеп а хIоттийра цо. Оха лар а беш лелош ма бара уьш. Делахь а...».
Новр-ГIалахь суьйрана а даздеш лаьттира «ГIалгIайзкхийн зудчун де». Эшарийн мохь хезара Теркана ьала-охьа. Дуьхьал луш жоп луш дацара хин кхечу, нохчийн, бердаш тIера. Мел ца йоьлла бахахь а, адамашна юкъа херо йоьлла а ца Iаш, доккха харш даьлла. Iедална Нохчийчоьнах алссам къаьмнаш деха мохк бан лаахь а, иза хенахь хир ду аьлла а ца хетало.