Оьрсийчоьнан бахархошкара карарчу шеран хьалхарчу декъехь дийлина зуламаш туьдуш Инарла прокуратуро Нохчийчоь гайтина «даккхий зуламаш» дарца массо а регионел хьалхаяьлла.
Дахначу шеран 6 бетта чохь и тайпа зулам цигахь 68 бен ца дира. Ткъа кхушара дина 211. Стохка хьалхарчу 6 баттахь махкахь вийнарг 58 стаг хиллехь, кхушара оццу хена чохь вийна 104 стаг.
Инарла прокуратуро хаам арахецна нийсса де даьлча шен инстаграмехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана яздина, «дуьнентIехь терроризмах буьззина мукъабалла цхьаъ бен боцу мохк бу Нохчийчоь».
Гуш ду Инарла прокуратурой, мехкан куьйгалхочой дуьйцург шалхадаьллийла.
Бакъду, и тайпа галморзахаллаш го, хеза кест-кеста.
Цхьана агIонга ладоьгIча, махкахь кхерамзалла - массанхьачул а лакхара ю, ирс - нохчашна массарначул а сов кхаьчна, доьзалш деборца уьш массо а къаьмнел хьалха бевлла.
Вукху агIонга ладоьгIча, федералан бюджетна харжаш ярца, ивесторшна цатарца, белхан меттигаш яцарца, нах махкара идарца, дарбадан меттигаш кIезиг хиларца, берашна бошмаш цатоарца, молу хи боьха хиларца Нохчийчоь статисташа хьалхарчу меттигашкахь гойту.
Статистика – иза Мизан терза санна нийса, цхьаьнгахьа а доцуш, бакъдерг гойту г1ирс хилла лела езаш институт ю. Цо олучух теша хийланиг. Амма ца теша массо а.
Аш хIун ирс дуьйцу?!
Статистийн терахьех, я церан бустамаш боллучохь а буьтий, шайггара терахьаш далош, Нохчийчохь лела хьал шайн суьртахь гойтучу мехкан дайх шек ю, масала, цигара Маршо Радиоца къамел ден журналист Ламара.
Ламара: «Iорайоккху статистика Нохчийчохь Iовдал стаг Iехо санна хуьлу. Дуьне дело санна, стохка араделира Соьлж-ГIала уггар ирсе г Iала ю аьлла.
ЛадогIийша! Шина тIамах чеккхдевла, дехха шерашкахь хьийзийна, багийна, бохийна, хIора доьзалера байина нах болчу махкахь боьлхуш йижарий бац вайн? Вежарий бац? Наной бац? Буодисина бераш дац? Аш хIун ирс дуьйцу?! Оцу шина тIамехь деваша вайна сан, ваша вайна тIепIаза, шиъ ненашича цIергахь вагийна сан. Тхо ирсе ду, дуй?!
Нохчийчохь уггаре а дукха маьждигаш ду боху статистико. Ду. Хаза а ду Iаламат, хIора юьртахь ду. Амма цхьана а маьждигехь шуна хезний нах хьийзош болчу нахе, махкахь куьйгаллехь болчу нахе, нах ма хьийзабе олуш, уьш юхаозош?
Муцураевн эшаре ладоьгIнарг а жьопе озош ву. Маж жимма а кхечу кепара ерг, я салам кхечу тайпа делларг а дIавадош ву.
Жимма а шена хетарг аьлларг, ерриг юьрт а, мохк а гулбой, камераш тIе а хьовсайой, "къинтIера довла, со галваьлла, со тиллвелла, со Iехавелла, шайтIа чуьдоьлла, джин чуьдоьлла" - уьш-м хеза вайна. И муха хуьлу?
Тахана Оьрсийчуьрчу прокуратуро Москвара схьа Нохчийчоь уггаре даккхий зулмаш ден меттиг ю аьлча, со цец ца йолу. ХIунда ца йолу? Муцураевн эшаре ладоьгIнарг а жьопе озош ву. Маж жимма а кхечу кепара ерг, я салам кхечу тайпа делларг а дIавадош ву. Интернетехула цхьанхьа хьаьжнарг, "хьо Шема ваха гIерташ вара", "хьо тIаме ваха гIерташ вара", олий, дIавадош ву.
Хьовсийша, хIинцца, дуккха хан йоццуш Турбинера бераш хенаш а тоьхна, чудоьхкина, бехк-гуьнахь а доцуш. Бевзаш болчу адвокаташка хаьттича, цара боху, и сурт Iорадаккхар бахьана долуш, пхиппа шераш тоьхна. цу шинна. Дуьххьара царна кхайкхо лерина хан цхьа шой, ялх буттий бен яцара - иштта боху адвокаташа.
Шина кIантанна бекхам бина, хьал нахала хIунда даьккхина аьлла.
Иштта, шайн дов хаттаре хьоьжуш Iа Шелара бераш, Курчалой-Эвлара бераш, Теркйистера бераш. Вовшашна бевзаш хиларна, вовшийн ноьмарш телефонаш чохь карорна.
Нах даймохк ца безаш, я балхах уьдуш бу? Валлай бац!
Тахана вайн махкахь дан дуьсург хIун ду? Артисташка хьежар, царна петарш луш хьегар, машенаш ю юххе ийзийначарна, Iедалехь берш дика хестош лоькхучарна. Ца лаахь а, лууш санна футболе а дIакхоьхьур бу, эзар соьмаш а луш, бургерш а юур ю. Юур яц мискачу наха-м, иза шайна дага а ма даийта.
Цунах ирсе мохк хуьлий?
Нахана белхан меттигаш а, дарба дан аьттонаш а бича дика дара. Ду, даккхий дарбан цIенош ду деш, медицинан техника ю схьайохьуш, МРТ хуьлда иза, томограф хуьлда иза, царех чекхбовла, дарба дайта аьттонаш бац нехан. Эзарнашкахь соьмаш охlадахка деза. Яц нехан и таронаш. Ю алал!
Стенна ца боху оццу статистико, Оьрсичохь тахана уггаре а дукха нах уьду мохк бу Нохчийчоь? Нах даймохк ца безаш, я балхах уьдуш бу? Валлай бац! Дуьненан кхечу маьllе а вахна охIахаа дац атта.
Хьенан бац Европехь я lамеркахь гергара нах? Шуна цаьргара ца хеза даймахкана цара сагатадеш, даймахках хьоьгуш, социалан машнашкахь цара яздийриг? Ладоьгlча, хийла дог доьлху царна.
Даймохк статистико ма-баххара ирсе хилча, маьрша хилча дуьненан йисте а хевшина стенна lа и нах?
Кремлна оьшуш проект ю тахана Нохчийчоь, цуьнан коьртехь болу нах. Кремло "стоп" аллалц вай "хьалхарчу меттехь" а хир ду, статистико шен болх а бийр бу. Оьрсаша олуш ду-кх: " Есть ложь, есть наглая ложь, и есть статистика". Нохчийн матте даьккхича: " Аьшпаш а бу, эхь ца хета аьшпаш а бу, статистика а ю". И дуй-те моьтту суна".
Оьрсийчоьнан прокуратуро даккхий зуламаш алссам дийларца къастийна регион Нохчийчоь хилар Оьрсийчуьрчу тергамчаша мохк бехказа а боккхуш туьду. Масала, РБК медиахолдингна хетарехь, ДАIИШ-е баха гIертачу нахана Кадыровн администрацино некъаш бехкарна девлла зуламаш сов – махкара арабовла аьтто боцчу тIемалоша цIерачу Iедална до зен шайга далуччул.
Ткъа лакхахь Нохчийчоьнан яхархочо Ламарас шен къамелехь дийцира ша муха туьду статистийн реляцеш.