Вайнехан Iер-дахар довза луучарна иза дан аьтто бу ешархойн. Йоккха меттиг дIалоцу жайни тIехь Гуьржийчуьрчу ПIаьнказ-чIожехь бехачу кистойх лаьцначу декъо. Цигахь, йисина Нохчийчохь яйна лору цхьайолу говзаллаш. Автора Хангошвили Тумишас Маршо Радиога дийцира и жайна язъя шена дагадеана дукха а хан яра бохуш.
Хангошвили: «Со жима йолуш дуьйна куьйга бен болх чIогIа дукха безаш яра. Ас тидам а бора дай-наноша кхуллучу хазаллин даима. Гуьржийн цхьацца гайтамаш болчу хенахь, цига йоьдура со. Вайнехан шайн куьйган говзаллаш дIагайта аьтто ца хилла тIемаш бахьанехь. Кхузахь мелла а паргIато хилла цунна. Суна хетарехь, иза массарна а гайта дезаш дара, Гуьржийчохь а, кхечу пачхьалкхашкахь а».
ТIаргIанах хIуманаш ая, истангаш тегар ПIаьнказ-чIожехь хIинца а дисина деха. Хангошвили Тумишас хIоттийначу жайни тIехь йоккха меттиг дIалоцу цунах дийцаро. Билгалдаккха деза, жайна кхаа маттахь ду: гуьржийн, ингалс, оьрсийн.
Хангошвили Тумишин зорбане девллачех хIара жайна дуьххьараниг а дац. Жимма хьалхо цо хIоттийра «Гуьржаша нохчех дийцар» цIеерг а. Цу тIехь цо гулбира ширачу а, карарчу а заманахь нохчех гуьржаша мел бина талламан белхаш а, фольклорера дийцарш а. Хьалхара болх дика тIеэцаро шолгIаниг зорбане баккхаран аттачу даьккхира шен цо.
Хангошвили: «Културан министралло соьга аьллера, хьалхарниг санна ахь шолгIа жайна а арахецахь, шаьш гIодийр ду аьлла. Йолу материалаш цхьана а тоьхна, кечам бира ас. ПIаьнкIаз-чIожехь кегий бераша истангаш деш суьрташ а даьхнера ас. ЦIера (Нохчийчуьра) суьрташ а дахкийтира суна дуккха а».
«Вайнехан исбаьхьалла» жайна Гуьржийчохь зорбане даларо гуьржийн - вайнехан херъяла йоьлла юкъаметтигаш меттахIитторе сатуьйсу авторо. Цуьнга хьоьжуш а, сатуьйсуш а шаьш гуьржий а бу, билгалдаьккхира Хангошвили Тумишас.
Хангошвили: «ЧIогIа гергарло а долуш, схьадогIуш къаьмнаш ма ду вай. Иштта олу шаьш гуьржаша а. Нохчех шаьш дIакъаьстича, цхьа агIо дIабаьккхича санна хетар ду царна. ЦIийца а, историца а цхьа уьйр йолуш къаьмнаш ма дуй вай. Цундела гонахара политикан хьал Iад а дитина, юкъаметтигаш лело еза вай. Уггаре а чIогIа и юкъаметтиг хилийта лууш ПIаьнказ-чIожера нах бу, хIунда аьлча, цIабаха а аьтто ца хилча, кхузахь гуьржашца безамехь, бертахь баха лаьа».
Хангошвили Тумишин жайна хIинца а шуьйра даржийна дац. Цуьнан презентаци гергарчу хенахь хир ю. Оцу цхьана жайница а доьрзур дац вайнехан куьйган говзалла йовзийтар. Шортта хIуманаш ду къомах лаьцна дийца, гайта, тешна ю иза.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832