ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Ирсечу» гΙалин ирс доцу бахархой


Нохчийчоь -- "Ирсе" Соьлж-ГIала, 27Ман2012
Нохчийчоь -- "Ирсе" Соьлж-ГIала, 27Ман2012

Советан Ιедал доьхча бухайисинчу Оьрсийчохь ирс доьхна гΙала муьлхарг ю, аьлча, сихха цΙе яккха тарлучу Соьлж-ГΙалех хΙинца уггаре дукха ирсах ехьа гΙала хилла, деношкахь шен талламаш бовзийтинчу Ньюс-Эффектор цΙе йолчу мониторинган агенталло бахарехь. Нохчийн къоман вуно доккха дакъа, бомбанашца, кхузаман еза-яккхий тоьпашца хΙаллак а деш, цкъа лаьттах дΙа а шарйина, юхакхоьллинчу гΙалин бахархойн ирс Маршо Радионо а теллира.


Оцу агенталлан куьйгалхочо Мороз Сергейс бахарехь, Соьлж-ГIалара бахархой ирсах бехьаш хиларан жамI и таллам болабечу муьрехь хир ду ала а дацара.

Гарехь, Соьлж-ГIалахь бехачарна тамехь хета Нохчийчоьнан коьрта шахIар яьккхийчу гIулчашца кхуьуш хилар а, цигара Iалам цIена хилар а. Ишшта бахархой реза бу, боху, шайн таронашна а , рицкъа кардогIуш хиларна а, гIаличохь латточу кхерамазаллина а.

Соьлжа-гIалахь дукха хенахь дуьйна еха нохчийн гоьяьлла актриса Багалова Зулай. Соьлж-гIалица доьзна ду цуьнан дахаран доккхаха дакъа. Шен са дIаийна йолчу оцу гIалица цхьаьна тIе мел хIиттина баланаш а лайна цо. Иза йохош а гина, хIинца иза юхаметтахоттош а гуш ду.

Шен дагна хьалхалера Соьлж-гIала герга хета. Цунна а, цуьнцана цхьаьна дIадахначу ирсах а сагатло Зулайн.

Талламан гонашкахь башха дика евзаш а йоцчу «NewsEffector» агенталло дина жамI нийса хила а тарло, боху цо. Агенталло хеттарш динарш важа, шира гIала, ца гина кегирхой хирбу, царна ца хаьа, оцу гIалахь хиллачу ирсан ша тайпа, зезагийн а, бецан а санна, хаза хьожа хиллийла, кхин беснаш, кхин хатI хиллийла, ,боху Багалова Зулайс.

Багалова: "Сан сагатло, сайн къоналлийн гIала йоцуш. Со керлачу гIалахь ехаш ю. Хьалха хилла гIала янне а яц, со чохь Iаш йолу хIара биъ пен ца ларахь. И хаттар сан хенара а, тIом балале кхузахь баьхначаьрга а делча, цара эр ду, гIала юха ца хIоттина, гIала керланиг йина. Ткъа хIинца тIекхуьучу берашна хIара гIала еза, хаза а хета. ДIаяхначу гIалина сагатдо ас а, со санначара а. Сингаттаме ду"...

Цхьана хIуман тидам бо Багалова Зулайс. ХIинцалц тIемашкара адаме лан ца баллал боккха бала а лайна, цул тIаьхьа хIоьттина машар, доккха зовкх а лоруш, наха. Ишттачу хьолехь бу Соьлж-ГIалин бахархой тахана, боху Зулайс.

Багалова: "Оццул вайна тIехIиттина халонаш а йолуш, стигал цIена хилчхьана? бохуш, шен доьзал могуш хилчхьана, "ирс" боху хIума дуьйцучохь дац. ХIинца кхин къийсам а бац, ишшта дIа латтадойла хьал, бохуш, Iаш бу-кх нах, цунна реза а хилла".

Ирс адам дехачу меттигаца доьзна хилар даредо Шелан кIоштарчу Сиржа-Эвлан вахархочо Гиланис а. Соьлж-ГIалахь я ерриг аОьрсийчохь бехачел а ирсе бу Сиржа-Эвлахой, цо бахарехь.

Гилани: "Уггаре а ирс долу нах суна Сиржа-Эвлахь бу, аьлла, хета. Со гIалахь ваха таро йолуш а вац. Сиржа-Эвлал хаза меттиг янне а яц кху дуьнентIехь. Соьга хаьттича, уггаре а ирс долу нах сан юьртахой бу-кх.

Газ а ю, хьалха хилла садоIу лагерш а яц, цара даима а эшарш лоькхуш, гIовгIа йор... Iалам а цIена ду, электросерло а дIа ца йойъу наггахь бен, кIур туьйсуш заводаш а яц. Ма дарра аьлча, дуьненан ялсмане ю-кх Сиржа-Эвла".

Москох 52 меттехь ю цигарчу бахархойн ирс бараме диллича. Йоцу кхерамазалла а, эшна экологи а бахьана ду иза сел геначу метте бахархоша хIоттор.

Ткъа, Соьлж-ГIалахь кест-кесста дуьйлу герзаш, лелхарш, урамашкахь маса-тоьпашца нах лелар чоьте а ца оьцучух тера ду ирсах хьаьгна болчу бахархоша.

Соьлжа-гIали чувоггIучохь йоккха горганиг ю дIахIоттина, «Соьлжа-гIала-дуьненна юкъ», аьлла, тIехь дешнаш а долуш. ХIинца кхин цхьана сурт-вастан ойла а ян езар ю Соьлж-ГIалин администрацин - «Соьлжа-гIала-ирсан юкъ» боху йоза стенгахьмичахь дIатоха деза.
XS
SM
MD
LG