ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Царнаев бехказвохучу наха юха а кехаташ даржийна Соьлж-ГIалахь


Соьлж-ГIала - Царнаев бехказвохучу наха юха а кехаташ даржийна Соьлж-ГIалахь, Стиг2013
Соьлж-ГIала - Царнаев бехказвохучу наха юха а кехаташ даржийна Соьлж-ГIалахь, Стиг2013
Вежарий ЦарнаевгIара дина боху лелхийтарш хаттарш кхуллуш хиларх лаьцна дуьйцу къайлах барт хилла цу хьокъехь бохучу теорех тешаш боцучу а наха а. Ткъа Соьлж-гIалахь юха а кехаташ даржийна муьлуш бу ца хуучу наха. Царнаев ЖовхIар бехке вац, иза къелхьара валийтар доьхуш доIанаш де бохуш.

Ши де хьалха, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, ЦарнаевгIеран бехк бу, уьш «шайтIанаш» ду аьлла дIахьедар даро а, ца сацийна, махкахь, оцу шина вешийн цIе цIанъян гIертарш.

Цкъачуьнна уьш муьлша бу ца хаа, амма, тахана Соьлжа-гIалийн урамашкахь, кехаташ дIадиттина царна гIо доьхуш. Хьалха, Интерентехула гIо-накъосталла де бохуш хиллехь а, хIинца дийна висина волу Царнаев ЖовхIар Деле воьхуш доIанаш де аьлла кхайкхам бу оцу кехаташ тIехь.

Доьххьара и кехаташ гинчарах ву, нохчийн журналист-суртдаккхархо Садулаев Муса. И деш берш мьулша бу ца хаа, амма, ша тIетов боху цо, цара дечуьнна.

Садулаев Муса: «Иза деш верг мила ву ала ца хаа суна, амма, хIора буьйсана аьлча санна, и кехаташ дIадетташ-м ду ЦарнаевгIарна гIо доьхуш. Кхайкхамаш бу царна тIехь. Интернетехула дукха видеошка а , суьрташка а хьежна со, сан кхетамех уьш бехке бац. Соьга хаьттича, еш ерг чIогIа харцо а ю оцу шина кIантана тIехь йинарг. Суна и кехаташ леточьарна во хIума ала ца лаьа».

И шиъ бехке ву аьлла хетарш дукха хаабеллий хьуна?

Садулаев Муса: «И шиъ бехке вац аьлла хеташ Нохчийчохь хилла а ца Iаш, Оьрсийчоьхь а, Iамеркехь а бу шорта нах. Со санна иза хеташ дуккха а бу. Ма хуьллу, и шиъ бехке ван гIерташ Iедал а ду».

ЦарнаевгIарна тIехуттуш, хьалха Соьлжа-гIалахь дIадиттинчу кехатийн чулацамах тера дац. ХIинца гарехь, дог диллинчух тер аду оцу дийна висинчу кIента кхолламах. Кхин дан хIума ца дуьсу цьунах дог лозучеран, иза Деле вехар бен.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG