ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Делан неIалт хуьлда питанчашна!"


Оьрсийчоь -- Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а куьйгалхой Кадыров Рамзан а, Евкуров Юнус-Бек а, 29Гез2012
Оьрсийчоь -- Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а куьйгалхой Кадыров Рамзан а, Евкуров Юнус-Бек а, 29Гез2012

Вайнехан паччахьаш хилла а бац, бохуш, деза къамелаш дечу пекъарша, паччахь олий бен, хьахош хуьлуш а воцчу Кадыров Рамзана а, Евкуров Юнус-Бека а кегари бу бохьуш иштта а гаттонехь бехачу нехан дахаре. Шина къоман салоццуче тоьхна оцу шимма, мехкийн дозанаш, сиз а хьаькхна, къасто деза, аьлла, долорца.



Хенан йохалла а вайнах дакъаза баьхнарг хΙун дара бохург иэсехь латтийтархьама бицбойла дац кху денойн гΙурте хиламаш.

Вежарий АвдорхановгIар байъича...

Таршхойн лаьмнашкахь, шеко а йоцуш, гIалгIайн баьхна а, бехаш а йолчу ГIалашкахь - дагадогIу-кх вайна, иза обарг Зелимхас лоруш а, цуьнан хьеший бехаш а юрт хиллийла - кхо нохчийн муджахIид иккхира Товбецан беттан 29-чохь.

ГIалгIайчоь -- ГIалашкахь иккхина ши тIемало, дийцарехь - вежарий АвдорхановгIар - Зоврбек а, ИбрахIим а, ГIалашка, 30Гез2012
ГIалгIайчоь -- ГIалашкахь иккхина ши тIемало, дийцарехь - вежарий АвдорхановгIар - Зоврбек а, ИбрахIим а, ГIалашка, 30Гез2012
Хиларг туьдуш, шолгIачу дийнахь, ша Евкуров Юнус-Бека дийцинарг иштта дара. ГIалашкарчу Береговая олучу урамехь, цхьана цIа чохь, шаьш молханах юлуш хилла бомба а иккхина, буса 11 сахьт дала 20 минот йолуш, кхелхина шиъ, дарбан цIийне вигина кхозлагIниг.

Кхин а цхьа де даьлча Несарарчу полицино цIерш а ехира, велла бохучу шиннан: Абаев Идрис, Долхадов Iалихан. ЦIе яккханза витина кхозлагIниг дарбан цIийне виллина, бохура.

Кхин цул тIаьхьа цхьа а хаам а ца бира, дарба дан вигинчух хилларг, иза велла, вийна, висина хоуьйтуш.

Евкуровл де тIаьхьа а вуьсуш, оццу ГIалашкахь хиллачух лаьцна, айдархьаьркашца кхелина дийцар даржийра Кадыров Рамзана а. Шена тешамечу ницкъахоша, ГIалашкахь леррина барамаш дIахьош, кIело а йина, шаьш чутарбеллачу цIенца цхьаьна хIаллаквина ши ваша АвдорхановгIар - Зоврбек а, ИбрахIим а, церан накъост Халадов Аюб а, аьлла.

Мехкдайша дуьненна а хезаш дуьйцург шалхаделира. ГIалгIайчоьнан мукъ ша шегахь, буй къевллина, лелабой гойтуш, шолгΙа а дош шен караийцира Евкуровс. "Нагахь санна леррина барам дΙабахьар, Нохчийчоьнан къепелатторан белхахой а баьхкина, ши дакъа а, цхьа дархо а дIавигарх олуш делахь, оха цунах тоьшалла до, иза бакъду-кха" – элира цо, Кадыровс, буьйда куьйгалхо ву, бохуш, ша гезвахаволорна резавоцийла а хоуьйтуш.

Кадыров Рамзана, ша дийца долийнарг шен рогIехь кΙаргдеш, бехкевира Евкуров, цо "шайтIарчашца" латтабе къийсам буьйда бу, цундела уьш ГIалгIайчохь маьршша дIасалела, аьлла. (Хууш ма-хиллара, нохчийн "паччахьан" маттахь, "шайтΙарчий" –уьш гIаттамхой бу).

Иккхинчу девно ши мохк дозанашца къовла беза бохучу тIевалийна хIинца ши хьаькам.

Нохчийчохь тIом бинчу эпсаран амбицеш

Евкуров Юнус-Бека, ша кест-кеста оьздангалла, адамера культура-хΙума хьахош хуьлуш велахь а, хΙинца сеца ца до дагахь ΙаьΙнарг, дΙаолу шен бага паргΙатъяккхарца. Дика белахь а, вон белахь а, массарна а бевза эхартара нохчий а хьекхабо цо шайн девна юкъа. Ткъа шо, пхийтта шо хьалха, гΙалгΙай вай вежарий бу, вай дозанашца къесталур дац, хецна юьтур ю махкара махка воьду меттигаш, баьхна нах бу хΙинца цо аьхаза цΙерш йохурш.

Оьрсийчоь --ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек цо эскаршкахь гIуллакхдечу заманахь
Оьрсийчоь --ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек цо эскаршкахь гIуллакхдечу заманахь
Евкуров: « ДΙакхайкхадо, шун цхьаьна а Дудаевна тΙетевжаш оха хΙумма а ца дуьйцу. Шайн Дудаев шайна вита. И оха кхоьллина стом бац, иза шун стом бу. Оьшуш дац и хΙинца тхан коча олла. Цхьа а вац Дудаевна, Яндарбиевна, Масхадовна тΙетийжаш. Я товжа дагахь а вац.

Тхан тхайн латта а ду, таханлера дозанаш а ду. Къаьмнашна юкъара гергарло цΙоьмалгашна юкъа лаьцна а доцуш, ас доггах лоруш делахь, Нохчийчоьнан лаьттан сантиметрна а хир яц соьгахь хьагΙ. Нагахь шайна а иштта хетахь, хуьлда шуьгахь ГΙалгΙайчоьне а ларам».

Дозанаш къасторца долу гΙуллакх тΙаьххьарчу заманахь, ала деза, мелла а чΙиркъе хьадеш хилларг ГΙалгΙайчоь ю. ТΙаьххьара и айдина хилла 2003-чу шеран бΙаьста мехкан дас Зязиков Мурада. И луьстуш, ша тайпа бертан кехат хΙоттийра цуьнца нохчийн администратора Кадыров Ахьмада. Бакъду, оцо а ца даьккхира дозанашца дерг цхьалха. ХΙетахь кхолларх, дина хΙума а доцуш, юьйхира дозакъасторан комисси.

"Паччахь" оьгIазвахана

Дех дисина дарж шен караэцна, Нохчийчоьнан коьртехь ялхалгΙа шо доккхуш волчу Кадыров Рамзана иштта йовзуьйту, шегахь Евкуровца дов даьллачул тΙаьхьа Нохчийчоь дозанашца къовла еза аьлла кхиина ойла.

Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан, Соьлж-ГIала, 12Тов2012
Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан, Соьлж-ГIала, 12Тов2012
Кадыров: "Ахьмад-Хьаьжа дийна волуш, иза Дала декъал войла, цара Зязиков Мурадца цхьаьна цхьа барт хIоттийнера. Вай иштта дитира иза. Кхин хIума ца бохуш, вай-м IадIаш дара, комиссина цхьаъ дийр ду, вайн къаьмнаш дехаш ду, бохуш.

Ткъа хIинца цара хIун дина аьлча, цхьацца федералан структураш йина, шайн цхьацца белхаш а беш, дукха латта схьалаьцна. Шайн ярташкара нах охьа а кхоьхьуш, цигахь коттеджаш а еш, охьа а хийшош, болх бу беш. Вай цхьа а хIума бохуш а доцуш, гIалгIай вайн вежарий а бу, вай цаьрца бертахь... "вайнах" олуш къам ма дуй, делахь а, вай цхьаьна ду, цхьа мотт бу, бохуш, цундела кхин деш хIума а доцуш, Iийра. Амма вайца гIиллакх ца лелийча, муха ло ша да волчу лаьттан территори цхьанна?"

Хьалхо Евкуровс цавашарца хьахийначу нохчийн президенташа, Дудаев ДжовхΙара а, Яндарбиев Зелимхас а, Масхадов Аслана а, дуккхаза а хьехийра шайн-шайн рогΙехь шина мехкан дозанаш. Шаьш-шайгара деш а дацара цуьнан хьокъехь къамелаш – дехьа я сехьа бахьанаш лилхича деш хуьлура уьш. Кхааммо а, гΙалгΙай а, нохчий а вежарий бу, царна оьшуш яц юкъахь лекха керт, тоьур ду гΙеххьа ринжа хилича а, олура.

Цуьнан коьрта бахьана дара, шина къоман векалша юкъ-кара латтанашца доьзна хΙума юкъадоьлча, шайна, дозанаш а ца хьехош, вежаралла хьалха а даьккхина, ΙадΙар атта дуйла кхетош хилар.

ХΙунда аьлча, хала дац, гΙалгΙашна а, нохчашна а, вовшашна шаг а белла, лаьттах зил тоха. Амма ворхΙа дегара дуьйна схьа, муьлхха а бохам тΙехΙоьттича, белшах белш а тухий, цхьа бΙо а хуьлий, дΙахΙуттуш а, хΙитта дезаш а хилар хьалха долура кхетамехь, оцо дижадора дуьненан рицкъано тесна питана. Марзонаш мел худаелча а, дозанаш а доцуш, цхьана жуларахь Ιар шайн ницкъ буйла кхеташ хиллачу нохчочун а, гΙалгΙачун а дегнаша магош ца хилла царна я доза къовса а, я, и къовсам берзош, шайн бΙаьвнаш, Ιин а даьккхина, шашахъяха а.

Цундела тахана Кадыров Рамзаний, Евкуров Юнус-Бекий айдинчух кхаьрда шина а къоман нах.

"Вайнах къестош верг мостагI ву..."

Бакъоларъярхо Хазбиев Мохьмад кху деношкахь юха а хьийзош ву, ша а вежарий а лецарца, царна тΙехь гΙелоярца, цо, ийза а ца луш, шен критика кΙел латточу Евкуровс.

Хазбиевс иштта мах хадабо нохчийн а, гΙалгΙайн а куьйгалхоша дозанаш дуьйцуш айдинчу гΙуллакхан.

ГIалгIайчоь -- Несарара бакъоларъярхо Хазбиев Мохьмад, Moскох, 15Мар2009
ГIалгIайчоь -- Несарара бакъоларъярхо Хазбиев Мохьмад, Moскох, 15Мар2009
Хазбиев: "Тхо вежарий ду, тхуна юкъахь доза хила оьшуш а дац. Тхан шина къомана юкъахь долу доза БуьритIера Дагестанна тIекхаччалц ду, хьалха дIааьлла, лаьтташ дара. Цундела вайн барт, вайн вежаралла дохо йиш яц, бохуш лелла къонахий, хIинца оцу провокаторшна тIаьхьа а хIиттина, цаьрга ла а доьгIна, дIабаха йиш яц.

Шайн дегабаамашший, Евкуров Юнус- Бека дуьйцурггий, Рамзана (Кадыровс) схьаден къамеллий, иза, Кремлера схьа телефон а тоьхна, стоп, аьлча, соцур долу къамел ду. Амма и "стоп" ца олуш Iа. ХIунда Iа? Провокаци оьшу дела Iа. Вай вовшахлатийта оьшуш Iа.

Вай даха хевшича, вайн меттиг тоелча, вайн хьал тоделча, ца деза дела деш ду дерриг а. Шоданний, пираьнка кховдоранний методаш ю. Вай, тухий, охьахIаллакдеш - гIишлош йойтуш, охьахIаллакдеш - гIишлош йойтуш... Изза дан бохку-кх хIинца а. Дала мукъалахь, церан лаам тоьлур бац.

...Кхузара ден къамелаш а нийса дац, цхьана а стага хаьржина а воцуш, гIалгIайн къомана коча тесна волчу Юнус-Бека ден къамел гIалгIайн къоман цIарах а дац. Тхан маьждигашкахь хIора рузбанахь оха Деле боьху барт, машар. Имамаш, орца дала, вайн барт бохош лаьтта, бохуш, боьлху. "Дела неIалт хуьлда нохчийн, гIалгIайн къаьмнашна юкъа питана туьйсучарна, йозуш йоцчу сайташкахь, кхечанхьа и зулам дечарна, Делан неIалт хуьлда шуна, Делан неIалт хуьлда шуна!" - бохуш, даггара иза кхайкхош, лаьтташ бу тахана имамаш а, махкара кхин нах а.

Нана йийна, ваша-йиша дийна мостагI вита а хууш хилла вайн дай, стаг-мостагI, гIо де суна, аьлла, керта веъча. Тахана, нохчий, гIалгIай, бохуш, къестамаш беш волу стаг Делан а мостагI ву-кх. Ишттачунна тIаьхьахIуттург а вац кхетамчохь, иза мостагIчо бен дендерг а дац".

МогIархошна хетарг

Нохчийчоьнан интеллигенташлахь дуккха а бу Кадыров Рамзанан бага ца хьуьйсу нах. Амма уьш ца хΙуьтту шайн дог-ойла ма-ярра йовзийта – йовзийтича, хаьа царна, шаьш шайн дахар кхераман четар кΙел хΙоттадой. Цундела даима а санна, и агΙо чоьтехь латто езаш хуьлу Маршо Радион. Юьззина цΙерш йохийла дацахь а, иштта ду дозанаш девнаца дийца дахарна резабоцчийн аьзнаш.

СемаьIашкара Муслим: "Ца оьшуш йолийна къамел ю-кх. Доза вай дийца даккхахь, хьуьлла Дагестанера схьаеха езаш кхо кIошт ю. Иза цхьаъ ду. ШозлагIа, уьш вай схьайоьхий, Ставрополо Шелковски, Новр-ГIала дIайоьхур ю. ГIалгIашна Пригородни кIошт дIалур яц...

Суна-м ца хаьа, цхьа ца оьшуш айдина хIума ду-кх, хIун хьаладер ду? ХIинцале провокацеш ю, хIокхо хIара аьллий, вукхо важа аьллий. Тхан юьртара, СемаьIашкара, базара лела, гIишлош ян лела ГIалгIайчу, церан меттиг ю йохош оцу къамелаша. Хьовзам бу массанхьа а..."

МогΙарчу нохчийн, я юккъерчу тIегIан хьаькамийн ойланех къаьсташ яц уьш санначу гΙалгΙайн ойланаш а.

"Дяла возлор, дош доацар ма да из!"

Дозанаш, хΙета а, вета а, ца къастийча ца довлахь, и некъ муха хила беза шена иштта хета, боху ГΙалгΙайчоьхь вехха хьакамаллехь а, депутаталлехь а леллачу, тахана жигара юкъархо волчу Манкиев Баматгирис.

ГIалгIайчоь -- Манкиев Баматгири, политик, юкъархо, Несара, 2010
ГIалгIайчоь -- Манкиев Баматгири, политик, юкъархо, Несара, 2010
Манкиев: "Кхузахь дукха эладитанаш ду, цигахь а хир ду. Эвлаяийн тIаьхьенашка а хаьттина, дан деза, дахь. Юрт кхузахь ярий, хIинца цигахь юй, бохуш... Делан возаллора, дош доцург ма ду иза".

Къилбаседа Кавказехь а, Европехь а дика вевзаш бакъоларъярхо ву тахана Ослохь веха Норвегерчу ХΙелсинкин тобан белхахо Байсаев Ιусам. Ша цΙера шина къоман дозанашна гергарчу юьртара хиларе терра, цунна дика евза дозанийн проблема. Цо шина а агΙонан ледарлонаш а, бΙегΙийла йолу амал а юьйцуш, довзийтира шена хетарг.

Имперех даьлла ун

Байсаев: "ГIалгIайн халкъана иза чIогIа халахетар ду. Цара иза тIе а оьцур дац. Со кхета а кхета царех, хIунда аьлча, Сипсу-ГIалахь, Обаргийн-Юьртахь, ГIажарехь охьа а хевшина, шайн доьзалш а кхиина, шайн бахамаш а болуш, дIатарбелла Iаш нах ма бу уьш. Царна и ловзарш оьшуш а дац, муьлххачу а халкъана санна, шайн республика хуьлийла а лаьа. Тахана иштта дацахь а, шаьш хаьржина куьйгалхо хилийта а лаьа.


Норвеги --Байсаев Iусам, бакъоларъярхо, Норвегерчу ХIелсинкин комитетан белхахо
Норвеги --Байсаев Iусам, бакъоларъярхо, Норвегерчу ХIелсинкин комитетан белхахо
​Цхьана агIор кхера а кхоьру уьш, шаьш нохчех дIатохахь, нохчий дукха хиларе терра, цара шайн маттана а, синбахамаллина а тIеIаткъам барна. Со царех кхета. Амма со ца кхета гIалгIайн элита ю бохурш, схьаоьцур вай интернетера форумаш, чаташ, арахоьцу кинжканаш, чIогIа-чIогIа оьгIазе вайн, нохчийн, истори охьа а таIош, хьаша а хьошуш, нохчийн хилла дика хIуманаш шайна тIе а узуш, лела. Оцо чIогIа дог а этIадо.

... Дозанех дерг Москох къасто деза бохург суна вуно дика дац аьлла хета. Иза вайн барт бохош хIума ду. Дала мукъалахь, и бухур бац, вай цхьа къам ду. Амма и хIума цара Москох дIалахь, цигарчара, шайн империн политика юхьар а эцна, тарло, гIуллакх гIалгIашкахьа узуш, листа. Кадыров тIех чIагIвелла, лагIван веза, аьлла, шайн империн политике хьаьжжина. Цо нохчий эгIор бу гIалгIашца..."

"Дудаев ДжовхIарна бевзара вежараллин мах"

Шаьш-шайлахь дозанаш къесттол, мехкашкахь лелачух жоп луш а, къаьмнашна луург кхочушдан мукъ карахь болуш а вац я Кадыров а, я Евкуров а. Цара айдинчунна бухахь къаьмнийн барт эгΙон гΙертачу Кремло кечйина рогΙера кийтарло ю, боху Ичкерин цΙарах цуьнан Ιедалан тΙахьалончас Лондонерчу Закаев Ахьмада.

Игналсе -- Ичкерин Iедалан куьйгалхо Закаев Ахьмад, 18Гез2010
Игналсе -- Ичкерин Iедалан куьйгалхо Закаев Ахьмад, 18Гез2010
Закаев: "1992-1993 шо, иштта хир хир ду-кх иза, ДжовхIарий (Дудаев), Аушев Русланий дозанийн хьокъехь бина сацам бара. Тахана харцонаш лелайо цу тIехь, хIетахь ДжовхIара хIоккхул мохк дIабеллера, Аушев Руслана хIара динера, бохуш, шайна дийца луъ-луучхьа, политикан коньюнктураца а доьзна, дуьйцуш таханлерчу дийне схьадеъна иза.

Амма хилларг, бакъдерг хIун ду? Русланий, ДжовхIарий куьг яздинчу кехата тIехь билгалдаьккхинера, и доза къастор дац, къастош хилахь а, юкъахь кхозлагIа агIо а йоцуш, къастор ду, аьлла.

Цундела тахана, ДжовхIара оццул кIошташ дIаелла, бохуш, дуьйцурш нийса дац.

И хаттар гIаттор вуно питане, зулам дала мегаш хIума ду. Цхьана а тайпана дийца йиш йолуш хIума а дацара иза. ХIунда аьлча, Советан зама йолуш дозанаш бахьанехь юкъадоьлла девнаш, мостагIаллаш тахана а ду Кавказерчу къамнашлахь дIадерзанза.

ХIетахь, 60, 50, 40 шераш хьалха динарг, цара шайна хеттачу агIор, раз-пурх а дерзош, декъна лаьттанаш. Оьрсийчоьно нохчашна а, гIалгIашна а товчу агIор и доза доькъуьйтур а дац, билгалдоккхуьйтур а дац. Харцо еш, эшаме хиллачуьнгахь вас юьсур ю. И вас мостагIалле ер ю.

Вайнах, ур-атталла ши ваша а, дозанаш къовсий, юкъа хIуманаш а дуьйлуш схьабаьхкина, вай чIогIа экам лелийна хIума ду оцу латтанашца дерг. Цундела тахана Кадыровс дуьйцурггий, Евкуровс дуьйцурггий, церан юкъаметтигаш галморзахъевллера аьлла, цара шина къомана юкъадуьллуш доккха зулам ду.

И цаьрга дойтуш а ду. Цхьана а тайпана, Москох аьллачул тIех а бевлла, хIума дийца баьхьар болуш я дийца йиш йолуш а нах бац уьш, цаьрга дуьйцуьйтур а дац.

Со ца кхуьуш дерг хIун ду: цара и гIуллакх хIунда айдина, Москох цаьрга и хIунда айдайтина?

Суна цигахь ши агIо го.

Хьалхара агIо: нагахь санна оцу Къилбаседа Кавказера шаьш дIадовлуш хилахь а, цхьа зил билгал а баьккхина, кханенна шина къоманна юкъа мостагIалла диллар. ШолгIаниг: зулам ца хилийта, аьлла, ГIалгIайчоь Нохчийчоьнах дIа а тоьхна, церан и республика дIаяккхар. И шиъ бен некъ бац цигахь. Ший а бац маслаIате, зулам дер ду цунах.

ГIалгIай, вай хIуъа а дийцахь а, тахана шайн кхетамца а, ойланца а кхолладелла даьлла къам ду. Уьш вайн вежарий а бу, гергара нах а бу, вай цхьаъ ду, амма ши къам ду- кх вай. Къомалла цара тIелаьцна даьлла хIума ду, уьш оцу тIера бохалур бац. Кхузткъе кхойттаза вай цхьаьнатохахь а, цхьа республика а хилла, вай дIагIур дац.

Вайн къаьмнаш, олийла вай цунах "федераци", "конфедераци", оцу бух тIехь бен цхьана пачхьалкхехь дахалур дац хIинцачул тIаьхьа. Тахана цхьа доза билгал а даьккхина хIума дахь, цунах зулам хир ду. Цундела иза чIогIа хьаштдоцуш юкъадаьккхина хIума ду.

Вай тешна ду, ЕвкуровгIар а, КадыровгIар а дIабовлу, къаьмнаш даха дезаш ду, къаьмнаш диса дезаш ду, азаллехь дуьйна вайн шина къомо схьадеъна гергарло, вашалла тахана цара юкъадаьккхинчу питане дохалур а дац, аьлла. И доха ца дайта, вешан агIор дан дезарг а деш, ала дезарг а олуш, чекхдовла а хьовсур ду-кх вай".

Хлопонин: Брейк! Стоп!

Вовший гуш а воцуш, кху деношкахь интернетехулий, газеташкахулий чуьччавахана, шина а къоме сагатдойтуш, хьийза Кадыров Рамзан а, Евкуров Юнус-Бек а, шена моггучу кепехь човхош, вистхилира пΙераскан дийнахь Къилбаседа Кавказан федералан гонан инарла-губернатор Хлопонин Александр.

Оьрсийчоь --Къилбаседа Кавказан федералан гонан куьйгалхо Хлопонин Александр, Москох, 10Чил2010
Оьрсийчоь --Къилбаседа Кавказан федералан гонан куьйгалхо Хлопонин Александр, Москох, 10Чил2010
«Ас хΙинца доьху: брейк! стоп! Юкъарлонан майданара восса ший а, тоийта вовшийн сийсазвар, йита и тема даиманенна а!» - иштта, цхьа шен амалехь, дош хьажийра Хлопонина шина шайн-шайн махкахь ша-ша баккъала а паччахь ву моьттуш хьийзачу шина куьйгалхочуьнга.

Политико, юрисдикцино, Оьрсийчоьнан конституцино, цхьана денца бехачу хьаькамаша хΙуъа а, муха а бахахь а, бΙе эзарнашкахь бу нохчашлахь а, гΙалгΙашлахь а, вайнах - вайнах бу, уьш вовшийн дозуш а доцчу къаьмнашка а бекъий, хер ма бе, гара ма баха, аьлла, хета нах. Иштачийн белшаш тΙехь лаьттина а, лаьтташ а ду вайнехан цкъачунна дамардарц хилаза дуьсуш долу вежаралла.

Ткъа и вежаралла човхийнарг, царна хетарехь, хир ву маситта эзар шо хьалха, Грецерчу Эфес-гΙалахь сийлаллехь лакхавалархьама, Артемидин килс ягорна, дуьнено тахана а наΙалт кхайкхош дагалоцучу Геростратал а вокккха мостагI. Доза тоха-м хала а дац хир ду, и тоьхначул тΙаьхьа вайнехан цхьааллах хиндерг ду-кх кхераме, боху Маршо Радиога вайнехан и юкъара гΙайгΙа мел балхабечу нохчаша а, гΙалгΙаша а.
XS
SM
MD
LG