ХIокху цхьана баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан дукхаъчу цхьанакхетаршкахь шен карарчу смартфон чу хьоьжуш, иза пIелагшца дIа-схьа тоьттуш го меттигерчу хаамийн арахецаршкахь. Сбербанкан куьйгалхо Греф Герман веана, цуьнан зорбан-конференци йоьдучу хенахь а собар тоьучух тера дацара Нохчийочьнан куьйгалхочунна, ша дукха хан йоцуш схьайиллинчу Инстаграм чу а ца хьожуш ах сахьт даккха.
Оцу сервисехула махкахошца уьйранаш а латтош, жигара болх бан волавелла иза. Инстарамехула масех де хьалха керла министр а хIоттийна цо. Ханна жима волу Тамаев Iарби хIинцачул тIахьа жоьпаллехь ву Iедаланний, юккъаралланний уьйранаш латторца.
Цхьа киIра хьалха, Нохчийчу кхайкхина бара Оьрсийчуьра а, дозанал арахьара а журналисташ. Оцу тобанца яра "Кавказский узел" сайтан корреспондент Кириленко Анастасия а. Цо тидаме диллира, шена оцу цхьанакхетарехь гира, Кадыров Рамзан мел воьлла шена марзделлачух, аьлла.
Кириленко: «Хаамийн гIирсийн форум йоьдучу хенахь Кадыровс шен смартфон тIера бIаьрг ца боккхура. Гуш дара, иза социалан машанехь Iаш вуй. Гарехь, иза Инстаграм яра. Наггахь цо шен гIоьнча кхойкхура, цхьаъ хоттуш. Оцу "Инстаграм" сайта чохь наха дукха дехарш деш хиларна, цо леррина стаг билгалваьккхина и болх бан. Оцу сайтехь цо шен телефонан ноьмер а гIаръяьккхина шега дехарш дечараьргара хаамаш схьаэца. Амма, верриг а аьлча санна, цуьнга Инстаграмм чу яздеш ву».
Нахаца Инстаграммехула тIекIаре хилар а, царна белхан меттигаш нисъяр а дика ду, амма интернетах болх а бина вахар дика дац, боху журналиста Кириленко Анастасияс.
Кириленко: «Цуьнга дукха дехарш кхаьчна нахера, шаьш балха хIиттор доьхуш. Журналистийн форум йоьдучу хенахь арахьарчу зIенийн департаментан куьйгалхочо Хаджимурадов Iисас белхан меттигаш ца хиларх лаьцна жоп луш, вела а велла, элира, и бала дIабоккхуш гIо дийр ду Инстаграмо, аьлла. Маситта минотехь дийцира цо, кегийчу наха республикан куьйгалхочуьнга дехар дича, цо уьш балха хIиттийна, аьлла. Гуш ду, къомах Кадыров Рамзанан дог лозуш хилар, амма и баланаш иштта листар хIокху 21-чу бIешера чохь беламе ду».
Журналиста Кириленко Анастасияс билгалдоккху кавказхоша шуьйра пайда оьцуш хилар социалан машанех. МогIарерчу шен махкахойх оцу тIехь къаьсташ вац Нохчийчоьнан куьйгалхо а, боху цо.
Кириленко: « Кадыровгахь ша-шех вокхавар а ду къаьсташ. Иза гуш ду цо Инстаграмме дохкучу суьрташца - говрашца а, котам кIорнешца а тIехь. Иза даима а ву ньюсмейкер. Иза хууш ду. Цуьнан Инстаграм Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсаша тидаме эцна ца Iаш, кхечу пачхьалкхашкарчу наха а эцна. Кавказхошна марзделла оцу социалан машанехь шайн суьрташ дахка, машенашна хьалха, жовхаршца, дешица, герзашца шаьш гайта.Кадыровна дозанал арахьара реза боцуш комментареш язъйо. Мухха а елахь а, диалог йолуш ю. Иза дика ду ала мегар ду, вон ду олучул».
Къилбаседа Кавказ тергонехь латтайо, масала, Livejournal сервисо. Цигара, куьйгалхой кесста-кесста богIу Къилбаседа Кавказе хьошалгIа. Шина-кхаа дийнахь лаьмнашкахь детина а, кхаьрзина а жижигаш а дуий, къоьжачу лаьмнийн баххьаш букъ тIехьа долуш, суьрташ а дохий, дIабоьлху.
Меттигерчу блоггершлахь дукха бу Кадыровх лоций яздийраш, амма хIара ю ала, Iедалан агIор цхьанна а тайпа критика яц еш, хьаькамаш хестабо массара.
Iедалан куьйгалхойх лаьцна аьлча, Кадыровна мел луьйш волчо а, даре деш хIума ду могIарерчу нахаца иза уьйр йолуш хилар, амма, изза олийла дац, боху Кириленко Анастасияс, Оьрсийчоьнан куьйгалхочух Путин Владимирх. Цо хIокху 15 шарахь, ша президент мел ву а, лачкъош ду шен доьзалх а, шех а лаьцна дерг.
Кириленко: Путинан берийн юьхь-сибат а дац девзаш. Цуьнан зорбан-секретара Песков Дмитрийс, дуккхаза дийцина, иза цуьнан бакъо ю, бохуш. Цхьа хаам баьржинера, Путинан йоIа блог йолийна, аьлла. Иза дукха сиха дIакъевлира. Иза маре яхана аьлла хаам баьржича, Къилба Кореяхь меттигера журналисташ Iедалша хьийзийра. Иза къаьмнийн менталитетан башхаллаш ю.
Кавказера куьйгалхой шайн къаьмнашна мелла а герга бу. Иза а уьйр ма ю. Ткъа Путинах ас оппозицийн амалехь эр ду: иза а, цуьнан го а ханна Iедалехь бу, цундела царна шайн кхерамазалла Iалашъян лаьа, архаш шайгара дIайовлахь, шайгара бахам гучубалахь нахехь оьгIазло кхиарна кхоьру. Цундела Путинна шен дахарх ца дийцар гIолехьа хила а мега».
Цхьана Нохчийочоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана пайда эцна а ца Iа социалан машанех. Лулара гIалгIайн куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек а ву ма хуьллу шен болх интернетехула бовзийта гIерташ. Цу тIехь болх беш массийта белхахо ву цуьнан.
Нохчийчу хьошалгIа а веана, ХIинжа-ГIала ша дIа ма вахханехь, Инстаграм схьайиллина Дагестанан куьйгалхочо Абдулатипов Рамазана а. Цу чу диллина цо ша Кадыров Рамзан волчохь даьккхина сурт.