Нохчийчохь а, ерриг Къилбаседа Кавказехь а йолчу лакхарчу доьшийлийн мах хадош, Оьрсийчоьнан дешаран а, Iилманан а министаралло, леррина говзанчийн тоба а кхоьллина, хIиттийначу зераша гайтинчу жамIашца регионера дукхахйолу университеташ а, институташ а дIакъовла еза. Вуьшта аьлча, церан болх эвсаралла лахара йолуш, санехь бац, аьлла, сацам бина Москохарчу Iилманчийн тобано.
ГIIаддайначийн, ледарчийн могIара ехкина Нохчийчохь ю мел боху доьшийла, уьш Советан Iедал долуш пачхьалкхехь даладелла доьшийлаш ю баьхнехь а. Тоьлла лоруш хилла Миллионщиковн цIарх йолу Соьлж-ГIалара мехкадаьттан институт а яц хIинца йита магочех.
Оьрсийчоьнан дешаран а, Iилманан а министараллин говзанчаша, кхел кхайкхош санна, Iорадаьхначу зерийн жамIаша бахархойн йиш йохийна ца Iаш, йоккха гIовгIа яьккхина Iилманчийн гонехь а.
Цу хиламан зов дIасадаьржина цхьацца Москохарчу юкъараллин цхьаьнакхетар-боламашкахь а тIехь. Комиссин сацам буххера дуьйна харцо санна туьдачех цхьаъ ву Оьрсийчоьнан студентийн профсоюзан хьаькам Казак Алексей.
«…Кхузахь дика тергалло Къилбаседа Кавказана дуьхьала, къоман политикаца бIоста нислуш йолу харцонаш. Ма-дарра аьлча, цара чIагIдо Кавказехь йоза-дешар Iамор буххера дуьйна эвсаре а я санехь а цахилар. Цхьаболучарна моттарехь, хьун а, лаьмнаш а дика хьехархо хир ву къоначу кавказхошна, шайн ненан маттахь доьшийлашкахь хьоьхуш болчу педагогел а».
Ишта къамел до студентийн профсоюзан хьаькамо Казак Алексейс. Цо лакхара мах хадабо Соьлжа-гIаларчу Пачхьалкхан университетан а, цуьнга терра лахар мах хадийначу ГIебарта-Балкхаройн пачхьалкхан юьртабахаман академин а. Цунна хетарехь, нохчийн университет тоьллачех цхьаъ ю Къилбаседа Кавказехь а. Цундела Казак Алексей тешна ву Оьрсийчоьнан министралло нохчийн университетан болх шеконе биллар, кIоршаме, нисдан йиш гIалат ду аьлла.
Нохчийчуьрчу доьшийлийн хьокъехь Москохарчу говзанчийн тобано дина зераш
дахарна гена хилар, цара бакъсурт гайтаран метта, харц хьажам чIагIбеш хилар билгалдоккхуш, угаре хьалха вайнехан Iилманчех хааме яьллачех ю Нохчийн пачхьалкхан университетан Iилманан проректор Мазаева Тамара. Иза даррехь реза яц шайн доьшийла кхечеран могIаре хIотторна.
«Кхечаьрца ларалуш ю тхан вуз а. Ши тIом лайначул тIаьхьа… Тхан университет ерриг йохийна яра, лабаратореш аьтта хIаллакйина, белхахой бевдда, Iилманчаш дIасабахна… БархI шо хьалха юхакхолла йолийна тхан университет. Тхов боцчу, йовхо йоцчу хIусамашкахь, коре чIурамаш а тоьхна, къизачу хьелашкахь белхаш бина оха масийтта шарахь… Тахана тхуна Москохарчу а, кхечу кIоштерчу а доьшийлашка нисса цхьа барам-бустам хIоттор нийса а дац, я гIиллакхе а дац».
Цу кепарчу дIахьедарца хааме яьлла университетан Iилманан проректор. Цхьа кIорге а йолуш зераш дан а, цул тIаьхьа Iилманан белхаш зорбане баха а, - боху Мазаева Тамарас, - кху заманан лехамашна жоп луш, гIирс-коьчалш еза. Масех шарахь тхуна мичара хир ю уьш? - хеттаре юьйлу Iилманча. Цо дийцарехь, Нохчийчохь тIемаш бу бохуш даьржина, эладита санна хабарш хиларна, кхечу пачхьалкхера кегийнах ца хIуьтту тахана кхуза деша бахка а.
Карарчу хенахь Нохчийчохь даьржина хабарш ду, Соьлжа-гIалара доьшийлаш дIакъовла а сахьт дац, бохуш. Цу хиламо йиш йохийна, ладегIамехь кхобу бахархойн а. Стенна аьлча, цара дика кхетадо, нагахь баккъал а уьш дIакъовлахь, шайн бераш деша хIиттош шаьш мел къахьега деза. Къаьсттина, царна гергахь, деккъа цхьана уьш нохчий хилар бахьанехь, халонга дер ду, геналлехь долчу берашка ладегIар.