Доккха хΙума кегийчу хΙуьмалгаша гойтуш ма-хиллара, кегийлагех лаьцна къамел дира Маршо Радионо Бельгерчуй, Норвегерчуй, Автрерчуй нохчашца.
Буй Европерчу бахархойн корех, Оьрсийчохь санна, буса я дийнахь къолахо чу ца валийта тоьхна аьчка гураш, шу дехачу гΙалара я юьртара администраци террорхойх ларъеш, юй царна хьалха хΙиттийна тΙулган я аьчка дуьхьалонаш?
Оцу хаттарна иштта жоп ло Бельгехь вехачу Алиев Идриса.
Бухарчу европахойн, аьлча а, скандинавийн «боьха» леларо, гΙиллакхаш «дацаро» мел гΙело йо шуна, дара рогΙера хаттар. Цунна жоп ло Норвегерчу Бярумсверк-юьртахь вехачу Хьасана. Иза цецвуьйлу, Маршо Радионо «цакхетарг а хилла» шега хаттар дарх а.
Къамел динчу кханнехь а марсабелира Кадыровс дуьйцург дош доцийла гайта лаам. Делахь а, жоп доцца хилийта, Европехь дин дезачу бусулбанна мел маршо ю я яц, дуьйцуьйту оха. Австрера Ибрагимов Висита.
Кадыров Рамзана европахошна аьлларг, шайна аьлча санна, стенна новкъадогΙу Австрехь, Норвегехь, Бельгехь вехачу кхаа а нохчочунна? ДогΙу новкъа, Кадыровс шен аьттонна, аьттехьа а доцург дийцарна а, цо боьха ю бохуш гезйохучу Европано шаьш муьлхха а Оьрсийчоьнан вахархо хьеггал дика кхобуш хиларна а.
Делахь а, бехкбуьллийла деца вайн Кремло нохчий шен олаллера ца бовлийта царна тΙевиллинчу Кадыров Рамзана шена хеттарг дийцарна – цуьнан белхан декхар ду иштта къамелаш дар. Цу тΙе, хууш ма-хиллара, тΙех дуьне довззал ишколаша я кхечу Ιилма лучу меттигаша ницкъ бина стаг а вац Кадыров.
Бакъду, и санна, шен гергарнаш, нана я йиша, Германе дарбан хьукматашка кхуьйлуш нислучу, я масала, Чехерчу Мимон-гΙалахь Кадыровс санна, евро-миллионаш мах болу шен говраш Европехь кхобучунна ца догIура цигарчу бахархошна а, цигарчу гIиллакхашна а лен. Амма Кадыров Рамзан – Кадыров Рамзан ву. Цунна мега иштта къамелаш дан. Цо уьш дора аьлла, цунна бехк буьллуш стагга а вац. Массарна а хаьа, дац иштачунна бехк буьллийла!..