Кепекашкахь лучу алапах нохчий хене бовла гIертачу юкъанна, махкахь динан хIусамаш хIиттош хьийза Кадыров
Бахана бутт балле Шелахь хьафизийн хьуьжар йилла йолаяйтина Кадыровс (250 мутаIеламна деша меттиг хир ю цигахь). Кишин Кунта-Хьаьжин мурд хиллачу Дурди-Шайхан цIе лелор ю цо. Схьайоьллур ю тIедогIучу шарахь.
Шен цIарах маьждиг
Хьафизин школаш махкахь ишта а яц кIезиг – Соьлжа-ГIалахь, Устрада-ГIалахь, Хьалха-Мартанахь, Гуьмсехь, иштта ярташкахь – ЦIоьнтарахь, Бенахь, Пхьачахь (Нажи-Юрт). Уьш яхка ахча делларг ю хьал кхачош йоцу, Нохчийчоьнан куьйгалхочун ненан Кадырова Айманин карахь йолу Кадыров Ахьмадан фонд.
Соьлжа-ГIалахь схьайиллина рогIера хьуьжар -Ал-БухIарин цIарх йолу "Дар-ул-Хьадис". Хьадисийн Iилма кхоьлларца гоьваьлла Iеламча ву Ал-БухIари. Кхаа гIишлох лаьтта хьуьжар – доьшийла а, юкъараIойла а, кхачан цIа а. Цхьана муьрехь 250 мутаIеламан доьшийла ду цигахь.
Шелахь юьллу хьафизийн школа а, "Дар-ул Хьадис" хьуьжар а йоцуш, 5 эзар стагна лерина маьждиг а ду Нохчийчохь дан кечдеш. Устрада-ГIалин агIор Соьлжа-ГIала боьдучу новкъаца Iеламчин Хаджимурадов Даудан цIарх хир ду иза, Нохчийчохь - 1094-гIа.
Махкарчу хIора 1400 вахархочунна кхочу цхьа маьждиг. Хьужарш ю Нохчийчохь 19, царех цхьаъ зударийн, цхьаъ – онлайнехь Iамош.
Олуш ма-хиллара, маьждигаш, хьужарш хIитториг ю Кадыров Ахьамадан цIарх йолу фонд. Цундела муьлхха а и тайпа объект массо а агIор йийцаре еш нисло шеца Кадыров Рамзанца. Кхеташ ду, иза ву ен меттиг къасториг а.
Дина долуш лаьтта Оьрсийчохь уггаре дукха нах чухоьуш хиндолу Шелара маьждиг (20 эзар стагна). ЦIе лелор ю цо Кадыров Рамзанан. Иза кест-кеста воьду белхашна тIехьажа, проект "шаръян" – визит хIоразза а гойту мехкан телевизионаша.
Кадыровн Ахьмадан фондах
Нохчийчоьнан куьйгалло ца хьулдо ша "бусалба динан гIортор" хилар. Иза федералан центро магорца леладойла хаьа массарна а. Малхбале кест-кеста воьду Кадыров, хуьлу цуьнца некъа-накъостий тележурналисташ, цара, деза-доккха адам дой, вуьйцу Рамзан Ахматович. Оцо кхуллу Кадыровна Оьрсийчоь бусалба дуьненах дузуш волчу стеган имидж.
Амма кхин ойла ю, масала, Нохчийчоьнан пачхьалкхан университетерчу хьехархочун Б. Мовладин – мелхо а, Кремло бо Кадыровна ишта васт кхолла аьтто. Iаьрбийн шайхаша Нохчийчу ахчанаш хьийсор дацара, Кремло гаранти луш ца хилча, аьлла хета хьехархочунна.
Уггаре чIогIа къевлина кхобучу структурех ю Калыровн фонд. Прессо гIара эккхийтича бен ца яржийра цо шен харжех йолу информаци. Амма хоуьйтуш дац 2010-2016-чу шерийн документаша, стенгара даьлла ахча, мел дIасахьежийна фондо.
"Кавказ.Реалиино" теллира хьалхо, муьлха объекташ ша хIиттийна боху фондо, ткъа стенгара даьлла ахча баккъал а. Масалан, Аймани Несиевнас куьйгалла дечу структураша йиллина Девкар-Эвлара 480 дешархо чухоьу школа, чIагIдора махкарчу Iедало, ткъа баккъал а иза йилла хьажийна ахча дара бахархоша лучу йолах кхуьучу Iедалан бюджетера.