ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьаькамийн жоьлгалла, Кадыровн шогалла...


Кхаъбалар
Кхаъбалар

Нохчийчохь баккхийчу хьаькамаша латтанаш нахана мехах дохкар а, цара кхидолу зуламаш лелор а Ιорадаьлла. Уьш мехкан администратора Кадыров Рамзана балхах бохош тешаш хилира махкара телехьевсархой.


ХIоразза а меттигерчу телевизионехь лаккхарчу даржхошна дов деш я царах цхьаъ республика куьйгалхочо Кадыров Рамзана балхара дIавоккхуш, къамел дечу хенахь, нах хьовсу цуьнга ша цхьана блокбастере санна. Цхьана хIуманна тIехь шегара ямартло я балха тIехь ледарло гайтинчу стагаца къамел доца ду цуьнан.

ПIераскан дийнахь Iедалхошца шен хиллачу цхьанакхетарехь даржера гIар-татанца вохийна Нохчийочьнан латтенехула а, бахаман юкъаметтигийн а министр Лечхаджиев Супьян а, Хьалха-Мартан кIоштан префект Махчаев Супьян а. Ший а даржхо балхара дIаваккхар бахьана ду бозбунчаллаш лелор а, ахчанашца кхаъ эца гIортар а. Лечхаджиев Супьянна дуьхьал туьхира, цо, стенггара а даккхий, ахча даккха, бохуш, шен белхахой хьийзош хилла, аьлла.

Кадыров Рамзан: "Къамел деш ву хIара шен белхахочуьнга, "соьга ца хоьтту, болх беш ву хьо я вац. Ахча схьада, олу соьга. Ас шуьга ахча даккха 85 объект елла, ткъа аш суна ахча дахьаш дац". Дийцахь, Лечхаджиев, хьан боху хьоьга ахча дан?"

Лечхьаджиев Супьян: "Рамзан Ахматович, сайн белхахошца ас йинчу итт цхьанакхетарехь динчу къамелийн кийсакех вовшах а тоьхна, суна йина ямартло ю иза, сан гIовсо".

Кадыров Рамзан: "Хабар ма йийцахь! Ахча даккха 85 хIун объект ю ахь цаьрга елларг? Нахана болх бан меттигашаш дIа а лой, юха, хIара бакъо а йоцуш йина ю ахь, олий, ахча лахьаде бохуш и нах хьийзабо. Лечхаджиев, хьо министрийн даржера дIаваьккхина ву".

Хьалха-Мартан кIоштарачу префектна Махчаев Супьянна бехке дуьллу, иза ягорган станцин долахочуьнгара 2 миллион сом даккха гIерташ хилла бохург. ДIаваьккхина волу ший а даржхо оцу цхьанакхетарера араваьккхира, мукъа ву шуьша, аьлла.

Оцу хиламца мел доьзна ду хууш дац, амма Хьалха-Мартан кIоштахь хIокху деношкахь Iедалхоша жигара баькхкина, низамаш а дохош, нахана декъна я цара дIалецна долу латтанаш юхадерзор. ГIойчуьра вахархочо Iисас дийцарехь, цкъачунна кIеда-мерза, латта мукъадаккха, олуш ду.

Iиса: "Шаьш дIалецна а, чуийзийна а йолчу меттигашна тIаьхьабевлла лелаш бу-кх юьртдай, улле бевлла полисхой а. Ши-кхо де хьалха сан лулахочуьнга а меттиг дIахеца аьлла. Ас йоьхкина цхьа меттиг яра, эцна яра иза ас а, дIахеца аьлла иза долахочуьнга. МартантIехь а лелаш бу, боху, уьш.

Шайн агIор, хьалхамартанхой а бу хууш, шайн куьйгалхо дIаваьккхинийла. Амма иза иза цхьа къоман къайле йолуш санна, цхьа а комментари а ца йо цунна.

Латтанаш декъарца даржхоша, башхалла а яц, лакхара я лахара, бозбунчаллаш лелош хилар - Нохчийчохь лачкъийна хIума а дац. Кхечарех башха къаьсташ бац Нохчийчуьра хьакамаш. Болх, шайн киса дуза, аьлла, шайга белча санна хета царна. Масех шо хьалха лаьттан дакъа лур ду, аьлла, ахча дIа а делла, ехаш ю Малика цIе йолу зуда. Ша муьлхачу юьртара ю ца хаийтар а дехна, ишшта къамел дира цо.

Малика: "Ши-кхо шо хаьлха а духкуш дара лаьтан дакъош. Соьлж-гIалин йистошкахь йолчу яьрташкахь 2-3 эзар доллар мах бу церан. 3-4 шо хьалха ас дIаделла ду 3 эзар доллар. Иза хир ду я дац хууш дац, я ахча а дац юхалуш".

Махкахь латтанаш декъар низамехь дIахьош хилар талла долийча дуьйна схьа сацийна ду даржхоша латтан дакъойх кхаьънаш эцар, амма тIехIоьттина марха дIа ма елли, юха а иза дийр хиларна шеко яц Маликин.

Нохчийчоьнан премьер-министран дарже хIоттийна юьртбахаман министр хилла волу Эдильгереев Абубакар. Иза ханна къона хилар а доцуш, цуьнан белхан похмIалла лаккхара ду, бохуш, маххадийра республикан куьйгалхочо. Цунна хетарехь, юьртбахаман декъо махкахь хIокху шерашкахь лаккхара жамIаш гайтина. Ткъа мцкъадаьллачу юьртбахаман министран дарже хIоттон там бу ТIехьа-Мартан кIоштахь префект волу Дадаев Муса.
XS
SM
MD
LG