ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нах байинчу машенца Кадыровн шича хиллийла хаьа Нохчийчоьнна


Кадыровга куьг-бехке волчу шен шичина таIзар цадар доьху некъан хьовзамехь бийначу доьзалан хьалханчаша

Кху беттан 4-чу дийнахь Соьлжа-ГIаличу боьдучу новкъахь (Ханкальская урам), инзаре ирчачу хьовзамо хIаллакбира къона доьзал. Жигули хьаьшна, тIеттIаяхийтира тIекхеттачу Мерседесо. Зуда а, цуьнан кхо шо долу йоI а (полицин хаамехь – ши шо долу) елира эццахь, ткъа де-буьйса юкъадоьлча дIавелира доьзалан да а. Кхуьй а дIадоьллина Гуьмсан кIоштарчу Жалкхехь. Мерседес лелош хилларг вевзира наханна – Шелан кIоштан куьйгалхо Ибрагимов Турпал-Iела, Кадыров Рамзанан шича.

Юкъаралло тергалдора Iедало дендерг: нахана дагадогIу шо хьалха Кадыровс некъа тIехь нах байинарг террорхочун могIара ваьккхинийла. Некъахьовзамна бехкеверг ша даржера а вохор ву, таIзаре а верзор ву, иза милла а хиларх, баьхнера цо.

Амма, таIзар деш гучу метта, махканна го куьг-бехкечунна Кадыровга къинхетам боьхуш. ХIан-хIа, лурвоьллачун гергарнаш бац дехаре бевлларш – беллачу доьзалан дайн цIарх ду деш дехар. Оцу наха Кадыровга яздина дIахьедар арахецна ГIуран-беттан 13-чу дийнахь Iедалехьа йолчу сайташа.

ДIахьедарехь йоккху бохам баьккхинчун цIе ма-ярра – Ибрагимов Турпал-Iела. Беллачийн гергарчара доьху мехкан куьйгалхочуьнга, таIзар ца деш, даржехь витар Шелан кIоштан да. Вийначу доьзалан ден дас боху шен а, шен гергарчийн а цIарх, шаьш чIирах хьалхавоккху, вуьту бехкениг.

Кхеташ ду, эшам хилла агIо къерахилла шаьш вирд доккхучу Виса-Хьаьжин мурдаша бинчу сацамна (и вирд къаьста уьйрехь а, шайн устазан тIаьхьенна луучунна тIехь соцуш а хиларца). Коьртаниг ду велларг ша а, цуьнан да а оцу вирдера хилар.

Видеоно гойту Вис-Хьаьжин мурдаша Кадыровн хьехамчина Шахидов Адамна хьалха ден къамел. Вистхуьлучо вирдан цIарх хоуьйту шайца шайн устазан Виса-Хьажин кхуьй а воI вуйла (иза деза лара догIу, хIунда аьлча, царех цхьаъ вирд-вежарий а балош веана ша вехачу Казахстанера Жалкхерчу тезета). Къамелдечо хоуьйту шайца цхьаьна Кадыровга дехардан кхечу шайхан, Таумирзаев Чиммирзин, тIахье а еанийла. Видео чохь цара массара а вуьтуш ву чIирхо.

Нохчийчохь айдина дуьйцура доьзал хIаллакбинчу стеган, Кадыровн шичин, лелар (Турпал-Iелин наний, Рамзанан наний йижарий бу). Бехк доьналлица тIеоьцучу метта, некъан хьовзамна тIенисбеллачу нахера телефонаш дIайохуш хьийзира Шелан кIоштан куьйгалхочун ха. Цул сов, кху беттан 5-чохь Ибрагимовн гоно теллира бохам хиллачу меттигна герга лаьтта хIусамаш, ду я дац нехан гаджеташ чохь хьовзаман видеотоьшаллаш. Делахь а, кхиина цхьадолу суьрташ интернетехула даржа.

Тамаше дара – хир дуйла кхетташехь – мехкан куьйгалло Шелан кIоштан да инцидентан декъашхо хилар хьулдар. Нохчийчоьнан полицино ша некъахьовзам хиллийла лачкъа ца дира, амма машен лелош хилларг Ибрагимов вац, цуьнан маьхча ву, элира: "Шелан кIоштан куйгалхо хилла вац некъахьовзаман декъахь, вац цуьнца цхьа а зIе йолуш". Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бина озабезам тида торуш бу мехкан некъан инспекцин коьртехь Кадыров Рамзанан йишин воI, 28 шо долу Черхигов Идрис хилар а, ткъа иза Ибрагимовн шичин воI хилар а хиича.

Бийначу доьзалан тезет дIадаьхьна Гермачигахь, Шелан кIоштан куьйгалхочун Ибрагимовн кертахь – нохчийн Iадатехь куьг-бехкечун кертахь дерзадо некъахьовзамехь веллачун тезет.

"Кавказ.Реалиигахь" йолчу информацица, Кадыров Рамзана доладайтина шен гергара стаг витийтар: беллачийн цIийнан нах кхетийна Ибрагомовна чIир кхайкхо хьашт доцийла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG