ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Турбина - ЧIуьлга-Юьрт: харцонан юьхь йоху лецначара


Кху Iай герз а карахь Соьлж-ГIалахь а, Шелахь а полицина тIелетта кегийрхой байича, мехкан маьI-маьIIехь дукха нах лийцира.

«Новая Газето» чIагIдарехь, лаххара а 27-нна тоьпаш тоьхна. Бисина иттаннаш набахтешкахь бохку я «терроризмца», я «Шема тIаме баха кечбаларца» доьзна. Уьш хIинца кхелашка кхийла болийна.

Хьалхара дов ду луьстуш Старопромыслан кIоштан кхело, Турбина юьртарчу шинна тIехь. ШолгIаниг – Теркйистан кхело, мехкан маьI-маьIIерчу 9-нна тIехь.

Шина а девнан юкъара ду дуккха хIуманаш. Ю башхаллаш а – массарна а дуьхьал яьхна 30-гIа, 208-гIа артиклаш (зулам дан кечамбар; тIеман тоба вовшахтохар, йогIу хан - 10-20 шо).

Амма Теркйистерчу кхеле валийначу иссаннах веангара полицино герз а даьккхина, боху – 222-гIа артикл.

Турбинерчу Тазбиевс а, Тарамовс а къуьйсу

Шаьш лецначу Дечкен-беттан 21-чу дийнахь дуьйна шайна полицин № 3 (Старопромыслан кIошт) декъан полисхоша гIелойина, аьрзнаш до Тазбиева Джамлайс а, Тарамова Мохьмада а.

Маситтаммо, царалахь Беслан цIеерг а, бехктакхаман декъан куьйгалхо Магомедов Мамед а, волуш, ток йиттина, коьртах телатан тIоьрмигаш а дуьхкуш, садукъдеш, хьийзийна, шаьш боху цушимма.

Цара тоьшалла до шайна хьалха иштта хьийзийра лаьцна кхобу Лабазанов а, Бекханов а бохуш. Эпизод ялайо и шиъ «шпагате» хаийна кхабарх лаьцна.

Тазбиевс а, Тарамовс а хаийтина кхелана шайца шаьш лецна кхобучу юкъанна лелийначу кхин а массех харцонах лаьцна. Таллам болош, низамо кхачош белахь а, ца белла царна адвокаташ.

Цул совнах, Тазбиевна а, Тарамовна а духьал дов айдечу процедурехь а, дов толлуш юьллучу хенашца а маситтаза талхийна хьукматхоша бехктакхаман-процессуалан кодекс.

Теркйистехь: 9-ннан девнаца кхин а дукха ду сакхташ

1-ра шалхе. Кегийнах, талламо тIебаьхьначу бехкан кехаташа бахарехь, лецна Чиллан-беттан 8-13-чу деношкахь. Амма Маршо Радион хьостанаша иза харцдо – цара дийцарехь, кегийнах лецна кхин а ши кIира хьалха.

2-гIа шалхе. Кегийнах, царех виъ, герзаш шайца а долуш, лецна боху талламо Бена-Юьрта юккъехь, Завгаев Ахьмадна хIоттийначу хIолламна уллехь. Ткъа Маршо Радион хьостанаша, иза бакъ дац, хIора а шайн-шайн цIера лаьцна вигина, боху.

3-гIа шалхе. Талламо кегийнахера кхо тапча а, граната а яьккхина боху. Хьостанаша дийцарехь, юьхьанца «Шема тIаме баха кечлучаьргара» маса тоьпаш яьхна аьлла даржийнера, талламчас Саидов А. В.-с с тIебаьхьначу бехко цаьргахь 3 тапча а, граната карийна боху. Ткъа хьостанаша чIагIдарехь, лецначу 9-ннах цхьаьннан а хилла дац герз я шайца а, я цIахь а.

Старопромыслан кIоштарчу кхелехь Тарамов а, Тазбиев а талламо шайна тIебаьхьна бехкаш харцбан бахьаро ир-кара хIиттийна Теркйистерчу кхеле балийнарш а.

Церан цIерш: Алимханов Аслан, Асхабов Джамбулат, Алиев Шемал, Дачаев Iиса, Гайрбеков Хьусайн, Гайрбеков СаIид, Саралиев Ислам, Китаев Мохьмад, Юсупов Артур.

Шинхьа а кегийнах бехкебо, уьш Шема а бахана, цигахь тIом бан бохкуш хиларна.

(Далийна факташ тIечIагIдеш тоъал материалаш ю Маршо Радион редакцехь).

Старопромыслан кIоштан кхелехь тахана дара рогIера ладегIарш, Теркйистехь хила тарло, цкъачунна болчу хаамца, кху беттан 21-чохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG