«Адамашна ницкъ барна дуьхьал йолчу комитет» Оьрсийчура Iедалшца йоьзна йоцу вовшахтохаралла ю, адамийн бакъонаш ларйечу сферехь болх беш йолу. Карарчу хенахь цуьнан статус ю регионийн юкъара юкъараллан вовшахтохаралла аьлла. Цуьнан штаб-хусам ю Лахарчу Новгородехь, ткъа цуьнан векалаллаш ю Марий-Эл Hеспубликехь а, Башкортостанехь а, дакъа ду Оренбургехь.
2009-чу шарахь дуьйна Нохчийчохь болх беш ю адамийн бакъонашларъярхойн мобилан тоба. Цу юкъахь жигара дакъалоцуш бу Адамашна ницкъ барна дуьхьал йолчу комитетан белхахой. Церан куьйгалхо Каляпин Игор баханчу баттахь хилла Нохчийчохь. Цигарчу хьолах лаьцна дийцира цо, Маршо Радионна ша еллачу интервьюхь.
Кху деношкахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира даржах мукъаваьккхира 8 бутт хьалха Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Нохчийчухула йолчу урхаллан куьйгалхо хIоттийна волу Бобров Сергей. И тема яра оха дуьххьара хьахийнарг.
Каляпин Игорь: «Со къоьруш ву, кху 8 баттахь Бобров кхиира, хьалха иза деш ма хиллара, цхьадолу гIуллакхаш хIул а дина Iийр волу талламан комитетан куьйгалхо ша хир воций хаийта. Цо гайтира, халха иза хуьлуш ма хиллара, шена тIе куьг дахьа мегаш доцу нах хир боций. Тхан юристаш гIо а деш толлуш долу, адамаш дар бахьана долу схьадиллина долу масийтта бехк-такхаман гIуллакх схьаэцча, уьш эвсара талла долийра Бобров веача.
Царах цхьа гIуллакх толлуш дIалаьцнера хьа ван мегар дац бохуш Нохчийчохь лелош волу цхьа стаг. Иза вара «кадыровцы» олучу нехах стаг... Кхин цкъа а боху аса. Суна ца хаьа Бобров даржера дIаваккхаран бахьана. Амма со кхоьруш ву иза доьзна хила мега аьлла, иза цу кепара маьрша лелар долуш хъиларца.
2010-чу шарахь Оьрсийчурча безаш болчу адамийн бакъонашларъяръоша леррина кехат яздинера цу хенахь Оьрсийчоьнан президент волчу Медведев дмитрийга. Цу тIехь дуьйцуш дара Нохчийчохь адамаш хьизош берш коьртачу декъана чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон белхахой бу аьлла.
Цу кехатан авторшна юкъахь вара Каляпин Игор а. Амма цу хенахь дуьйна хийцаделла хIумма а дац. Оьрсийчоьнан Талламан комитето Нохчийчхь беш болу болх хьалха а бацара дIоггара эвсара, хIинца иза кхоччуш саца мегаш бу аьлла хета Каляпин Игорна.
Каляпин Игорь: «Цигахь цара деш дерг хьалха а дацадIоггара эвсара, нисса дIа аьлча. Делахь а Талламан комитет Леденев волуш, къаьсттина Бобров куьйгалхо волуш, ша цхьаъ бен федералан орган яцара, эр вай, Кадыровн доттагIий ду шаьш бохучу ницкъаллийн структурашкахь лаккхарчу даржашкахь болчу нахана новкъарло еш йолу.
Ткъа цу нахаца къамелаш динчул тIаьхьа довш дара адамаш, иштта эр адара аса. Дуккха а истореш ю цхьатерра йолалуш йолу. Цу масийтта полицин дакъойн белхахоша стаг дIалоца, цуьнца къамелаш до, цул тIаьхьа стаг вов.
Цу тайпа историш вуно дукха ю. И гIуллакхаш талла хьажира Талламан комитет. Къьсттина жига иза дан долийра инарла Бобров волуш. Цундела и полицин хьакамаш даиман а Талламан комитетах ларбала безаш хилара. ТIаьхьарчу хенахь бехк-такхаман гIуллакхш дара цигахь схьадоьллуш.
Ткъа цу гIуллакхийн фигуранташ хуьлуш бара оцу полицин тобанийн белхахой. Бакъ ду! ХIинца, гарехь, Талламан комитет цигахь хIинца ша хиллачу кепехь йолчура дIаер ю".
Хьо Нохчийчохь болх беш волу масийтта шо ду. Муьлхачу агIор хийцаделла аьлла хета хьуна цигарчу бахархойн дахар? Дахар тоделла ала мегар дуй цигахь?
Каляпин Игорь: 5 Хаий шуна, цу хаттарна цхьаьна маьIанца жоп далалур дац. ХIунда аьлча, карарчу хенахь Нохчийчохь долчу Iедало I0 хьалха адамаш эзарнашкахь, лаххара а бIеннашкахь, дойуш дара аьлча, иза бакъду - бомбанаш кIеллахь а, эскархоша барам боцуш къизаллаш лилийна а, иштта да кхин а.
Иза бакъду. ХIинца иза, дац дера. ХIинца цхьа а тIемаш республикан территори техь дIахьош дац. Ткъа, Далла хастам бу, маьрша бахархой цу тIемашкахь бойуш бац. Иза бакъду! Республика коьртачу декъана юхаметтахIоттийна хилар иза а бакъду.
Бакъдерг дийцича, акцент гIаланаш санна цIенош дарна йина ю, бахархойн хIусамаш а, экономика а а меттахIитторна йина яц. Иза-м дитахь, доьхна хIума дацара. Мухха далахь а республика юхаметтаIхоттош ю. Ткъа цхьана агIор иза дика ду берриг а Нохчийн Республикан бахархошна.
Амма, 10 шо хьалха, журналист санна болх беш хьо волуш, хьан аьтто бара... эвла вахча бахархой кхоьруш бацара хьоьга муьлхха а проблемах лаьцна дийца. Масала, Оьрсийчоьнан эскархоша шайна луъург лелорах лаьцна а, шайн хIусамаш эскарша йохийна хиларх лаьцна а, зачистка дIахьош бехк боцу нах лeцна хиларх лаьцна а иштта да кхин а.
ХIинца хьоьца къамел цхьаммо а дийр дац. Цуьнан бахьана проблемаш ца хилар дац, адамаш массо а агIор кхерийна ду. Нохчийчохь лаьтташ массо а агIор кхерам хиларан атмосфера ю. Массо а кхеташ ву, нагахь ахьа тахана карарчу хенахь йолчу нохчийн администрацех, я, Дала ларвойла, Кадыров Рамзан Ахмадовичах вониг алахь, кхана буса уьш дабуьгур бу, цул тIаьхьа цIа богIур боцу къамел дан».
Хьо цIавирзича Нохчийчоь хьахош меттиг нислой хьан Оьрсийчурча бахархошца?ХIун ойла ю церан тахана цигахь лаьттачу хьолах лаьцна?
Каляпин Игорь: «Хаий шуна, цигара нах Нохчийчоьнах лаьцна цхьана а кепара хьажар доцуш хила гIерташ бу. Цу тайпа проблеман регион хилар дицдан гIерташ бу уьш. И проблемаш, ма дарра аьлча, нохчийн проблемаш ца хилар, и проблемаш Оьрсийчоьнан хилар, оха и режим кхоьллина хилар, тхан Iедало цигахь Кадыровн администраци хIоттийна хилар, терроризмаца къийсам дахьош иза ца хилча йолуш яц бохуш.
Нах къадбелла оцу темах. Царна ца лаьа Нохчийчоьнах лаьцна кхин хIумма а хаза. Царах дукъахберш вочу агIор ойла йолуш бу нохчех, кхечу агIор йолчул а. Цуьнца цхьаmна цхьа а безам бац церан нохчийн темехь. Массо а къадвелла цуьнах. Цуьнах лаьцна кхин хаза ца лаьа царна».
Нохчийчохь тIемаш доьлхуш къасттина шолгIа кIиза тIом боьдуш адамаша сатийсамца хоьттург дара маца девр ду шаьш паргIата бохург. Муьлхха а хьал мацца хийцалой а, хийцало. Сатуьйсийла ю цигахь дахар дIанислур ду аьлла. Хун дан деза наха? Маца хир ду иза?
Каляпин Игорь: "Суна ца хаьа хIун дан деза. Ца хаьа. ХIунда аьлча, суна хетарехь, тохар дина нохчийн юкъараллана, цуьнан дилханна. Нохчийн стаг кхетар ву аса дуьйцучух. Иза ламастан юкъаралла яра, ша тайпа юкъаралла яра. Цуьнан дилханна, цуьнан гIиллакхашна, ламасташна, отуш тохар дина. Цу юкъараллан дегIан дIаьахкаш аьтта ю тахана. Уьш хIаллак йина ала а мегар ду.
И юкъаралла тахана екъайелла ю, хер елла ю. Цигахь хIаллак дина ду, я харцхьа даьхна ду цу юкъараллан чулацам кхуллуш долу дерриг а нохчийн ламасташ.
Суна ца хаьа мегар ду-дац нохчийн юкъаралла, цхьацца адамаш дац аса дуьйцурш, аса юьйцург доккхачу элпаца хьахош йолу Юкъаралла ю, иза яц ала. Суна ца хаьа иштта дийца мегар ду, я дац. Амма цу хьокъехь шеко ю сан. Гой шуна, нохчочунна ницкъ беш воллу нохчо 15 шо хьалха ирча гIенахь а хала дара суна дуьхьал хIотто.
Суна дагадогIу шолгIа Нохчийчура тIом боьдуш
дукхха а нохчаша дийцина. Оьрсийчура эскарш кху чура арадевлча, Оьрсийчоьнан Федерацина юкъахь Нохчийчоь хилахь а, нохчийн низамаш лардон органаш гучуйовлахь, дерриг а дIадоьрзур ду, цхьа а харцонаш хир яц. Нохчочо цкъа а ницкъ беш хьийзор вац нохчо, нохчийчо цкъа а хьийзор вац нохчо, дина доцу зулам дина хиларна къера хила бохуш, дийцара цара.
Нохчочо цкъа а харц тоьшаллаш вовшахдеттар дац нохчочунна дуьхьал иза, террорхо ву аьлла, дукха дика иза террорхой воций а хууш бохуш, дийцара цара.
Ткъа хIинца вайна гуш ду и дерриг а хуьлуш. Иза хуьлуш ду Оьрсийчоьнан леррина сервисийн белхахоша цхьа а лоцуш дакъа а доцуш. Кхин да и дерриг а кхиамца деш берш шаьш нохчий бу шайн махкахошна тIехь. Цара иза до медалкийн дуьхьа, алапан дуьхьа, чинан дуьхьа а, даржийн дуьхьа а. Цара иза жимма а ледар ца до тIом боьдуш уггаре а вочу Оьрсийчоьнан эскаран векалша деш хиллачул а».
Цара иза до, эр дара аса, кхин а къиза а, кхин а ямартлоца а кхин а башха, нохчийн менталитет шайна хууш хиларх пайда а оьцуш, мила хьена гергара ву а хууш, муха Iаткъам бан беза а хууш. Иза, баккъалла а боьха а ду, баккъалла а ирча а ду тахана Нохчийчохь хуьлург».
Аса сих-сиха ойла йора. Нохчашна тIехIоьттинарг кхечу луларчу къаьмнашна техIоьттинехь, цара хIун лелор дара те олий?
Каляпин Игорь: «Хаий шуна, суна хетарехь, чогIа хиларан доза ду муьлххачу а стеган а, муьлххачу а юкъараллан а, муьлххачу а юкъараллан чархан а. Нохчийн юкъаралла дуьхьал тийсаелла. Иза дуьхьал тийсаелла цхьана хенахь Оьрсийчоьнан империна. Цул таьхьа дуьхьал тийсаелла Советан Iедалшна. Иза хиллехь а, хьалха санна йиса аьтто баьллера цуьнан.
Со кхоьруш ву, цу хиллачу шина тiамах а, карарчу хенахь цигахь йолчу режимах а нохчийн юкъаралла хьалха ер яц аьлла. И юкъаралла кхоччуш вовшахъяьлла ю. Иза атомаш санна дIасаяьлла ю. Иза тахана ша-ша лаьттачу адамашна тIеяьккхина ю. ТIехула тIе нах вовшен коча тесна а бу.
Со ца ваьхна 30-чу шерашкахь, со цу хенахь дуьненчу валанза вара Москох. Суна ца гина Сталинан террор. Амма аса цу хенахь лаьцна книжкашкахь дешнарг иза гIийла IиндагI ду, тахана Нохчийчохь хуьлучуьнан.
Цхьа а цхьаннех а тешаш вац. Массо а, массерах а кхоьруш бу. Нохчийн къомехь хилла долу тоьлла долу гIиллакхаш болх беш дац. Болх беш дерш ду харцхьаха даьхна долу церан метт лелош долу хIуманаш.
Масала, полисхоша дIалоцу 7 шо долу кхиазхо. Цара цунна бехке дуьллург ду тIемалошна мотт ца тохар. И бахьана долуш полицин белхахо вийна, ткъа полицин белхахой цхьа доьзал хиларна, шаьш цунна чIир кхайкхайо олу. 17 шо долу и жима стаг шаьш вуьйр ву олу чIир оьцуш, шайн полисхо вийна дела. Цул таьхьа и 17 шо долу кхиазхо тIепаза вов. Ткъа цу полисхоша сийсазаллица дIахьедар до шаьш, къамел а дина, иза дIахецна олий.
Иза ду-кх нохчийн Iадатах хилларг, хIара хьахийнарг схьаэцча. Кхин а оцу наха адамашна ницкъ а беш, адамаш а дойуш дуьйцуш дерг цкъа Оьрсийчоьнан бехк-такхаман кодекс хуьлу, юха шарIан низам хуьлу, я нохчийн Iадаташ хуьлу. Царна башхалла а дац хIуъа а дийцича а, шаьш деш долу луьра зуламаш бакъдан аьтто баьлчхьана, ца Iебаш долу шайна ахча а, хьаькамалла а дезар бакъдан аьтто баьлчхьана.
Кхин цигахь, баккъалла а аьлча, хIумма а дац. Цигахь цхьа а терроризмаца къийсам дабахьар дац, баккъалла а аьлча. Цигахь цхьа а гIайгIа яц Оьрсийчоьнан Федерацин кхерамазалла хилахьара аьлла еш. Иза дац цигахь. Цигахь ца Iебаш ахча а, хьакамалла а дезар ду».
Оццул декъаза хьал хилча цхьа а вац те цигахь Оьрсийчоьнан политикан куьйгаллина иза гайта аьтто болуш а, лаам болуш а, нохчашца хуьлчуьнан бала бацахь а, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан бала болуш пачхьалкхан нах шаьш хеташ нах ма хуьлий?
Каляпин Игорь: «Суна цу тайпа нах цигахь гина. Суна билггала хаьа цигара хьал довзуьйтуш хилар. Со цхьа а шеко а йоцуш тешаш ву инарлин-прокурор а, Талламан комитетан куьйгалхо а, Путин а, Володин а баккъалла а йолу информаци шайга кхочуш ву бохучух.
Суна иза хила мега аьлла ца хета, суна иза билггала хууш ду. Нохчийчоьнан прокуратурехь а, Талламан комитетехь а, чоьхьарчу гуллакхийн министраллехь а, ФСБ-хь а нах бу куьйгалхошка баккъалла а йолу информаци луш.
Оцу ирча хiуманех, харцонех, шайна луъург лелорах лаьцна а цара дуьйцуш хир ду шайн рапорташкахь. Аьлча а, Суна хаа цара иза дой. Суна гина и рапорташ. Халахеташ делахь а, гарехь, вайн куьйгаллана, аса буьйцурш пачхьалкхан политикан куьйгалхой бу, хета иштта бен кхин хIума леладойла дац аьлла.
Царна хета иза 3-гIчу нохчийн тIеман метта, я Къилбаседа Кавказехь терроризм латтийтаран метта хIума ду. Цхьанна, гарехь, хетачух тера ду, цу кепарxe терроризмаца цу тайпачу кепашца къийсам латто оьшуш а, мегар а ду аьлла. Сун иза иштта ца хета».