ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мотт тIамарх болийта лаахь


Германерчу нохчийн школехь, 2015
Германерчу нохчийн школехь, 2015

Ткъа чекхдевр вай Нохчийчуьрчу ярташкахула, гIаланийн урамашкахула, теле-, радиостанцийн эфирашкахула.

Урамийн цIерш – хьалха хиллачу оьрсийн маттахь, дешар школашкахь – оьрсийн маттахь, пресса – оьрсийн маттахь, цIарна дитина цхьа-ши газета, журнал доцург. Телевизионашкахь – программийн совдоккха дакъа оьрсийн маттахь. Нохчийн маттахь – цхьа эшарш, наггахь къамелаш, уьш а - эдина, воьлларг бен кхетар а воцу нохчийн-оьрсийн дешнех кхоьллина шатайпа мотт-жаргон.

Одноклассники, Вконтакте, Фейсбук, Ватсап – хаало нохчийн йозанаш оцу машанашкахь. Амма наггахь а ца караво йозанехь мелла а бакъонашна гергакхаччол мотт хууш стаг.

ТIаккха муха ца олу нохчийн мотт лечу хьоле кхаьчна?

Нохчийчоьхь, мухха а делахь а, ненан меттан гIайгIанех доглаза а, орцахбийла а дуккха бу, шайн лаам хилахь. Амма доьхначел а доьхна ду хьал махкал арахьа дехачу нохчийн къоман кхоалгIачу декъехь – Малхбалерчу, Малхбузерчу диаспорашкахь.

Оцу агIонах алссам дийца догIу, иза уггаре ледарачех хиларе терра.

Германехь ненан мотт нохчийн берашна хьоьху Дюссельдорфехь - Акуева Кийсас, Мадалова Зараа. Австрин шахьарахь Венехь йиллина, болхбеш ю нохчийн школа. Норвегехь берашна нохчийн мотт хьоьху яздархочо Эльсанов Ислама. ...Кхин дIабахбан беха а бац Европерчу ишттачу хьехархойн могIа.

Массех стаг ву берашна нохчийн мотт хьоьхуш Францехь, масала. Царех ю ерриг а Европерчу нохчийн берашна абат кхоьллина а, хьехаран Iаманташ, юкъара методика кхолла гIерташ а хьийза нохчийн лингвист Чермыханова Аза.

Муха, хIун дича цхьана хорша, цхьана кепе далалур дара Европерчу диаспорашкахь берашна нохчийн мотт хьехар, оцу балханна юкъара методика кхолла езар-кха, бохучу маьIнехь къамел хилира Маршо Радион Азица.

Иза тешна ю берашна ненан мотт хIинццехь хьеха ца болабахь, ткъа шо даьлча оцу берех нохчий баха а бух хир бац бохучух. Цундела долийра цо ша ехачу Францехь берашна хьеха методика кхолла. Хьеха ша а араелира.

Нохчийн бераш ненан маттана хераллехь, сарахь деца-ненаца ши дош алар доцург, диллина а францойн маттаца хилар Iеткъачу Чермыханова Азас и кхачамбацар меттахIоттош болх болийра шераш хьалха. Шен тидам уггаре кегийчу берашна тIеберзо гIерта Чермыханова Аза. Цаьрца болх бар эвсарехьа хир ду аьлла а хета цунна.

Малхбалерчу дуккха а нохчийн дай-наношна уггаре халаниг ду, берашца яккха хан карор. Уьш шаьш напха лохуш, балха дIасахьалхина лела, я бер церан хан йолчу муьрехь школехь, берийн бешахь нисло. Муха мукъахан бераца яьхьча пайде хир ду, стенна тIе бахийта беза уггаре хьалха берана мотт багаберзош тидам?

Чермыханова Азина гарехь, ненан мотт берашна Европехь юкъахь хьеха нохчашна новкъарло еш кхин цхьа хIума а ду – шайлахь цхьабарт бацар, жулара а бахана, массара а шайн бераш цхьана а тухуш, царна мотт Iамо, гIиллакхаш хьеха меттигаш цакхоллар.

Хан йоьду, къанлуш бу къона а болуш дуьненехула дIасабахана нохчийн дай-наной, кхечу меттанашлахь, кхечу синбахамаллехь кхуьуш ю церан тIаьхье. ХIинцца жигара а хьаьвзина, берашна шайн децIера мотт ца Iамабахь, кхана тIаьхьа хир дуйла кхетадо оцу дай-нанойн цхьана декъо.

Ишттачарна накъосталла кховдо даима кийча ю Чермыханова Аза а, и санна волу Европера массех нохчийн лингвист а. Ткъа церан къинхьегам цхьана хорша а берзийна, юкъара Iамонташ, тептарш арахеца цкъачунна нах бовларе хьоьжуш лаьтта хьал. Ала дац, иза деха иштта лаьттар ду а...

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG