Нохчийчохь бIеннашкахь туьканаш къевлина латторах официалехь дуьйцург цхьаъ ду - уьш долахь йолчу йохка-эцархойн кехат-бакъонаш, низамо ма –хьоьхху, лартIа цахилар. Амма цу дIахьедарца нийсса бIостанехьа нислуш ду шаьш долахоша а, цу туьканийн хьокъехь нохчийн юкъараллехь а дуьйцург.
Цара чIагIдарехь иттаннаш бахьанаш карадо Iедалхошна, хIара а, хIара а кхачамбацарш ду, аьлла, коча а баьхкина, туьканаш дIакъовлийта а, низамца богIуш боцу токхамаш байта а. МогIарерчу бахархошлахь кIезиг бац туьканаш дIакъовлар кху кепара туьдурш.
« Шайна хIума яккха лелош хIуманаш ду. Керла полицин хьаькам веъча, цо шена йоккху. ГIаларчу хьаькамаша шайна йоккху. Цкъа делча тоьаш дац. Массарна а кхача деза»
«Изза аьлла хеташ ву-кх со а. Базар ю-кх. ДIакъовлур ю, ахча ма дела схьайоьллур. Етт бехка-ш лаьттар бу-кх»
Кехаташ лартIа хилар бахьанехь, шен кхачанан сурсаташ духку туька дIакъевлина дукха ца лаьттина, боху Теркйист кIоштан ЧIулга-Юьртарчу махбархочо Миланас. Цо дийцарехь уьш, мел нийса хилича а, кегмерса белла а, кхаьънаш ца белча цуьнан болх дIабоьдуш бац. Чохь хIума эца баьхкина нах а болуш, цо иштта элира цу хьокъехь.
Милана: « Кехаташ лартIа хилар бахьанехь дукха ца лаьттира тхан туька къевлина. Къевлинчул тIаьхьа, некъ схьайоьллург а делира. Цкъа пхи эзар даьккхира, цкъа кхо эзар. Схьаоьхуш лаьттааш-м бу уьш».
ДIакъевлинчу туьканийн хьокъехь хеттаршка ваьлча, зеделларг цхьаъ ду: могIарера бахархой къамеле бовла хIуьттуш цахилар, цIарца шаьш бовзуьйтуш-м хIета а, вета а. Ишттачех ву хIара шиъ а.
«Сайна хууш дерг эр ду ас. Сунна хезнарг, юьртдас латтанаш а делла, кхин кехаташ а доцуш, болх беш йолу туьканаш дIакъевлина, бохуш, хезна суна. Юьртден пурбанца болх беш хилларш. Кхин цхьа хIума а ду. Боккхачу некъаца йолу туьканаш дIайохур ю, бохуш а дуьйцу.
Атто-м яц нахехь. ХIара жима туьканан бахьана ду соьгахь. БIе эзар сов декхарехь бу-кх сунна нах. Лург ца елча а ца волу. Нахехь ахчанаш дан ма дац. Ахча ца делча, дIакъовлий, делча - схьайоьллий бохург. Цунах ала сунна ца хаьа. Суна гина хIумма а дац»
«Цу туьканех суна хезнарг хIун ду аьлча, яккхий налогаш еттар бахьанехь дIакъевлина бохуш хезна суна».
Делахь а хаъал алсам бу гIаланашкахь а, ярташкахь а туьканаш дIакъийлийтар Iедало кхийдаен харцо лорурш. Цу хьокъехь къастам боллуш шен хьажам болчех ю Невран кIоштара Маржан. Цо, масала, иштта дуьйцу шен шича, долахь йолу туька дIа а къевлина, мукъаваларх.
«Шайгара шортта ахча доьху дела къевлина цхьаболчара туьканаш. Газах, тоьках мах дабелча, бол охьабиллича а ца буьту токхамаш бойтуш. Царна хуьлуш пайда а бац, цундела цара дIакъовлу-кх. Сан шича ву-кх и дIа къевлина Iаш. И схьайоьллург цуьнга 40-50 эзар охьадилла боху-кх. Цара, амал-гIад а дайъина, дIакъевлина-кх. Болх бийраш болх бан а ца буьту. Стенах йоккхур ю иза тIаккха?»
Нохчийчохь туьканаш дIакъийлар доладелла кху бIаьстенан хьалхарчу, заздоккхучу баттахь дуьйна. Официалехь кхайкха а деш, еккъа цхьана Соьлж-гIалахь болх сацийнарг яра ши эзар гергга туька а, йохка-эцаран меттиг а, кофе а. Царех ах сов кху сохьта а, Iедалхоша чIагIдарца, къевлина латтош ю, кехаташ лартIадало долахой сихцабалар бахьанехь.
«Хила ма-деззара шайн кехаташ нис а дина, Iедална йогIу ял охьа а йиллина, цара болх дIаболийча, совдегаршна кхин беш совнаха тIеIаткъам бац», - боху официалан хьостано. Амма и дIахьедар даррехь харц лору цхьаболчу туьканийн дайша. Цара кхеторехь, мел нийса лелча а, уьш, доккха са а даьккхина, денбала буьтуш бац ,тIехь йоцу ял-ясакх дIайоьхуш низамхоша а, цхьацца зераш дечу Iедалан структураша а.